Ezekiel 10
Везачу Элан сийлалла Делан цӀа чуьра дӀаяхар
1 aТӀаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тӀехула йолчу нартолна тӀехь йолу хӀума гира. Иза саппир олу беза тӀулг санна лепара, иштта паччахьан гӀантан куьцехь а яра иза. 2 bДуткъачу кӀадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кӀегий схьа а эций, уьш гӀалина тӀе дӀасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дӀавахара. 3Каруб-маликаш Делан цӀийнан къилберачу агӀор лаьтташ дара, и стаг чкъургашна юккъе дӀавахча. ТӀаккха цхьана мархо цӀийнан чухулара керт хьалаюьзира. 4Цул тӀаьхьа каруб-маликашна тӀехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неӀсагӀехьа дӀайолаелира, тӀаккха Делан цӀа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира. 5Каруб-маликаша лестош долчу тӀемийн гӀовгӀа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара. 6Дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кӀегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тӀаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дӀахӀоьттира. 7ТӀаккха каруб-маликех цхьаммо, царна юккъехь йогуш йолчу цӀарна тӀе куьг дӀа а кховдийна, цигара кӀегий схьа а эцна, уьш дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге дӀаделира. Уьш схьа а эцна, и стаг аравелира. 8Каруб-маликийн тӀемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара. 9 cДӀахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хӀора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна лепаш яра. 10ХӀора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. 11И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа цаьрга дӀайигалора. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дӀайигалора. Еа юьхьан хӀора агӀор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дӀаяхалора, цхьанхьа а дӀаса а ца йоьрзуш. 12 dЦеран дерриг а дегӀ – букъ а, куьйгаш а, тӀемаш а, иштта йиъ чкъург а – бӀаьргех дуьззина дара. 13Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш. 14 eЦу хӀора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь – каруб-маликан юьхь яра, шолгӀаниг – адаман, кхозлагӀниг – лоьман, ткъа йоьалгӀаниг – аьрзунан юьхь яра. 15Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара. 16Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа цара шайн тӀемаш хьалаайдича, лаьттара хӀаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура. 17Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела. 18ТӀаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цӀийнан неӀсагӀина уллора дӀа а даьлла, каруб-маликашна тӀехула сецира. 19Ткъа уьш, шайн тӀемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дӀаоьхура. Уьш Везачу Элан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дӀахӀиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тӀехула яра. 20Суна дагадеара и дийнаташ: уьш Кабар-хина уллохь Исраилан халкъан Далла бухахь хилла долу дийнаташ дара. Суна хиира уьш каруб-маликаш хилар. 21Церан хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара, ткъа цу тӀемаш кӀел адаман куьйгаш долуш санна а хетара. 22Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дӀадолалучу хенахь хӀора дийнат муьлххачу а агӀор дӀадахалора.
Copyright information for
CheCAC2012