Ezekiel 14
ЦӀушна Ӏамал ечарна тӀехь кхел яр
1Исраилан халкъан масех къано веара со волчу. Уьш соьга бистхилархьама охьахевшира. 2ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира: 3«Адаман кӀант! ХӀара нах шайн дегнаш чохь цӀушна тӀебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас? 4Цундела ахьа дан деза цаьрга къамел. ДӀаала цаьрга: „Исраилан халкъан Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Нагахь санна Везачу Эле хаттар дан пайхамар волчу милла а вагӀахь, ткъа иза шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Ас-Айса цунна жоп лур ду. Ткъа Сан жоп цуьнан дуккха а цӀушка хьаьжжина хир ду! 5Аса иза дийр ду, шайн цӀуш бахьана долуш Суна херабевллачу исраилхойн дегнаш юха схьалецархьама’“. 6Цундела дӀаала Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Юхадерза Со волчу, бита шайн цӀуш, букъ берзабе шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашна. 7Нагахь санна муьлхха а исраилхо я муьлхха а Исраил-махкахь вехаш волу кхечу къомах волу стаг, Соьгара жоп оьшуш, пайхамар волчу гӀахь, ткъа и стаг, Соьгара дӀа а вирзина, шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, цо ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Аса цунна Сайгара жоп лур ду. 8Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дӀавоккхур ву иза, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 9Нагахь санна Сан цӀарах харц хаам бан цхьа пайхамар Ӏехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Ӏехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса. 10Цу шинна а: хаттар дан веанчунна а, цунна жоп деллачу пайхамарна а – цхьатерра таӀзар дийр ду. 11Иза Ас дийр ду, тӀейогӀучу ханна Исраилан халкъ Суна уллора дӀа ца далийта а, къинош летош шаьш сийсаз ца дахийта а. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву’“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».Нохьа а, Даниал а, Аюб а
12ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 13«Адаман кӀант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тӀе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тӀе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хӀаллакдийр дара. 14Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кӀелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кӀелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло. 15«Соьга цу лаьтта тӀе акхарой яхийталур яра, тӀаккха цара цигара бераш хӀаллакдийр дара, ткъа и мохк баьсса хир бара. Цхьа а стаг вогӀур вацара цу махка, хӀунда аьлча массо а цу акхаройх кхоьруш хир вара. 16Нохьий, Даниаллий, Аюббий цигахь Ӏаш хилча а, – дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, Хьалдолчу Эло, – ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а цаьрга кӀелхьарбахалур бацара. Цу кхааннан шайн дахар кӀелхьардаккха ницкъ кхочур бара, ткъа и латта дассаделла дӀахӀуттур дара. 17Нагахь санна Ас, цу лаьтта тӀе тур а хьажийна, цуьнга аьлча: „Тур, чекхдала цу лаьтта тӀехула!“, цуьнга дерриг а халкъ а, даьхни а хӀаллак а дойтуш, 18ткъа нагахь санна и кхоъ цигахь хилча, тӀаккха а – дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цаьрга шайн кӀентий а, йоӀарий а кӀелхьарбахалур бацара. Шайн дахар бен оцу кхаанга кӀелхьардаккхалур дацара». Иштта боху Везачу Эло. 19«Я Аса цу лаьтта тӀе Ӏожаллин ун хьажор дара, царна тӀе ерриг а Сайн оьгӀазалла а йохуьйтуш, цигара долу халкъ а, даьхни а хӀаллак а деш. 20Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, – дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кӀелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кӀелхьардоккхур дацара». 21 aХьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таӀзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Ӏожаллин ун а – цунна тӀе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хӀаллакдархьама! 22Цхьаболу зударий а, божарий а дийна а буьсур бу, цу гӀали чуьра уьш арабохур а бу. Уьш шу долчу арабевлча, шуна гур ду церан ирча лелар а, вон гӀуллакхаш а. ТӀаккха шуна синхьаам хир бу Аса Ярушалаймана мел бинчу бохамех. 23Церан дахаран некъ а, цара дина долу вонаш а шуна гар бахьана долуш, шуьга атта садоьӀуьйту. Цу тайпана, шуна хуур ду, Ас цу нахана дина таӀзар эрна цахилар». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012