a Арадаккхар 30:18.
cАрадаккхар 30:11-16.

‏ Exodus 38

Дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч бар

(Арадаккхар 27:1-8)

1Цул тӀаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч бира. Иза беакӀов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара. 2Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа а йира, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхелира. 3Кхерчана оьшу берриг а гӀирс кечбира: юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. Уьш массо а цӀастанах йина яра. 4ЦӀастанах цаца бира кхерчана тӀебилла. Кхерчан хӀазарна кӀел билла безара и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш. 5Хьокхий чекхдаха цецан еа маьӀӀехь чӀагарш йира. 6Акацих дина дара и хьокхий, тӀехула цӀаста а лоцуш. 7Хьокхий чӀагарех чекхдехира, цаьрца иза лелочу хенахь уьш шина агӀор хилийта. Кхерч юкъахь баьсса бара, чухула лаьцна аннаш а долуш.

ЦӀестан юьхь-куьгдуьлург яр

(Арадаккхар 30:18)

8 aГуламан четар чу воьду меттиг йолчохь гӀуллакх деш болчу зударийн цӀастанах динчу куьзганех юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а бира цо.

Делан четаран керт яр

(Арадаккхар 27:9-19)

9Цул тӀаьхьа керт кечйира. БӀе дол еха йолчу къилбехьарчу агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш оьхкира. 10Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра. 11Къилбаседехьарчу агӀор а бӀе дол еха шаршуш оьхкира. Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра. 12Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра, царна лерина итт бӀогӀам а, итт бух а бира. БӀогӀамийн мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. 13Кертан шоралла, малхбалехьа йолчу агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра. 14Цхьана агӀор, керта воьдучохь, оьхкина шаршуш пхийтта дол еха яра, царна лерина кхо бӀогӀам а, кхо бух а бара. 15Вукху агӀор оьхкина а пхийтта дол еха шаршуш яра, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а бира. 16Массо а агӀор оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих йина яра. 17БӀогӀамийн баххаш цӀестах дина дара, ткъа бӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих динчу дӀатосургашца вовшахтесна дара. 18Кертан кевнна оьллина шаршу, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш. 19Цунна лерина биъ бӀогӀам бара, шайца цӀестан биъ бух а болуш. Церан мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра, ткъа церан баххьаш детих кхелина дара. 20Делан четар чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, гонахара керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀестан дара.

Делан четар деш дӀаяьлла коьчал

21ХӀинца Делан четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяран жамӀ дийр ду. Мусас левихошна тӀедиллира тоьшаллин четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяр. Динан да волчу АхӀаронан кӀанта Итамара куьйгалла деш дара и гӀуллакх.

22Везачу Эло Мусана тӀе мел диллинарг кхочушдеш вара ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал. 23Цуьнца Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб а вара. Иза мухӀар деш а, кӀадеш дуцуш а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир йоккхуш а волу пхьар вара.

24Делан четар деш, цунна оьшу хӀуманаш ян наха, Далла лерина совгӀат санна, деана деши шовзткъе берхӀитта пунт а, ворхӀ бӀе ткъе итт шекхал а дара
Шовзткъе берхӀитта пунт а, ворхӀ бӀе ткъе итт шекхал а – вайн лелачу барамехь иза цхьа эзар кийла ю.
, деза шекхал олучу барамехь оьзна.
25 cБагарбинчу наха деана дети ши бӀе пунт, цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта деза шекхал
Ши бӀе пунт, цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта деза шекхал – вайн лелачу барамехь иза кхо эзар йиъ бӀе шовзткъе итт кийла ю.
дара.
26 eБагарбинарш ткъа шарал тӀехбевлларш бара, уьш ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хӀораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш. 27БӀе гали дети Делан четарх бӀогӀамийн баххашна а, шаршу хьалаоьллинчу бӀогӀамийн баххашна а дӀадахара. БӀе буьхана бӀе гали дети, хӀора буьхана цхьацца хилира. 28Цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта шекхал детих бӀогӀамийн мӀерий а дира, церан баххьаш тӀе а дехкира, дӀатосургаш а йира. 29СовгӀат санна наха деана цӀаста цхьа бӀе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бӀе шекхал а
Цхьа бӀе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бӀе шекхал а – вайн лелачу барамехь иза ши эзар йиъ бӀе ткъе пхи кийла ю.
дара.
30Цунах гуламан четарна чоьхьа воллучохь хӀиттийначу бӀогӀамийн баххаш а дира, сагӀа доккху кхерч а, цуьнан цаца а, берриг а гӀирс а бира. 31Ткъа иштта оцу цӀастанах ерриг а кертана хӀиттийначу бӀогӀамашна баххаш а дира, кевнна долчу бӀогӀамашна баххаш а дира, Делан четар а, керт а чӀагӀдеш долу хьостамаш а кечдира.
Copyright information for CheCAC2012