aАрадаккхар 12:29.

‏ Exodus 4

1ТӀаккха Мусас элира: «Ткъа уьш сох ца тешахь, Ахь со ваийтина ас аьлча? „Везачу Эло Ша ца гайтина хьуна“, – алахь?»

2Везачу Эло хаьттира: «И хӀун ю хьан карахь ерг?»

Мусас жоп делира: «Сан некъан Ӏаса ю-кх».

3«Охьакхосса иза лаьтта», – элира Везачу Эло. Мусас Ӏаса охьакхоьссира – гӀожах лаьхьа хилира. Кхера а велла, дӀаведира Муса. 4Везачу Эло элира: «Куьг дӀа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цӀога». Мусас лаьхьа схьалецира – цу сохьта лаьхьанах юха а Ӏаса хилира. 5«Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», – элира Везачу Эло.

6Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кӀайн хьаьттарш тӀехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг. 7«ХӀинца юха а куьг чета дилла», – элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг. 8«Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгӀачу билгалонах тешар бу. 9Нагахь цу шина билгалонах а ца тешахь, Нил чуьра жимма хи, схьаэций, лаьтта охьадотта, цу хинах цӀий хир ду», – элира Везачу Эло.

10ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХӀинца Хьоьца къамел динчул тӀаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац».

11Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бӀаьрзе веш верг мила ву? Со – Веза Эла вац? 12ДӀагӀо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Ӏамор ду хьуна ала дезарг».

13Мусас элира: «Веза Эла! Хьайна луъург кхиниг вахийтахьа сан метта».

14Веза Эла Мусана оьгӀазвахара, Цо элира: «Левин тӀаьхьенах а волуш, АхӀарон цӀе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогӀур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду. 15Ахьа шега аьлларг цо дӀаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Ӏамор ду шуна аша дан дезарг. 16Хьан метта АхӀарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву. 17И Ӏаса хьайн кара схьаэца, цуьнца тамашийна хӀуманаш гойтур ду ахь».

Муса Мисар-махка юхаверзар

18Шен стундена Итарна тӀе юха а веана, цуьнга элира Мусас: «Мисар-махкахь болчу сайн вежаршна тӀеваха лаьара суна, уьш дийна буй хьажа».

«Дика ду, гӀой, хьажа. Аьтто хуьлда хьан», – элира Итара.

19Муса маданхойн махкахь волуш, Везачу Эло цуьнга аьллера: «Мисар-махка юхаваха мегар ду хьуна ца кхоьруш, хӀунда аьлча хьо вен гӀерташ хилларш белла дӀабевлла». 20Шен зуда а, кӀентий а вир тӀе а ховшийна, Мисара ваха новкъа велира Муса, Делан ницкъ болу шен Ӏаса буьйна а лаьцна.

21Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хӀуманаш пирӀунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха цо халкъ дӀахоьцур дац. 22ДӀаала пирӀуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кӀант ву, Сан дуьххьарлера бер ду. 23 aАс боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан кӀант, иза Суна Ӏибадат дан дезаш ву. Ахь иза дӀа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кӀант вуьйр ву’“».

24Новкъахь дӀавоьдуш, Муса буьйса яккха сецира. Цунна тӀевеанчу Везачу Элана иза вен дагадеара. 25ТӀаккха Ципарас, тӀулгах дина урс схьа а эцна, шен кӀант сунтвира. Схьахадийна чкъор Мусан когех
Мусан когех – я иштта: цуьнан когех.
а хьаькхна, цо элира: «Ас и цӀий Ӏанийна, цундела сан майра волу хьо соьца уьйр йолуш ву».
26Веза Эла дӀавахара, Мусана
Мусана – я иштта: цунна.
хӀумма а ца деш. (Цу хенахь зудчо аьллера цунах «цӀийца волу майра», хӀунда аьлча шен кӀант сунтвинера цо.)

Дала АхӀарон Мусана дуьхьал вахийтар

27Везачу Эло АхӀароне элира: «Яьссачу ара Мусана дуьхьал гӀо». ДӀавахана, Делан лома уллохь Мусана дуьхьал а кхетта, цунна барт баьккхира АхӀарона. 28Ша ваийтинчу Везачу Эло шега аьлларг а, гайтинчу тамашийначу хӀуманех лаьцна а АхӀароне дӀадийцира Мусас. 29Мусас а, АхӀарона а, дӀа а вахана, исраилхойн къаной гулбира. 30Везачу Эло Мусага аьлларг цу нахана дӀадийцира АхӀарона. Мусас халкъана хьалха тамашийна хӀуманаш гайтира. 31Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гӀайгӀа бойла. Цунна хьалха гора а хӀиттина, суждана бахара
Суждана бахара – цхьанна хьалха кӀоргга, лаьтта кхаччалц охьатаӀар.
уьш.
Copyright information for CheCAC2012