‏ Ezekiel 24

Ярушалайм тӀелеттачу ачанца юстар

1Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 a«Адаман кӀант! ДӀаязде хьайна хӀара де а, хӀунда аьлча кху дийнахь Бавелан паччахьан эскаро Ярушалаймана го бина. 3Даладе аьрхачу Исраилан халкъана хӀара хьекъале дустар, дӀаала цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Яй цӀерана тӀе а хӀоттабай,
цу чу дуьззина хи дотта.
4Цу яй чу жижиг дилла,
уггар дикачу меттера схьа а даккхий –
пханар тӀера а, гӀогӀа тӀера а жижиг,
иштта дика даьӀахкаш чу а яхкий,
хьалабуза и яй.
5Жена юкъара уггар дика уьстагӀий схьа а эций,
яйна буха цӀе латае,
хи кхехкаде,
цу чуьра даьӀахкаш дикка кхехккалц’“».

6Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цӀий Ӏанадечу гӀалин.
Иза мекханан томмагӀаш тӀехь долчу ех тера ю,
шена тӀера телхинарг дӀа ца даьллачу.
Цу чуьра дакъош схьадаха,
царах кхаж а ца тосуьйтуш.
7Ӏанийна цӀий цунна чохь ма ду.
Иза тархана тӀехь дитина цо,
лаьтта тӀе охьа а ца Ӏанош,
цу тӀе чан ца йиллийта.
8Ас цӀий тӀулгаш тӀехь дитина,
иза къайла ца даккхийта.
Ас иза дина адам оьгӀаздахийта,
цаьрга хӀаллакбиначеран чӀир эцийта».

9Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цӀий Ӏанадечу гӀалин.
Ас-Айса йоккха цӀе латор ю.
10Дуккха а дечиг тӀекӀел а диллий,
цунах цӀе латае.
Кхехкаде и жижиг,
яй чохь ерг юкъ а елла,
даьӀахкаш яггалц.
11Бассабелла яй кӀегаш тӀе хӀоттабе,
цуьнан цӀаста, дох а делла, къагийтархьама.
Иза диларех цӀанбийр а бу,
цунна тӀера ерриг а ачо дӀакхоллур а ю.
12Иза хала болх бу,
хӀунда аьлча цунна тӀера,
цӀе ягийча а,
йоккха ачо дӀаер яц.

13Хьан боьха леларца хьо дукха бехбелла, цундела Ас хьо мел цӀанбарх а, цӀан а ца ло хьо. ХӀинца чул тӀаьхьа а хьайн бехбаларх хьо цӀанлур бац, Ас хьайна тӀехь Сайн дералла Ӏабаяллалц. 14Веза Эла волчу Ас аьллера. Айса аьлларг Аса кхочушдан деза хан тӀекхаьчна. Аса кхин тӀаьхьатоьттур яц и хан, хьох къа а хетар дац Суна, хьох къинхетам а бийр бац Аса. Хьан леларе а, ахь мел диначуьнга а хьаьжжина, Аса кхел йийр ю хьуна». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

Пайхамаран зудчун кхалхар

15Соьга Везачу Элан дош кхечира: 16«Адаман кӀант! Хьуна дукхаезашъерг хьоьгара схьаяккха воллу Со. Иза кестта лийр ю, амма хьо гӀайгӀане лела ца веза, бӀаьрхиш дийла ца деза хьан бӀаьргех. 17Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чӀогӀа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дӀа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа».

18Ӏуьйранна аса нахаца къамел дира. Цу суьйранна сан зуда кхелхира. Ткъа шолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна аса Везачу Эло сайга аьлларг дира. 19Халкъо соьга элира: «Алахьа тхоьга, и дерриг а тхуна хӀун маьӀна долуш хӀума ду?»

20Ткъа аса цаьрга элира: «Соьга Везачу Элан дош кхечира, 21Исраилан халкъе дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан дезачу цӀийнах шу дозалла деш делахь а, иза шун чӀагӀо елахь а, иза шуна хьежа лууш йолу меттиг елахь а, иза шуна баккъал дезахь а, Со иза бехдан воллу. Ткъа аша битина болу шун кӀентий а, зудабераш а туьро хӀаллакбийр бу. 22Ткъа аша Яхьазкхиала диннарг дийр ду: шайн мажош аша къайлайохур яц, тийжаран кхача а аша буур бац. 23Шун кортош тӀехь йихкина чалбанаш хир ю, когахь шайн мачаш а хир ю шун, шу тийжар а дац, доьлхур а дац, амма шайн къинош бахьана долуш телхар ду шу, вовшашна хьалха даккхий синош а дохуш’. 24Яхьазкхиал масална хир ву шуна: цо диннарг аша а дийр ду. И дерриг а кхочушдича, хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла“».

25«Ткъа хьох лаьцна аьлча, адаман кӀант, Аса церан чӀагӀо а, хазахетар а, сийлалла а, царна хьежа лууш йолу меттиг а, царна баккъал дезаш дерг а, иштта церан кӀентий а, мехкарий а схьабаьхча, 26цу дийнахь цигара кӀелхьарваьллачех волу цхьаъ вогӀур ву хьуна тӀе вон кхаъ бахьаш. 27Цу дийнахь хьан йиш хир ю цу кӀелхьарваьллачуьнца къамел дан. ТӀаккха хьо вист ца хуьлуш вуьсур вац, иштта царна билгало хилла дӀа а хӀуттур ву хьо. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
Copyright information for CheCAC2012