Ezekiel 26
Цора-гӀалина дуьхьал болу Делера хаам
1 aХалкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Цора-гӀалин бахархоша вониг дуьйцура Ярушалаймах лаьцна: „Жолам-яӀ! Кхидолу къаьмнаш долчу кхочуш долу ков хилла йолу и гӀала йохийна ю! Йохкар-эцаран неӀ тхуна схьа-ма-йиллина! И гӀала хӀуй-пака а яьккхина, тхайна хьал схьагулдийр ма ду оха!“ 3Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Со хьуна дуьхьалваьлла ву, Цора-гӀала. Ас хьуна дуьхьалдоккхур ду дуккха а халкъаш. Уьш хьуна тӀегӀуртур ду, хӀордан йистана тулгӀенаш тӀе-ма-гӀорттара. 4ТӀаккха Цора-гӀалин пенаш дохор ду, иштта йохийна хир ю цуьнан бӀаьвнаш а. Ур-атталла къапалг Аса арахьокхур ю цигара, цунах ерзина тарх а еш. 5Цора-гӀала хӀорда юккъехь чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю, – боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – Цора-гӀалина кхечу къаьмнаша талор дийр ду. 6Ткъа гӀайренна дуьхьал хӀордан йистехула лаьтташ болу цуьнан мехкарий туьро хӀаллакбийр бу. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла“. 7Хьалдолчу Эло иштта боху: „Ас Цора-гӀалина дуьхьалваккха къилбаседехьара Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьавалор ву. Иза паччахьийн паччахь ву. Иза дуккха а адамийн эскарца а, говрашца а, гӀудалкхашца а, дошлошца а схьавогӀур ву. 8Набухди-Нецара хӀордан йистехула лаьтташ болу хьан мехкарий таррашца хӀаллакбийр бу. Цо, гӀала схьаяккхархьама, тӀеман гӀирс а дӀахӀоттор бу, гӀалина гонах лаьттан гунаш а дийр ду, ша ларвархьама хьуна дуьхьал турсаш а дохур ду. 9Цо оганаш херцош долу бӀогӀамаш хьан пенашна дуьхьал деттар ду, хьан бӀаьвнаш зӀокбергашца йохор ю. 10Цуьнан говраша яьккхинчу чено хьо къайла а йоккхуш, дукха говраш хир ю цуьнан. Хьан пенаш цуьнан говраша а, гӀудалкхаша а яьккхинчу гӀовгӀано дегор ду, иза гӀалин кевнехула, йохийначу гӀалина чу ма-ваххара, чувогӀучу хенахь. 11Шен говрийн бергашца цо хьан гӀалин урамаш дохор ду, хьан халкъ цо таррашца отур ду, ткъа хьан андий бӀогӀамаш лаьтта тӀе охьадеттар ду. 12Цара хьан дерриг а хьолана талор дийр ду, хьан йохкаэцаран хӀуманаш шайна схьаоьцур ю. Иштта хьан пенаш а дохор ду, хьан хаза цӀенош а хӀаллакдийр ду цара. Цунах йисина къапалг а, дитташ а, латта а хӀорда чу кхуссур ду. 13 bАса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз. 14Ас хьо, ерзина тарх а йина, дӀахӀоттор ю. Хьо чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю. Хьо кхин юхаметтахӀоттийна хир яц, хӀунда аьлча Аса, Везачу Эло, боху иза“. Иштта элира Хьалдолчу Эло». 15Иштта боху Хьалдолчу Эло Цора-гӀале: «Хьо южуш даьллачу татанах а, чевнаш хиллачара дечу узарех а, хьуна чохь адамаш дайарх а, кхераделла, дегор дац теша хӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш? 16 cХӀордана йистехь йолчу массо а пачхьалкхийн куьйгалхоша, шайн гӀанташ тӀера хьала а гӀевттина, шайна тӀера хаза тӀамарш тӀехь йолу обанаш дӀа а яьхна, сингаттаман духар тӀе духур ду. Уьш, лаьтта охьа а хевшина, кхерарна, бегош хир бу, хьуна хиллачух цец а буьйлуш. 17Хьо бахьана долуш тийжам а беш, цара бохур ду: „Хьо къайла ма яьлла, ва цӀеяхана гӀала!Хьуна чохь хӀордахой Ӏаш ма бара.
Хьо хи тӀехь ницкъ болуш лаьтташ ма яра,
хьо а, хьан бахархой а.
Цара кхерамехь латтабора
хӀорда йистехь мел бехаш берш а.
18Ткъа хӀинца, хьо йоьжначу хенахь,
хӀордана йистехь дехаш долу
дерриг а къаьмнаш кхерарна дегош ду.
ГӀайренаш а ю кхерамах юьзна,
хьо хӀаллакьхилар бахьана долуш“».
19Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ас хьо яссор ю, чохь Ӏаш цхьа а стаг а воцуш йолу гӀаланаш санна хир ю хьо. Ас хьуна тӀе хин тулгӀенаш хьалаайор ю, хьо цаьрга хин буха яхьийта. 20Ас хьо эхарте кхочуьйтур ю, ширачу заманашкара адамаш долчу. Ас хьо лаьттан буха охьайохуьйтур ю, даима долчу къапалгашна юкъахь, эхарте кхаьчначаьрца цхьаьна. Хьуна чохь кхин цкъа а адамаш дехар дац, иштта дийна болчеран дуьнен чохь хьан сийлалла гойтур а яц. 21 dАс хьох къемате масала дийр ду, ткъа хьо кхин цкъа а хир яц. Хьо наха лоьхур ю, амма кхин цкъа а хьо карор яц». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012