‏ Ezekiel 17

Аьрзунех а, кемсийн таьллангах а лаьцна хьекъале дустар

1ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Исраилан халкъана хӀетал-метал а даладай, хьекъале дустар дийца. 3Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хӀара: ‘Нуьцкъала тӀемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира. 4Цу бохь тӀера ховхачу патарех уггар лакхарниг схьа а даьккхина, иза, йохкаэцаран махка схьа а деана, совдегарийн гӀалахь охьадиллира цо. 5Исраил-махкара баганан диттан хӀу схьа а эцна, иза токхечу лаьттахь дӀадийра цо, дак-дитт ма-дерра, хина уллохь. 6И хӀу хьала а даьлла, цунах кемсийн таьлланг хилира, ша шуьйра а йолуш, амма лоха а йолуш. Цуьнан гаьннаш аьрзугахьа хьалаийзалора, ткъа орамаш цунна бухахь дара. Уьш дахделла дӀасадаханера, кемсийн таьлланго керла гаьннаш а, гӀаш а дӀадохура.

7Месала тӀемаш долу важа нуьцкъала аьрзу а яра. Ша дӀадийначу лаьттана тӀера шен орамашца а, гаьннашца а цунна тӀеозаелира кемсийн таьлланг. Цунна лаьара, аьрзуно шена хи дуттийла. 8Дикачу лаьтта тӀе, шорта хи долчохь, дӀайийнера и таьлланг, цунах, гаьннаш дӀаса а дахийтина, тӀехь стом а латош, дика кемсийн таьлланг хилийтархьама’“.

9Ала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна моьттий, цу таьлланган аьтто а хилла, иза йоккха хир ю? Цуьнан орамаш схьа-м дохур дац те, цунна тӀера стоьмаш а схьа-м бохур бац те, иза тӀаьххьара а дакъа а луш? Цунна тӀера дерриш а къона гаьннаш дакъалур ду. ТӀаккха кхин боккха ницкъ я дуккха а нехан гӀо а ца оьшу и кемсийн таьлланг озийна шен орамашца лаьттара схьаяккха. 10Ша дӀайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дӀайийначохь иза якъалур ма ю!’“»

Хьекъалечу дустаран маьӀна дар

11Везачу Элан дош кхечира соьга: 12 a«Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хӀуманаш хӀун маьӀна долуш ду хаьий шуна?“– алий. ТӀаккха дӀаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу – Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дӀабигира паччахь а, цуьнан элий а. 13Цул тӀаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цӀийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дӀавигира цо, 14и пачхьалкх, кхин хьалагӀатта ницкъ а ца кхочуш, лахахь йисийтархьама. Цу тайпана, ша бина барт ларбеш бен, и пачхьалкх латталур яцара. 15Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гӀоьртира. Цо гӀо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГӀуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тӀаьхьа, таӀзарх кӀелхьарвала?“»

16Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву – шех паччахь винчу а, цуьнан чӀагӀонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь. 17Мисар-махкарчу паччахье яхӀудхойн паччахьна тӀамехь гӀо далур дац, гӀалина гонах лаьттан гунаш дича а, тӀеман гӀирс дӀахӀоттийча а, дуккха а адам хӀаллакдархьама. 18Амма яхӀудхойн паччахь кӀелхьарвер вац, хӀунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».

19Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, яхӀудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чӀагӀонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таӀзар дийр ду цунна. 20Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таӀзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна. 21Ас хӀаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тӀемалой Аса массанхьа а дӀасакхуьссур бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».

Сатийсаран ваӀда

22Хьалдолчу Эло элира: «Баганан диттан бохь тӀера Аса-Айса зӀийдаг схьайоккхур ю.
Баганан диттан уггар лакхарчу гаьннех цхьаъ схьа а даьккхина,
иза боккхачу, лекхачу ломан боххье дӀадугӀур ду Аса.
23Исраил-мехкан лекхачу лам тӀехь дӀадугӀур ду Ас иза.
Цу гаьннах доккха дитт хир ду,
цунна тӀехь стоьмаш а кхуьур бу.
Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду,
цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду,
уьш цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр ду.
24Массо а аренгарчу дитташна дӀахуур ду
Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла,
ткъа лоха дитташ лакха дохийла.
Сийна дитт Ас дакъадо,
ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дӀахӀоттадо.

Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса».
Copyright information for CheCAC2012