Ezekiel 19
Исраилхойн элех лаьцна болу тийжам
1Дала соьга элира: «Тийжам бе Исраилан халкъан элех лаьцна: 2„Хьан нана стенах тера ю?Иза стен лом санна ма ю!
Лоьмашна юкъахь Ӏуьллуш а яра иза,
циггахь шен кӀорнеш а кхиайора цо.
3Царах цхьаъ йоккха хилла,
цунах нуьцкъала лом хилла.
Иза шена ижу лаха Ӏемина,
ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура.
4Халкъашна цунах лаьцна хезира,
тӀаккха цара иза ор чу а эккхийтина,
цунах чӀагарш чекх а яьхна,
Мисар-махка дӀайигира.
5Ша эрна хьоьжуш дуй а хиъна,
шен сатийсар кхочуш ца хилча,
иза, шен кхин кӀорни схьа а эцна,
и кхио йолаелира, цунах нуьцкъала лом хилийта.
6Нуьцкъала лом а хилла,
иза кхечу лоьмашна юкъахь лела доладелира.
Иза ижу лаха а Ӏемира,
цо адамаш, цоьстуш, даа а доура.
7Иза дисина Ӏаш долчу стечу лоьмех а кхетара,
ткъа церан гӀаланаш цо ясса а йора.
Цу махкахь долу дерриг а халкъ
цуьнан гӀигӀ дарх кхоьрура.
8ТӀаккха цунна дуьхьалдевлира
гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш.
Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна,
иза ор чу дожийра.
9Цунах чӀагарш чекх а яьхна,
иза гур чу хаийра.
Бавелан паччахь волчу дӀа а дигна,
иза набахти чу доьллира,
Исраил-мехкан лаьмнашкахь
кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта.
10Хьан нана хийистехь дӀайоьгӀна
кемсийн таьлланг санна яра.
Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира,
шена уллохь шортта хи хиларна.
11Цуьнан гаьннаш чӀогӀа дара,
царах паччахьашна Ӏасанаш йора.
Иза ша леккха хьалаяьллера кхечу гаьннашна юкъахь.
Дуькъачу гаьннашна юкъахь иза геннара гуш яра лекха йолу дела.
12Амма, оьгӀазаллехь лаьттара хьала а даьккхина,
и таьлланг лаьтта охьакхоьссира.
Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо
цуьнан стом бакъийра.
Цуьнан онда га дакъаделира,
ткъа цӀеро иза дӀа а кхаьллира.
13Ткъа хӀинца иза яьссачу аренгахь дӀайийна,
хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь.
14Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цӀеро
багийна цуьнан стоьмаш.
Цуьнан шех паччахьан Ӏаса ян мегаш долу онда га
кхин ца дисина“.
ХӀара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу».
Copyright information for
CheCAC2012