dАрадаккхар 23:8; Карлабаьккхинарг 16:19; Арадаккхар 22:25; Ӏамалъяр 25:36, 37; Карлабаьккхинарг 23:19.
Ezekiel 22
Ярушалайман зуламаш
1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Цунна кхел йийр юй те ахь? Хьуна лаьий те цӀий Ӏанийначу Ярушалайм-гӀалина кхел ян? Цо мел лелийна вониг цунна дӀагайта. 3ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ва гӀала, хьайна чохь цӀий Ӏенорна, ахь хьайна бохам ма боккху, хьайна цӀуш а беш, хьуо Суна хьалха бех ма йо. 4Айхьа Ӏанийна долу цӀий бахьана долуш, ахьа хьо бехке йина, айхьа бина цӀуш бахьана долуш, хьо Суна хьалха бех а йина. Хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, хьан заманан чаккхе уллоеана. Цундела Ас кхидолу къаьмнаш хьох кхордуьйтур ду, массо а мехкаш хьох доьлуьйтур ду. 5Хьуна уллохь берш а, генахь берш а хьох боьлур бу, ва боьхаллина цӀеяхана, карзахаллех юьзнарг. 6Исраилхойн куьйгалхошка хьажал. Царах хӀораммо а хьуна чохь шен ницкъаца цӀий Ӏанадора. 7 aЯрушалайман бахархоша шайн дай-наний емалдо, кхечу мехкашкарчу нахана гӀело йо, бисина Ӏаш болу зударий а, бобераш а ледо. 8 bАхьа Суна деза хетарш а ца лору, иштта Суна лерина шоьтан де а ца лору. 9Хьан бахархойх цхьаболчара кхечу нахана мотт бетта, уьш байъийтархьама. Цхьаболчара лаьмнашкахь йолчу езачу меттигашкахь цӀушна сагӀина еана яа хӀума а йоу, дегаза гӀуллакхаш а леладо. 10 cЦхьаберш шайн дайн зударшца дӀабуьйшу, ламаз доьхна болу зударий а хьийзабо цара. 11Цхьаверг шен доттагӀчун зудчуьнца лела, важа шен несаца лела, вукхо шен ден йоӀ йолу шен йиша хьийзайо. 12 dЯрушалаймехь ахчанах нах бойъу, юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху, шена уллохь волчуьнгара леварца са йоккху, ткъа Со вицвина цара’, – боху Хьалдолчу Эло. 13‘Нах лебарца аша са яккхарна а, иштта шайна юкъахь цӀий Ӏенорна а, Аса сайн куьйгаш вовшахтоьхна. 14Сатохалур дуй те хьан даге, чохь са долуш санна хир дуй те хьан куьйгаш, Ас хьуна бекхам бечу заманахь? Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса. 15Аса дӀасадаржор ду шу кхечу къаьмнашкахула а, дӀасакхуьссур ду шу кхечу мехкашкахула а. Суна хьалха шу цӀена цахилар чекхдоккхур ду Аса. 16Хьо кхечу къаьмнашна хьалха сийсазъяьккхина хир ю. ТӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла’“».Нах цӀанбеш болу Делан кхерч
17ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира: 18«Адаман кӀант! Исраилан халкъ Суна хьалха боьханиг санна хилла дӀахӀоьттира. Кхерчахь тӀехула хӀутту гӀели а, цӀаста а, эчиг а, даш а санна хилира иза. Дети кхерчахь цӀандинчул тӀаьхьа дисина долу боьханиг санна ду и халкъ! 19Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шу боьханиг санна хилла дӀахӀиттина дела, Ас шу дерриш а Ярушалаймана чу схьагулдийр ду. 20Дети а, цӀаста а, эчиг а, даш а, гӀели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цӀе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гӀалина чу а дехкина, лалор ду. 21Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгӀазаллин цӀеран Ӏаь тухур ю шуна тӀе, тӀаккха шу цу юкъахь лелар ду. 22ЦӀергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тӀе Сайн дералла йоссийнарг“».Исраилхойн баьччанийн къинош
23ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 24«Адаман кӀант! ДӀаала Исраил-махке: „Дала бекхам бечу дийнахь хьо цӀанбаза бисина мохк а бу, хьан лаьтта тӀе догӀа а ца деана!“ 25Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гӀигӀ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хӀаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхӀарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Ӏаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу. 26 eМехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дӀа а тотту, Суна лерина хӀуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дӀа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дӀа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хӀума лелорца Цара Со а бехво. 27Мехкан куьйгалхой ижу дӀасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цӀий а Ӏенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара. 28Мехкан пайхамарш вочу пена тӀехь кир тухуш санна лела, хӀунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хӀумма а ца дийцинехь а. 29Мехкан наха кхиберш Ӏехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гӀелонаш йо, кхечу махкара тӀебаьхкина нах а хьийзабо. 30Пен тобан, пенна Ӏуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дӀахӀотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хӀаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра. 31Цундела Ас Сайн оьгӀазалла дӀагойтур ю царна, Сайн дераллин цӀерца Ас хӀаллакбийр бу уьш, цара мел лелийнарг царна дуьхьал доккхур ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012