‏ Ezekiel 12

Пайхамар йийсарехь верг санна хилар

1Везачу Элан дош кхечира соьга: 2 a«Адаман кӀант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хӀума а ца хеза, хӀунда аьлча уьш аьрха нах бу.

3Ткъа ахьа, адаман кӀант, хьо йийсаре дӀавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дӀагӀо. ТӀаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду. 4Йийсарехь хьайна оьшуш йолу хӀуманаш а, хьо дӀаваха кечвеллийла хоуьйтуш, дийнахь араяха, ткъа суьйранна хьо а, йийсаре волуш санна, аравала. 5Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Ӏуьрг а даккхий, цигахула аравала. 6Царна гойтуш, хьайн ларча белш тӀе а йиллий, Ӏаржлучу хенахь дӀагӀо. Хьо муьлхачу агӀор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дӀакъовла, хӀунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дӀахӀоттийна».

7Аса дерриг а, сайга аьлла ма-хиллара, дира. Йийсарехь сайна оьшуш йолу хӀуманаш, схьа а эцна, дийнахь араехира, ткъа суьйранна, куьйгаца пенах сайна Ӏуьрг а даьккхина, бодашкахула ларча ара а яьккхина, массарна а гуш, иза сайн белш тӀе йиллира.

8Ӏуьйранна соьга Везачу Элан дош кхечира: 9«Адаман кӀант! Исраилан аьрхачу къомо, хьо хӀун деш ву аьлла, хьоьга хаьттирий те? 10ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: хӀара араяьккхина ларча – Ярушалайман баьчча а, цигахь долу дерриг Исраилан къам а ду
Я иштта: хӀара хаам бу Ярушалайман баьччанна а, цигахь долчу дерриг Исраилан къомана а.
“.
11ДӀаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тӀекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дӀа а дуьгур ду“. 12Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тӀе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Ӏуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дӀакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта. 13 cАс цунна тӀе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тӀаьхьа иза Бавеле дӀавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тӀе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву. 14Ас паччахьна уллохь мел верг – цуьнан тӀеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а – массо а маьӀӀехула дӀасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тӀаьхьавер ву царна.

15Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. 16Амма царах кӀеззиг адам Аса туьрах а, мацаллех а, Ӏожаллин уьнах а кӀелхьардоккхур ду, цаьрга кхечу къаьмнашка шаьш Суна дуьхьал мел лелийна долчу вонех лаьцна дӀадийцийта. ТӀаккха уьш кхетар бу, Со Веза Эла вуйла».

Вегош волчу пайхамаран билгало

17Юха а соьга Везачу Элан дош кхечира: 18«Адаман кӀант! Хьайн бепиг кхерарца даа, хи а мала вегорца, доьхначу дагца. 19Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гӀайгӀанца мер ду, хӀунда аьлча церан махкахь дерриг а хӀума дӀадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела. 20ХӀинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гӀаланаш хӀаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».

Керла кица

21Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира: 22«Адаман кӀант! Исраил-махкарчу наха хӀара кица хӀунда даладо: „Де дийне мел долу хан дӀайолу, хӀора сурт а дӀадолу“? 23Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дӀадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХӀора хӀоьттина сурт кхочушхуьлу хан тӀекхочу“.

24Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац. 25Делахь а Веза Эла волчу Аса Сайна ала луург эр а ду, ткъа иза кхочуш а хир ду. ТӀаьхьататтар кхин хир дац. Шун деношкахь, ва аьрха халкъ, Айса аьлларг Ас кхочушдийр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

26Соьга Везачу Элан дош кхечира: 27«Адаман кӀант! Исраилан халкъана моьтту, хьуна хӀоьттина суьрташ дуккха а шераш дӀадаьлча бен кхочуш а хир дац, хинйолчу заманах бен хьо Соьгара болу хаамаш беш а вац. 28Цундела дӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: цхьа а Ас аьлла долу дош кхин тӀаьхьатеттина хир дац, амма Ас аьлларг кхочушхир ду. Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса“».
Copyright information for CheCAC2012