aАрадаккхар 6:2-8.
cАрадаккхар 31:13-17.

‏ Ezekiel 20

Везачу Элан лаам а, адамийн аьрхалла а

1Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира. 2ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 3«Адаман кӀант! Вистхила Исраилан халкъан къаношка. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шу Сох дагадовла даьхкина? Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, шу Сайх Аса дагадовлуьйтур дац аьлла’. Иштта боху Хьалдолчу Эло“.

4Царна тӀехь кхел йийр ю ахь? Уьш бехке бе, адаман кӀант! Царна дагадаийта церан дайша лелийна мел долчу дегазчу хӀуманех лаций. 5 aДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тӀаьхьенах болчарна тӀе айдинчу куьйгаца Аса чӀагӀо а йора, царна Со дӀа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›. 6Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тӀе дӀабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе. 7Ас царна тӀедиллинера, шайна хьалхара боьха цӀуш дӀабаха, шаьш мисархойн цӀуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву! 8Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогӀа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цӀуш дӀа ца бехира, я мисархойн цӀушна букъ а ца берзийра. ТӀаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тӀе охьаӀано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгӀазалла царна тӀе яхийта а. 9Амма и хӀума Ас Сайн цӀеран дуьхьа дира, Сайн цӀе уьш юкъахь Ӏийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дӀадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цӀе ца йожийта.

10Аса уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, яьссачу аренга схьабалийра. 11 bАс царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тӀедехкинарш дӀа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву. 12 cАс Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дӀахӀиттина долу, иштта царна дӀахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла. 13Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дӀа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чӀогӀа сийсаз а дохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тӀе йоссо, уьш хӀаллак а беш. 14Амма Сайн цӀеран дуьхьа Аса иза кхочуш ца дира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадоккхуш гина долчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар. 15 dАс айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чӀагӀо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дӀабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла, 16хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш дӀа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хӀунда аьлча церан дегнаш шайн цӀушна тӀегӀерташ дара.

17Амма Ас царах къинхетам а бира, уьш яьссачу аренгахь хӀаллак а ца бира. 18Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гӀолаш шайн дайша дӀакхехьначу некъашкахула, цара шайна тӀедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цӀушна тӀе а товжий. 19Со – шун Веза Дела ву. Сан парзаш кхочуш а деш, лела, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушде. 20Ас шайна делла долу шоьтан денош дӀакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.

21Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тӀедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тӀе Сайн дералла охьаӀано а, цаьрга Сайн оьгӀазалла кхачийта а. 22Амма Сайн цӀеран дуьхьа Сайн куьг юхадаьккхира Аса иза кхочушдечуьра. Исраилан халкъ шайна хьалха Мисар-махкара арадаьккхинчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар. 23 eАса кхин цхьа чӀагӀо а йира цу яьссачу аренгахь. Айдинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йира уьш кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржо а, кхечу мехкашкахула дӀасакхисса а. 24Иза Аса дира, хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, Сан парзаш дӀа а тоттура, Ас шайна делла долу шоьтан денош сийсаз а дохура, шайн бӀаьргашца шайн дайн цӀушна тӀегӀерташ а бара уьш.

25Ас царна вон парзаш а, дахарна тӀе ца доьду тӀедилларш а делира. 26Ас магадора, шайн сагӀанашца цара шаьш бехдар – цара мелхо а шайн дуьххьарлера бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Аса и хӀуманаш дар магадора, уьш Ӏадорхьама. ТӀаккха царна хуур ма дара, Со Веза Эла вуйла’“.

27Цундела вистхила Исраилан халкъе, адаман кӀант. ДӀаала цуьнга: „Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Суна тешаме а ца лелаш, кхин ишттачу тайпана а Со дола хийтира шун дайшна. 28Аса царна ваӀданца лур ду аьллачу лаьтта тӀе уьш схьабалийначул тӀаьхьа, уьш шайн сагӀанаш даха буьйлабелира, шайна лекха гунаш я тӀехь луьста гӀа долу дитташ мосазза ги. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарца а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягорца а, чагӀаран сагӀанаш дахарца а цара Со оьгӀазвахийтира. 29Ас цаьрга хоьттура: ‹Шу тӀе оьхург хӀун гу бу?› – бохуш. (Цундела хӀинца а сагӀа доккху ‹гу› олу цунах.)’“. 30ХӀинца дӀаала Исраилан халкъе: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шайн дайша санна, аша Далла хьалха шаьш бех ца до ткъа, Суна тешаме а ца хуьлуш, церан дегазчу цӀушна тӀаьхьахӀуьттуш? 31Шайн сагӀанаш цӀушна а дохуш, шайн бераш цӀерах чекх а дохуьйтуш, хӀинцалерчу денна тӀекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“»

Дала таӀзар дар а, гечдар а

32«Аша боху: „Тхо кхин къаьмнаш санна, кхечу мехкашкара долу халкъаш санна хир ду, дечигна а, тӀулгана а Ӏамал а еш“. Амма аша бохург цкъа а хир ма дац! 33Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а шуна тӀехь паччахьалла дийр ма ду Аса. 34Нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дӀасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду. 35Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хӀиттийна, шуна кхел йийр ю Аса. 36Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

37«Сайн коьжалгана кӀелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду. 38Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла.

39Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хӀора, шайн цӀуйн гӀуллакх а деш лела! Амма цул тӀаьхьа, аша Соьга ла ца догӀахь, Сан еза цӀе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагӀанашца а, шайн цӀушца а! 40Сан махкахь болчу безачу лам тӀехь, лекхачу Исраилан лам тӀехь
Исраилан лам – иза Цийон-лам бу, Делан цӀа шена тӀехь лаьтташ болу.
, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гӀуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тӀеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хӀумане а, шун тоьллачу сагӀанашка а, шун дезачу совгӀаташка а.
41Шаьш дӀасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогӀу хӀума санна, тӀеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дӀагойтур ду Аса Со веза хилар. 42Ас шун дайшна ваӀданца лур бу аьллачу Исраил-махка шаьш схьадалийча, хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 43Цигахь шуна дагадогӀур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хӀуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш. 44Ва Исраилан халкъ, хьан вочу некъашка а, гамдинчу гӀуллакхашка а ца хьожуш, ткъа Сайн цӀеран дуьхьа Аса хьо лелийча, хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта элира Хьалдолчу Эло.

Къилбехьа яьлла цӀе

45Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 46«Адаман кӀант! Къилбехьа дӀаверза. Къилбанна дуьхьал вист а хилий, къилбанан аренан хьуьнна дуьхьал Делера болу хаам кхайкхабе. 47Къилбанан хьуьне дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу даше. Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьох цӀе лато воллу Со, ткъа оцу цӀеро хьан дерриг а дитташ – къона я декъа уьш делахь а – дӀакхоллур ду. Латийна алу йовр яц, ткъа хӀорра а къилбехьара дуьйна къилбаседе кхаччалц морцур ву. 48ТӀаккха адамашна хуур ду Аса, Везачу Эло, и цӀе латийнийла а, иза дӀаяйа йиш йоцийла а’“».

49ТӀаккха аса, Яхьазкхиала, элира: «Маржа-яӀ, Хьалдолу Эла! Халкъо сох лаьцна боху: „ХӀетал-металшца дуьйцуш-м вац те иза?“»
Copyright information for CheCAC2012