‏ Ezekiel 28

Цора-гӀалин баьччана дуьхьал Делера болу хаам

1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Цора-гӀалин баьччане дӀаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чӀогӀа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хӀорда юккъехь Ӏарша тӀехь Ӏаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. 3Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна. 4Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а. 5Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш.

6Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш, 7Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дӀайоккхур ю. 8Цара хьо эхарта чу вохуьйтур ву, хӀордана юккъехь хӀаллаквийр ву хьо. 9ТӀаккха эр дуй ахьа хьо воьчарна хьалха: ‹Со – Дела ву›? Хьо хӀаллаквечеран карахь хилча, хьо кхидерш санна долу адам хир ду, Дела хир вац 10Хийрачу махкарчу нехан карах лийр ву хьо, акха лела жӀаьла санна. Иза Ас иштта аьлла дела хир ду’. Иштта элира Хьалдолчу Эло“».

Цора-гӀалин баьчча вожор

11Везачу Элан дош кхечира соьга: 12«Адаман кӀант! Велха Цора-гӀалин паччахьна, цуьнга дӀа а ала: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьо кхачамаллин кеп яра,
хьекъалаллех вуьззина вара,
хьо уггар хазаниг а вара.
13Хьо Делан Ӏедан-бешахь вара,
хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечйина яра:
рубинца а, топазца а, алмазца а,
хризолитца а, ониксца а, ясписца а,
саппирца а, карбункулца а, изумрудца а.
Церан гураш хьуна тӀехь говза а, хаза а деших дина дара.
И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара.
14Хьо къобалдина каруб-малик дара,
Ас хьо гӀаролхо санна хӀоттийнера.
Хьо иштта Делан безачу лам тӀехь а вара,
цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юкъахь а лелара хьо.
15Хьо цӀена вара хьайн некъашкахь
хьо кхоьллинчу хенахь дуьйна,
хьуна чохь зулам карадаллалц.
16Айхьа леладо шуьйрра йохкаэцар бахьана долуш,
хьо къизаллех а вуьзна,
ахьа хьайх къинош а летийна.
Ас хьо боьха хӀума санна, Везачу Элан лома тӀера чукхоьссина.
Ас дӀалаьллина хьо лардеш хилла долу каруб-малик,
цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юккъера дӀалаьллина Ас хьо.
17Хьан хазалла бахьана долуш
куралла йоьссина хьан даг тӀе,
хьайн дозалла бахьана долуш
хьекъалалла а хӀаллакдина ахьа.
И хӀума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна,
паччахьашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийна Ас.
18Ахьа дукхазза а къинош леторна а,
ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а,
хьайн еза меттигаш ахьа бехйина.
Хьуна чуьра цӀе схьаяьккхина Ас,
цо хьо дӀа а кхаьллина.
Хьо, чим бина, дӀахӀоттийна Ас,
хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха.
19Хьо девзаш мел хилла долу къаьмнаш,
инзардевлла, Ӏадийна ду.
Хьан чаккхе къемате яра,
ткъа хьо кхин цкъа а хир яц’“».

ЦӀадан-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам

20 aСоьга Везачу Элан дош кхечира: 21«Адаман кӀант! ЦӀадан-гӀалина дуьхьал вист а хилий, цунна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 22ДӀаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хӀара боху алий: „ЦӀадан-гӀала, Со хьуна дуьхьалвер ву.
Хьуна чохь Со гӀаравер ву.
Ас шайна кхел йинчул тӀаьхьа а,
Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тӀаьхьа а,
хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла.
23Ас хьуна тӀе Ӏожаллин ун а хьажор ду,
хьан урамашкахь цӀий а Ӏанадойтур ду.
ГӀалара адам царна гонах болчу мостагӀийн карах хӀаллакьхир ду.
ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.

24Исраилан халкъана гонах йолчу а, цунна кхиссарш йинчу а пачхьалкхаша кхин цкъа а, коканийн коьллаша я кӀохцалша санна, лазор яц иза. ТӀаккха хуур ду исраилхошна Со Хьалдолу Эла вуйла“».

Исраилан халкъ декъалдина хилар

25Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дӀасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТӀаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Ӏийр бу. 26Уьш цу тӀехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цӀенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югӀур ю. Уьш кхерам боцуш Ӏийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тӀехь Ас кхел йича. ТӀаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла».
Copyright information for CheCAC2012