Ezekiel 15
Кемсийн таьллангах долу хьекъале дийцар
1ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Кемсийн таьлланг муха тоьлур ю кхечу диттийн гаьннел? Хьуьнхахь хуьлучу кхечу дитташна юкъахь иза цхьа бен ма яц, и кемсийн таьлланг? 3Хьоьга цхьа а пайден хӀума ялур юй кемсийн таьллангах? Цунах хьостам балур буй, цу тӀе хӀума хьалаолла? 4Адамаша и таьллангаш цӀера юкъа кхуьссу. Иза шинна а юьхьигна тӀера дика яьгча, га юккъера Ӏаржделча, цхьана хӀуманна пайденна юй те иза? 5Дагаза долчу хенахь а дацара иза цхьанна а хӀуманна пайденна, ткъа хӀинца-м, иза цӀеро, дага а дина, Ӏарждиначул тӀаьхьа, муххале а дац пайденна». 6Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Хьуьнхара кхидолчу диттийн гаьннаш санна, кемсийн таьлланг адамаша цӀерга кхуьйсуш ма-хиллара, изза дийр ду Аса Ярушалайман бахархошца. 7Со царна дуьхьалвер ву. Цхьана ханна уьш цӀерах кӀелхьарбевллехь а, хӀинца цӀаро уьш дӀакхоллур бу. Со царна дуьхьалваьллачу хенахь хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 8Уьш Суна тешаме цахилар бахьана долуш, Ас бассор бу хӀара мохк» – боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012