‏ Ezekiel 27

Цора-гӀалина бина тийжам

1Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 2«Ахьа а, адаман кӀант, дӀадоладе Цора-гӀаланах лаций гӀайгӀане тийжар. 3ДӀаала хӀорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хӀордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цора-гӀала!
Ахьа хьо кхоччуш хаза ю боху.
4Хьан дозанаш хӀордан юккъе кхечира,
хьо йинчара кхоччуш хаза хинкема санна йина.
5Санирехь кхуьучу зоьзан диттах йина ю хьан ерриг а лакхенаш,
ткъа хьан мачтанаш Ливанун-ломахь тӀекхуьуш долчу баганан диттах йина ю.
6Хьан пийсакаш Башанера деанчу ножан диттах дина дара.
Хьан цӀенкъа Хитамарчу зоьзан дечиган аннех йина яра,
пийлан кӀомсарех кечйина йистош а йолуш.
7Хьан гатанаш Мисар-махкара деанчу тӀамарш йолчу кӀадих дина дара,
уьш байракхаш санна дӀатоьхна а дара.
Элша-гӀайренна тӀера деана стигалан басахь а,
таьӀна-цӀен а долу кӀадеш хьан шаршу хилла дӀахӀиттинера.
8ЦӀаданера а, Арвадигара а бахархой бара хьан пийсакаш лелорхой.
Ткъа хьан говза нах, ва Цора-гӀала, кемалелорхой бара.
9Кеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш
Гебалара говзанчаш а бара хьан.
ХӀордан дерриг а кеманаш а, церан кемалелорхой а
хьуна чохь хуьлура, хьоьца йохкаэцар а лелош.

10Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПӀатӀа-махкара а тӀемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цӀенойн пенашна тӀе шайн турсаш а, гӀемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира. 11Арвадин а, Хьелакан а тӀемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тӀехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бӀаьвнашна тӀехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тӀехь, и хӀума дарца хьан хазалла кхочуш а еш.

12Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гӀалано хьоьгара хӀуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гӀели а луш. 13Яван
Яван – таханлерчу хенахь иза Грекийн мохк бу.
а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цӀестах йина пхьегӀаш а хьоьгара оьцучу хӀуманна дуьхьал а луш.
14Байт-ТогӀармера болчара ахьа юхкуш йолчу хӀуманашна дуьхьал говраш а, дой а, бӀарзанаш а лора. 15Дадданан наха хьоьца йохкаэцар лелайора. ХӀордан йистехь дехачу дуккха долчу къаьмнаша хьоьца хийцар леладора, хьан хӀуманашна дуьхьал пийлан кӀомсарш а, Ӏаьржа дечиг а луш. 16Хьан дукха дохка хӀума хилар бахьана долуш, иштта хьоьца йохкаэцар лелайора арамхоша а, хьан хӀуманашна дуьхьал карбункул олу мехала тӀулгаш а, цӀен кӀадеш а, тӀехь тӀамарш йолу дуткъа кӀадеш а, маржан-жовхӀарш а, иштта рубинаш а луш. 17ЯхӀуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кӀа а, сегӀаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара. 18Хьан дукха дохка хӀума хиларна а, хьан хьал доккха хиларна а, Дамасакхо хьоьгара оьцура Хьелбунера чагӀар а, Цахьарера тӀаргӀа а. 19Узалара волу Ведан а, Яван а вара хьан хӀуманашна дуьхьал эчигах йина хӀуманаш а, касия а, хаза хьожа йогӀу эрз а луш. 20Даддана хьоьца мах лелабора нуьйрашна тӀе туьйсучу юргӀанашца. 21Ӏаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хӀуманашна дуьхьал Ӏахарий а, кой а, гезарий а луш. 22Шеба-гӀаларчу а, РуӀман-гӀаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тӀулгаш а, деши а луш. 23ХӀаранера а, Ханейра а, Ӏеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора. 24Цара хьуна еза бедарш а, сийна тӀаргӀа а, тӀехь тӀамарш йолу кӀадеш а, бес-бесара кузаш а, чӀогӀа даьӀна эхангаш а дахьара. 25 bАхьа духкуш мел дерг Таршаш-гӀаларчу хӀордкеманашца схьакхоьхьуш дара. Хьо киранах дуьзна хинкема санна яра,
хӀордана юкъахь нисъелла.
26Пийсакаш лелорхоша хьо генна хӀорда юккъе дӀайигнера,
ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира.
27Хьан хьал хи буха гӀур ду,
ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду.
Хьоьца мел хилларш – хинкема дӀадохуьйтуш берш а,
цу тӀера хинкеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш берш а,
хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тӀемалой а –
уьш берриш а хи буха гӀур бу.
И хӀума хьо йохочу дийнахь хир ду.
28Хьан кемалелорхоша хьоькху маьхьарий бахьана долуш,
латтанаш тӀехь мел верг вегор ву.

29Пийсакаш лелорхой шайн кеманашна тӀера дӀагӀур бу,
хинкема дӀадохуьйтуш берш а, кемалелорхой а хийистехь дӀахӀуьттур бу.
30Цара хьуна тӀаьхьа белхар дийр ду,
шайн кортош тӀе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш.
31Цара, шайн кортош а даьшна,
шайна тӀе сингаттаман духар а дуьйхина,
дог доьхна, хьуна белхар дийр ду
къаьхьачу бӀаьрхишца.
32Боьлхуш, тийжаш,
цара хьох лаьцна хӀара йиш дӀалокхур ю:
‹ХӀордана юккъехь узарш деш йолу
Цора-гӀала саннарг кхин муьлха яра?
33Хьан совдегарша, хӀорда тӀехула а лелаш,
дуккха а къаьмнаш Ӏабадора.
Хьайн доккхачу хьолах а, алсам долчу хӀуманах а
дуьненан паччахьашна ахьа дуккха а хьал а лора.
34ХӀинца хьо хӀордо хӀаллакйина,
хӀорда буха а яхана,
хьан адамаш а, дерриг а хьан хьал а
хьоьца хи буха дахана›.

35ХӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш инзардевлла хьох, церан паччахьаш а, юьхьсибат хийцалуш, Ӏадийна бегабо. 36Кхечу къаьмнех болчу совдегарша гӀайгӀанца шакарш етта. Хьо къемате хӀаллакьхилла яьлла, ткъа кхин цкъа а юха хир а яц’“».
Copyright information for CheCAC2012