‏ Ezekiel 21

Везачу Элан тур

1Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Ярушалаймана дуьхьал вист а хилий, цуьнан езачу меттигашна дуьхьал кхайкхам бе. Исраил-махкана дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 3Исраил-махке дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Со шуна дуьхьал ву, Ас Сайн тур баттара доккхур ду, Ас хьоьгара хӀорра а схьавоккхур ву – вон мел верг а, дика мел верг а. 4Иштта, хьан диканиг а, вониг а хӀаллаквийр ву Аса, Сайн тур баттара доккхур ду массо а стагана дуьхьал – къилбера дуьйна къилбаседе кхаччалц. 5ТӀаккха массарна а дӀахуур ду, Со Веза Эла вуйла а, иштта Сан баттара даьккхина долу тур юха цу чу дуьжур доцийла а’“.

6Ткъа ахьа, адаман кӀант, гӀайгӀане узарш де, дог дохарца узарш де массарна а хьалха. 7Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“– ахьа ала деза: „Вайна тӀекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тӀекхаьчча, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогӀа, и хаам тӀекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

8Соьга Везачу Элан дош кхечира: 9«Адаман кӀант! Соьгара нахана хаам бе. ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Туьре хьажал!
И тур ирдина а ду,
заьнгала дина а ду.
10Иза адамаш дайа ирдина,
стелахаьштиг санна къегийта заьнгала дина.
Даккхийдеш лела дезий вай?
Сан кӀентан олаллин гӀожан хӀора диттах дог долу.
11Ас тур заьнгала дайтира,
иза караэцархьама.
И тур ира а ду, заьнгала дина а ду,
иза хӀаллаквечун кара дӀадалархьама.
12Велха, узарш а деш, адаман кӀант,
хӀунда аьлча и тур Сан къомана а,
берриг а Исраилан элашна а дуьхьал даьккхина ду.
Уьш Сан къомаца цхьаьна
хӀаллакбина хир бу.
Цундела велха, хьайн некха тӀе куьйгаш а детташ.
13Иза зер хир ма ду!
Делахь а хьан цу гӀожах дог далахь,
хьан бала хир бац те?’ Иштта боху Хьалдолчу Эло“.

14Ткъа ахьа, адаман кӀант, Соьгара хаам бе, куьйгаш вовшах а детташ. Тур шозза а, кхузза а охьадожийта, и тур адамаш дайъийта лерина ду, доккхачу хӀаллакдарна а лерина ду, иза гонах хьийзаш ма ду, 15адамийн дегнаш дашорхьама а, охьаэгнарш дуккха а хилийтархьама а. Церан хӀорра а кевнехь Аса хӀаллакдайтаран тур хӀоттийна. ЭхӀ, ткъес санна къегийта дина ду иза, хӀаллакдайтарна даьккхина! 16Аьтту агӀор ирло, ва тур! Аьрру агӀор дӀагӀо! Хьайн иралла дӀа мел ерзийначу агӀор дӀагӀо. 17ТӀаккха Ас куьйгаш вовшах тухур ду, Ас Сайн оьгӀазвахар Ӏабор ду. Иза Аса боху, Везачу Эло».

Бавелан паччахьан тур

18Везачу Элан дош кхечира соьга: 19«Адаман кӀант, Бавелан паччахь шен туьраца схьаваийта шина некъан сурт дилла. И ши некъ цхьана махкара схьабогӀуш хила безаш бу. Некъан билгало дӀахӀоттае некъ бекъалучу гӀалахь. 20Тур схьадогӀуш болчу некъийн сурт дилла. Цхьа некъ Ӏамминхойн Рабба-гӀала боьдуш бу, ткъа важа некъ ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу Ярушалайме боьдуш бу. 21Бавелан паччахь некъ бекъалучу меттехь соцур ву, ша муьлхачу новкъа ваха веза хьожуш пал тасархьама. Цо секхаӀодан пхерчий лестор ду, шен цӀерачу цӀушка хоьттур ду, экханан доӀахе хьоьжур ву. 22Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гӀо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бӀогӀамаш дӀахӀитто а, адам хӀаллакде, аьлла омра дан а, тӀеман орца даккха а, гӀалин кевнаш дохо гӀирс дӀахӀотто а, гӀалин гонах лаьттан гунаш дан а, гӀала схьаяккхархьама кхиболу тӀеман гӀирс дӀахӀотто а безаш ву. 23И тесна пал Ярушалайман бахархошна харц хетар бу, хӀунда аьлча цара бавелхошца барт бина! Делахь а Бавелан паччахьо царна дагадоуьйтур ду уьш бехке хилар, ткъа цо уьш схьалоцур бу». 24Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Шайн аьрхалла дӀа а йовзуьйтуш, шаьш мел дечу гӀуллакхашкахула шайн къинош дӀа а гойтуш, шаьш бехке хилар гайтира аша. Ткъа аша шаьш шайн бехке хилар дагадаийтарна, шу ницкъаца схьалоьцур ду.

25Ткъа хьо, Исраилан халкъан зуламе куьйгалхо, хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь хьуна кхоччуш таӀзар дийр ду». 26Хьалдолчу Эло боху: «ДӀаяккха хьайн коьртара чалба а, дӀадаккха таж а. Хийцамаш бен хан тӀекхаьчна. Лакхарнаш лахабаьхна хир бу, ткъа лахарнаш лакхабохур бу. 27ХӀуй-пака! ТӀепаза! Аса хӀокху гӀаланах дамардарц дийр ду. Амма иза хир дац, цунна кхел яр шен кара дӀаделларг схьаваллалц. ТӀаккха Аса иза Цунна дӀалур ю».

Тур а, Ӏамминхой а

28 a«Адаман кӀант, Соьгара хаам бе нахе. ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло иштта боху Ӏамминхошка, исраилхойх ца бешаш болчу: ‘Туьре хьажал!
И тур баттара даьккхина ду,
заьнгала дина а ду адамаш хӀаллакдархьама а,
стелахаьштиг санна, къагийтархьама а.

29Хьуна дуьхьалхӀиттина суьрташ эрна ду, ткъа пал тийсар а харцдерг ду. Тур зуламечу нехан логгехь ду, церан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь царна кхоччуш таӀзар дийр ду.

30Батта юхадилла тур. Ас кхел йийр ю хьуна, хьо кхоьллинчу меттехь, хьо дуьнен чу ваьллачу лаьтта тӀехь. 31Ас Сайн оьгӀазалла хьуна тӀе яссор ю, ткъа Сайн дераллин цӀерца хьуна тӀе садоьӀур ду. Ас къизачу нахе дӀалур ву хьо, адамаш хьийзо корматалла карайирзина болчу. 32Хьо цӀарна дечиг хилла дӀахӀуттур ву, хьан цӀий хьан лаьтта тӀехь Ӏанор ду, хьо цхьанна а дагавогӀур вац. Веза Эла волчу Ас боху иза’“».
Copyright information for CheCAC2012