‏ Ezekiel 11

Ярушалаймана кхел яр

1Делан Сино со, хьала а айина, Делан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Ӏазуран кӀант Яъзан-ЯхӀу а, БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу а вара.

2ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна хьалха лаьтташ берш зуламе ойла йолу нах бу, цара хӀокху гӀаларчу адамашна вон хьехарш до. 3ХӀокхара боху: „Цкъачунна а вайна цӀенош ден йолу хан тӀе ца кхаьчна
Я иштта: Вай кестта юха а вайна цӀенош дийр ду.
. Цу гӀалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“.
4Цундела ахьа, адаман кӀант, царна дуьхьал Делера болу хаамаш бан беза. Вало, бе и хаамаш».

5Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цо соьга элира: «Везачу Эло иштта боху ала: „Шайна юкъахь ахьа иштта олуш ма ду, Исраилан халкъ. Хьан дагахь мел дерг Суна хууш ма ду! 6Дукха адам хӀаллакдина аша кху гӀалахь, цуьнан урамаш декъех а дузуш“.

7Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах – жижиг ду, ткъа и гӀала – яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду. 8Шу туьрах кхоьруш ду, амма Ас и тур шуна тӀехьажор ду. – Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – 9Цу гӀалара ара а даьхна, Ас шу хийрачу махкарчу нехан кара дӀа а лур ду, шуна кхел а йийр ю. 10Шу туьро хӀаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таӀзар дийр ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 11ХӀара гӀала шуна кхераме боцу яй хилла дӀахӀуттур яц, ткъа шу цу чохь долу жижиг санна маьрша хир дац. Ас шуна кхузахь, берриг Исраил-махкахь, таӀзар дийр ду. 12ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тӀедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тӀелаьцна бакъонаш аша ларйора“».

13Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таӀийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хӀаллакван воллу те?»

Йийсарехь болчарна Дала ваӀда дар

14ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира: 15«Адаман кӀант! Хьан вежарех – хьан гергарнаш болчу вежарех а, дерриг а Исраилан халкъах а лаьцна – Ярушалаймехь бехаш болчара боху: „Далла гена а бевлла, бехаш Ӏаш бу уьш, ткъа хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.

16Цундела ахьа цу нахе дӀаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дӀабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цӀа санна хир ву уьш дӀабаханчу мехкашкахь’“.

17Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дӀасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дӀа а лур ду Аса“. 18Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цӀуш схьа а гулбина, уьш хӀаллакбийр бу. 19 bАс царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тӀулган дегнаш дӀа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса. 20Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. 21Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цӀушна тӀебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

Делан сийлалла Ярушалайма чуьра араялар

22 cТӀаккха каруб-маликаш, шайн тӀемаш дӀаса а даржийна, стигала хьаладевлира, чкъургаш а царна уллохь яра. Исраилан халкъан Делан сийлаллин нур а дара царна тӀехула. 23Везачу Элан сийлаллин нур, гӀалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тӀехула дӀахӀоьттира. 24Ша хӀоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дӀабигначу нахана тӀе. ТӀаккха и сурт соьгара дӀаделира. 25Везачу Эло суна мел гайтинарг Исраил-махкара йийсаре дӀабигначаьрга дӀадийцира аса.
Copyright information for CheCAC2012