Ezekiel 25
Ӏамминхойн къомана дуьхьал болу Делера хаам
1 aВезачу Элан дош кхечира соьга: 2«Адаман кӀант! Ӏамминхойн къомана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам бе цуьнга. 3ДӀаала Ӏамминхошка: „ЛадогӀа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яӀ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхӀудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дӀадуьгучу хенахь. 4Шу иштта леларна Аса шу малхбалехьарчу нахе дӀалур ду. Цара шун латта дӀалоцур ду, церан эскарша шун лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттор бу, уьш шуна юкъахь баха а ховшур бу, шун стоьмаш а бууш, шун шура а муьйлуш. 5Ас Рабба-гӀала эмкалийн дежийла йина дӀахӀоттор ю, ткъа Ӏамминхойн мохк уьстагӀийн керт йина дӀахӀоттор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’. 6Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хӀаллакьхилар бахьана долуш тӀараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, 7Аса Сайн куьг шуна дуьхьал дӀакховдор ду, Ас кхечу къаьмнашка талораш дойтур ду шуна. Ас кхечу къаьмнех дӀа а хадор ду шун къам, иштта кхечу мехкех дӀа а хедар бу шун мохк. Ас хӀаллакдийр ду шун халкъ, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».Муабин къомана дуьхьал болу Делера хаам
8 bХьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеӀир-къомо а дуьйцура: „ЯхӀудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, – бохуш. 9Цундела Ас Муаби-мехкан дозанашкахь йолу гӀаланаш схьайохур ю, царна юкъахь мехкан уггар хаза гӀаланаш – Байт-Яшимут а, БаӀал-МаӀун а, Кхиръятим а – елахь а. 10Ас и мохк, Ӏамминхошца цхьаьна, малхбалерчу халкъашна дӀалур бу, кхечу къаьмнашна Ӏамминхой кхин дага а ца бахкийтархьама. 11Ас таӀзар дийр ду Муаби-къомана, тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».Эдоман къомана дуьхьал болу Делера хаам
12 cХьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхӀудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чӀогӀа бехке а хилла. 13И хӀума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дӀакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хӀаллакдийр ду. Теманна тӀера Дадданна тӀе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хӀаллаквина а хир ву. 14Сан къам долчу Исраилан халкъан гӀоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТӀаккха цара Сан оьгӀазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хӀума дийр ду цигахь. ТӀаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло.ПӀелаштамхойн къомана дуьхьал болу Делера хаам
15 dИштта боху Хьалдолчу Эло: «ПӀелаштамхоша къиза бекхам бора, ЯхӀудан халкъах уьш даггара кхаьрдара, бӀешерашкара дуьйна йолчу шайн инкарлонца халкъ хӀаллакдар лоьхура. 16И хӀума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дӀакховдор ду пӀелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дӀабохур бу, хӀордан йистехь бисина берш а хӀаллакбийр бу. 17Ас чӀогӀа бекхам бийр бу, Сайн дераллица царна таӀзар а деш. Ас шайна тӀехь бекхам бича, хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
Copyright information for
CheCAC2012