Ezekiel 18
ХӀора стага ша лелийначунна жоп дала дезар
1Соьга Везачу Элера дош кхечира: 2 a«Аша Исраил-махкахь стенна даладо хӀара кица: „Дайша муьста кемсаш йоу,ткъа берийн цергаш леха“?»
3Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Исраил-махкахь кхин и кица далор ма дац аьлла. 4Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кӀентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг. 5Масала, вехаш ву, бакъдерг а, нийсо а лелош волу цхьа бакъахьара стаг. 6Цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цӀушна доӀанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло. 7Цо адамашна гӀело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хӀума а дӀало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хӀума а ло, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а ло. 8Цо, тӀера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо. 9 bИза Сан парзашца а лела, цо Сан тӀедехкинарш лар а до. Иза Сан лаамехь верг ву, цундела иза вехар а ву» – боху Хьалдолчу Эло. 10– 11«Ткъа, масала, цуьнан кӀант талорхо хила тарло, нехан цӀий а Ӏенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гӀуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь, 12я къечунна гӀело еш, цуьнгара хӀума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хӀума дӀа ца лахь, иза цӀушна Ӏамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хӀуманаш цо леладахь, 13тӀера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хӀуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь а хир ду. 14Ткъа, масала, нагахь оцу вочу стеган кӀант хилахь, цу кӀантана шен дас мел лелорг гур ду. Цо, шен дас лелорг шена гуш доллушехь, и санна долу хӀуманаш ца леладо: 15лаьмнашкахь цӀушна даьккхинчу сагӀанах хӀума а цо ца яахь, шен лулахочун зудчуьнца а иза ца лелахь, 16адамашна цо гӀело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дӀа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хӀума а лахь, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а цо лахь, 17къечун дог а ца дохош, тӀера ял а йоккхуш, цо ахча юхалург а лахь, Сан тӀедехкинарш а деш, Сан парзашца иза лелахь, и стаг шен дас лелийнарг бахьана долуш лийр вац. Иза билггал вехар ву. 18Ткъа цуьнан дас адамаш къизаллица баца а бора, шен къомах болчарна къоланаш а дора, шен халкъана юкъахь вонаш а леладора. Ша летийна къинош бахьана долуш иза лийр ву. 19Ахьа хоьтту: „Дас лелийнарг бахьана долуш кӀант жоьпе хӀунда ца озаво?“КӀант, бакъдерг а, нийсо а лелош, Сан парзаш лар а деш, уьш кхочуш а деш леларна, билггал вехар ву. 20 cКъинош летийнарг лийр ву, ткъа кӀантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таӀзар дийр дац, шен кӀанта летийначу къиношна дена а дийр дац таӀзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догӀу, вониг лелочун вон цунна бен догӀуш ца хиларе терра. 21Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац. 22Цо мел лелийна вонаш дагадоуьйтур дац. И стаг, ша дина нийса хӀуманаш бахьана долуш, вехар ву. 23Вочу стеган Ӏожалла тӀеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тӀера дӀа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара. 24Амма нагахь санна бакъахьа лелаш верг ша дӀахьочу некъа тӀера валахь, иза вонаш дан волалахь, зуламхочо ма-леллора, вехар вуй ткъа иза? Цо мел дина дика лорур дац. Суна тешаме ца хиларна а, ша къинош леторна а, и стаг лийр ву. 25Амма аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ЛадогӀал, Исраилан халкъ! Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар ма дац нийса! 26Нагахь санна Делан лаамехь верг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, вонаш деш волалахь, и хӀума бахьана долуш лийр ву. Ша лелийна зуламаш бахьана долуш лийр ву иза! 27Амма зуламхо, ша лелийначу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, цо шен са кӀелхьардоккхур ду. 28Ша мел лелийна харцдерг а хиъна, царна тӀера иза дӀаверзарна, иза вехар ву, лийр а вац. 29Ткъа Исраилан халкъо боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“Исраилхой, Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар билггал нийса дац! 30Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хӀора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тӀера дӀадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта. 31ДӀадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хӀунда деза, Исраилан халкъ? 32Со муьлххачу а стагана Ӏожалла тӀеярах там хуьлуш вац, – боху Хьалдолчу Эло. – Къиношна тӀера дӀа а дерзий, дехаш хилийша!»
Copyright information for
CheCAC2012