‏ Exodus 39

Динан дайшна духарш дар

(Арадаккхар 28:1-14)

1Сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а эхангах динан дайшна Делан цӀа чохь гӀуллакх дан духарш кечдира цара, ткъа иштта АхӀаронна а дира деза духарш, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. 2Ийпад цӀе йолу тӀеюху хӀума йира цара дешин тех а, сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а эхангах а, ветанах динчу хьовзийначу тех а. 3Дуткъадеш нисдинчу дешин экъанех, хеда а деш, дашо теш а даьхна, уьш, хаза дуцуш, сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а тешна юкъалецира цара. 4Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур бира цара, цаьрца ийпадан ши агӀор цхьаьнатесна хилийта. 5Ийпадна тӀехула доьхкуш дара иза ша санна дина долу доьхка. Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а динера иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара 6Пхьераша, мухӀар тӀе язъеш ма-хиллара, Исраилан кӀентийн цӀераш тӀе а язйина, оникс цӀе йолу деза тӀулгаш хӀиттийра дашо беттанаш чу. 7Юха и дашо беттанаш ийпадан гураш тӀехь дӀанисдира цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. Цу тӀулгаша Далла исраилхой дагахь латтор бара.

Некха хьалха уллург кечъяр

(Арадаккхар 28:15-30)

8Юха, ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг бира цара. 9Иза беакӀов а, шалха а яра, йохалла а, шоралла а барамана цхьа ше а йолуш. 10Пхьераша беа могӀарехь деза тӀулгаш дехкира цунна тӀе. Хьалхарчу могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а цӀераш йолу тӀулгаш дара. 11ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а цӀераш йолу тӀулгаш дара. 12КхоалгӀачу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а дара. 13БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а дара. Дерриг а тӀулгаш дашо гураш чохь дара. 14Берриг а цу бедар тӀехь шийтта тӀулг бара, исраилхойн тайпанашка хьаьжжина. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, дӀаязйина шийтта тайпанан цхьацца цӀе яра. 15ЦӀеначу деших йина юьйцина ши зӀе яра некха тӀе уллучу бедарна тӀехь. 16Пхьераша йина дашо ши ботт а, дашо ши чӀуг а яра цу тӀехь. Ши чӀуг некха хьалхарчу безачу тӀоьрмаган шина йисте дӀатесна яра. 17Юьйцина йолу ши зӀе, чӀагарех чекх а яьхна, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмаган шина йисте дӀатесира пхьераша. 18Ткъа зӀенийн важа ши чаккхе, шина дашо батта чу а тесна, ийпадан хьалхарчу агӀор гура тӀехь дӀанисйира. 19Кхин ши дашо чӀуг а йина, некха хьалха уллучу бедаран вукху шина йисте, ийпадехьа йолчу чухула агӀор тийгира пхьераша. 20Кхин а дашо ши чӀуг а йина, ийпадан белшашкахь болу шина гурана лахо, хьалха агӀор тийгира, и гураш ийпадан доьхкарна тӀехула хотталучохь. 21Некха хьалха уллучу бедаран чӀагарш ийпадан чӀагарех дӀатесира сийначу тӀергаца. Иза иштта динера, некха хьалха уллург ийпадах къаьстина ца хилийтархьама, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.

Динан дайшна лерина кхин духарш

(Арадаккхар 28:31-43)

22Юха ийпадна бухахо сийначу тӀергӀан юьйцинчу кӀадих оба йира цара. 23Корта чекхбаккха цу обанна юккъехь Ӏуьрг даьккхира, ткъа йистош яста ца ялийта, кӀади а лоцуш, дӀатийгира. 24Обанан юьхана сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀначу-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а Ӏежан суьртехь дина оьргаш оьхкира. 25ЦӀеначу деших дина горгалеш оьхкира Ӏежашна юккъе. 26Ӏаж а, горгали а хийцалуш дара обанан юха тӀехь. И бедар Далла лерина гӀуллакх дечу хенахь динан дас тӀеюха езаш яра, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.

27АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуткъачу дуьйцинчу кӀадих кучамаш тийгира. 28Чалба а, коьртах йоьхку хӀуманаш а, чухула юху бедарш а йира оцу дуткъачу кӀадих. 29Юха дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эханган, куьцаш а деш, доьхка дира, Везачу Эло Мусага ма-аллара. 30ЦӀеначу деших йина аса яра дезачу тажана лерина, цу тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, яздинера: «Везачу Элана къобалдинарг» аьлла. 31Куйна тӀехула иза дӀаехка цу тӀе сийначу эхангах йина тӀийраг тесира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.

Болх чекхбаккхар

(Арадаккхар 35:10-19)

32Нах гулбеш болчу Делан четарна лерина болу болх чекхбелира. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша. 33Мусана четар а, цунна богӀу берриг а гӀирс а, чӀагарш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, лаха лоцурш а схьаеара. 34Четарна тӀетуху цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканех йина кхалор а, тӀаьрсиган кхалор а, дезачу цӀа чу волуш оьллина шаршу а гайтира исраилхоша цунна. 35Тоьшаллин тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а гайтира исраилхоша цунна. 36Шен гӀирсашца а, цу тӀе диллинчу дезачу баьпкаца а йолу стол а гайтира. 37ЦӀеначу деших йина, шена тӀехь кегийра къуьданаш йолу стогар а, цуьнан гӀирс а, дагош долу даьтта а гайтира. 38СагӀа доккху дашо кхерч а, нахана а, хӀуманашна а, уьш беза хилар лоруш, тӀехьокху даьтта а, хаза хьожа йогӀу, дагош долу силам а, четар чу волуш дуьхьал уллу шаршу а гайтира. 39СагӀа доккху цӀестан кхерч а, цуьнца болу цӀестан цаца а, хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, юьхь-куьг дуьлу бога а, цуьнан бух а гайтира. 40УьйтӀе дӀакъовлуш ухку шаршуш а, шайн бӀогӀамашца а, баххашца а, уьйтӀарчу кевнна дуьхьал уллу шаршу а, машшаш а, хьокхий а, нах гулбеш болчу Делан четар чохь Ӏамал дечу хенахь лело гӀирсаш а гайтира. 41Юха динан дайн духарш (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш) гайтира. 42Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, бинера исраилхоша берриг а белхаш. 43Балхе хьаьжча, Мусана гира иза Везачу Эло тӀе-ма-диллара бина хилар. ТӀаккха Мусас уьш декъалбира.
Copyright information for CheCAC2012