b Арадаккхар 30:22-38.
Exodus 37
Бартбаран тӀорказ дар
(Арадаккхар 25:10-22)
1Акацин дечигах тӀорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара. 2ТӀорказна чухула а, тӀехула а цӀена деши лецира цо. Ткъа цунна тӀехула, гонах, дашо сара лецира 3Йиъ дашо чӀуг а йина, уьш тӀорказан беа когахь дӀатесира: шиъ – цхьана агӀор, важа шиъ – вукху агӀор. 4Акацих хьокхий а дина, царна тӀехула деши лецира цо. 5Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдехира цо, цаьрца иза лелорхьама. 6ТӀорказна тӀедуьллу негӀар дира цӀеначу деших. НегӀар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. 7Туьйсинчу деших негӀарна тӀехь шина агӀор каруб-маликаш дира Бацалиала. 8Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хӀума а долуш, негӀарца цхьаьна. 9Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негӀарна тӀедирзина дара и каруб-маликаш.Даздина баьпкаш тӀедохку стол яр
(Арадаккхар 25:23-30)
10Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. 11ТӀехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо. 12Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тӀе а дашо сара лецира цо. 13Йиъ дашо чӀуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дӀачӀагӀйира цо. 14Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь йинера. 15Стол дӀасалело хьокхий акацих дина дара, тӀехула деши а лоцуш. 16Цул тӀаьхьа стоьла тӀе хӀитто пхьегӀаш цӀеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама.Стогар бар
(Арадаккхар 25:31-40)
17ЦӀеначу деших стогар бира. Цуьнан бух а, гӀад а туьйсинчу деших динера, ткъа цу тӀехь хуьлу зезагаш (зуьгалгашца а, зазанашца а) цуьнца цхьана декъах динера. 18Ялх га дара цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор. 19Миндалан зезаган суьртехь цхьана гаьнна тӀехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу кхо зезаг дара, цу кеппара кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а дара. Стогарна тӀехь долчу ялхе а гаьнна тӀехь иштта дара уьш. 20Стогаран гӀода тӀехь а миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг дара. 21Стогаран гӀодах схьадолучу ялхе а гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг яра, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра. 22Стогарх схьайовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьана дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших йина яра. 23ЦӀеначу деших стогарна ворхӀ къуьда а, цунна лерина тукарш а, нойш а йира Бацалиала. 24Стогар а, цуьнан гӀирсаш а беш дӀадаьлларг ши пунт ▼▼Пунт – иза ялхитта кийла ю.
цӀена деши дара. Хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бар
(Арадаккхар 30:1-5)
25Акацин дечигах хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бира. Иза беакӀов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьӀӀехь маӀаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш. 26Массо а агӀор а, тӀехула а, маӀашна тӀехь а цӀена деши а лаьцна, гонах дашо сара а лецира цунна. 27Серана кӀелахь шина а агӀор деших ши чӀуг йира, шайна чухула хьокхий а даьхна, кхерч дӀабахьа. 28Хьокхий акацих дира, тӀехула деши а лоцуш.Къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу хӀума а яр
(Арадаккхар 30:22-38)
29 bКъобалваран деза даьтта а, хаза хьожа йогӀу цӀена хӀума а кечйира, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна.
Copyright information for
CheCAC2012