‏ Exodus 8

ШолгӀа таӀзар: пхьидарчий

1Юха Везачу Эло Мусага элира: «Ваха а гӀой, пирӀуне Везачу Эло боху ала: „ДӀахеца Сан халкъ, цуьнга Суна Ӏибадат дайта. 2Нагахь хьо иза дӀахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу. 3Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цӀа чу а, хьо дӀавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цӀенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю. 4Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тӀехула лелар ю пхьидарчий“».

5Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхӀароне дӀаала, шен Ӏаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Ӏаьмнашна а тӀехула лаца алий. ТӀаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу». 6АхӀарона шен куьг Мисаран хиш тӀехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дӀалецира. 7Амма бозбунчаша а, шайн жиналла а лелийна, изза дира. Цара а пхьидарчий Мисар-мехкан лаьтта тӀе ехира.

8ПирӀуно, Мусага а, АхӀароне а тӀе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доӀа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дӀаяха алий. ТӀаккха ас Исраилан халкъ дӀахоьцур ду, Везачу Элана сагӀа даккхийтархьама».

9Мусас элира пирӀуне: «Айхьа хан тоха суна, маца лаьа хьуна ас хьох а, хьан уллорачарах а, халкъах а доӀа дан, пхьидарчий шун цӀенош чуьра дӀа а евлла, Нил-хи чохь бен ца йисийта?»

10ПирӀуно элира: «Кхана».

ТӀаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта.
11Хьо волчуьра а, хьан цӀеношкара а, хьан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а пхьидарчий дӀаевр ю. Уьш Нил-хи чохь бен юьсур яц». 12Муса а, АхӀарон а пирӀун волчуьра дӀавахара. Мусас Везачу Эле доӀа дира, пхьидарчий дӀаяха аьлла. 13Везачу Эло жоп делира цуьнан доӀанна. Пхьидарчий цӀенош чохь а, уьйтӀенашкахь а, арахь а елла Ӏохкура. 14Уьш оьланашка гулйира наха. Яхкалуш йолчу церан хьожано дӀалецира берриг а мохк. 15ПаргӀато яьллийла а гина, шен дог чӀагӀдира пирӀуно. Везачу Эло ма-аллара, ла ца дуьйгӀира цо Мусага а, АхӀароне а.

КхозлагӀа таӀзар: кегийра чуьркаш

16Юха Везачу Эло Мусага элира: «АхӀароне ала, шен Ӏаса лаьттах тоха алий. Лаьттан ченах берриг а Мисар-мохк дӀалаьцна кегийра чуьркаш хир ю». 17Иштта дан а дира цара. АхӀарона шен Ӏаса лаьттах туьйхира – адамашна а, даьхнина а тӀехь кегийра чуьркаш гучуевлира. Берриг а Мисар-махкахь лаьттан ченах кегийра чуьркаш хилира. 18Бозбунчаш а гӀоьртира шайн ницкъаца ченах кегийра чуьркаш ян, амма церан гӀуллакх ца хилира. Кегийра чуьркаш адамашна а, даьхнина а тӀехь яра. 19 aТӀаккха бозбунчаша пирӀуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», – аьлла. Амма дог чӀагӀделла Ӏачу пирӀуно цаьрга ла ца дуьйгӀира, Везачу Эло ма-аллара.

ДоьалгӀа таӀзар: жӀаьлийн мозий

20Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана, хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна хьалха хӀотта. Иза хин йисте гӀур ву. Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло боху: ‘Суна Ӏибадат дайта Сан халкъ дӀахеца. 21Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца хецахь, Ас хьуна а, хьан уллорачарна а, хьан халкъана тӀе а, хьан цӀенош чу а жӀаьлийн мозий хоьцур ду. Мисархойн цӀенош а, уьш тӀехь Ӏаш болу латта а жӀаьлийн мозех дузур ду. 22Сан халкъ тӀехь Ӏаш долу ГӀашан-мохк дӀакъастор бу Ас, цигахь жӀаьлийн мозий хир дац. ТӀаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла. 23Ас Сайн а, хьан а халкъашна юкъахь башхо йийр ю
Кхечу тептарш тӀехь яздина ду – Сан халкъ хьайчух шен кӀелхьардаларца къаьсташ хир ду.
. Кхана и тамашийна билгало кхочуш хир ю’“».
24Везачу Эло иштта дан а дира. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а цӀеношка жӀаьлийн мозий даьхкира. Цу мозаша хӀаллакбеш бара берриг а мохк.

25Мусай, АхӀаронний тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, кху лаьтта тӀехь шайн Далла сагӀа даккха».

26Амма Мусас жоп делира: «Иза далур дац, мисархошна дегаза хета оха тхайн Везачу Далла сагӀа даккхар. Нагахь шайна дегаза долу сагӀа церан бӀаьргаш хьалха оха даьккхича, тхуна тӀулгаш деттар дац цара? 27Кхаа денна яьссачу ара дӀа а дахана, тхайн Везачу Далла сагӀа доккхур ду оха, Цо ма-аллара».

28ПирӀуно элира: «Ас дохуьйтур ду шу шайн Везачу Далла яьссачу арахь сагӀа даккха, амма гена дӀа ма гӀо. Сох лаций доӀа а де».

29Мусас элира: «Хьо волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дийр ду ас, тӀаккха кхана пирӀун волчуьра а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а жӀаьлийн мозий дӀадевр ду. Амма ахьа а Исраилан халкъ ледан ца деза, Везачу Элана сагӀа даккха иза доьдуш, юха а новкъарло а йина».

30ПирӀун волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дира Мусас. 31Мусан доӀанна жоп делира Везачу Эло. ПирӀун а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра мозий дӀадехира Цо, цхьа а ца буьтуш. 32Амма юха а шен дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.
Copyright information for CheCAC2012