Ezekiel 30
Мисар-мехкан кхоьлина де
1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тийжа а тийжаш, ала:‹Маржа-яӀ оцу дийнан!›
3Иза уллохь ду,
Везачу Элан де.
Кхоьлина хир ду
и халкъашна гӀайгӀане долу де.
4Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду.
Цуьнан адам хӀаллакдан доладелча а,
цуьнан бахам схьабаьккхича а,
Мисар-мохк шен бух тӀе кхаччалц шайна йохийна гича а,
Хушан халкъ, кхераделла, Ӏадийна хир ду.
5Хуша а, ПӀатӀа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваӀданца беллачу махкара бахархой а туьро хӀаллакбийр бу’. 6Иштта боху Везачу Эло: ‘Мисар-мехкан гӀортораш хӀаллакьхир ю,
южур ю цуьнан сийлалла а,
дӀадер ду цуьнан ницкъ болуш хилар а, цуьнан дозалла а,
Мигдолана тӀера Савейна тӀе кхаччалц
массо а туьро вожор ву’.
Иштта боху Хьалдолчу Эло.
7‘Бассийначу мехкашна юкъахь а
иза уггар а бассийнарг хир бу,
яссийначу гӀаланашна юкъахь а
уггар а яссийнарш хир ю цуьнан гӀаланаш.
8Со Веза Эла вуйла хуур ду царна,
Ас Мисар-махкана тӀе цӀе а хьажийна,
цуьнан гӀортораш хӀаллакьхиллачул тӀаьхьа.
9Цу дийнахь хинкеманашца Соьгара геланчаш гӀур бу, шена кхерам бац бохуш, Ӏаш долу Хуша-къам кхеро. Мисар-махкана таӀзар дечу оцу дийнахь уьш кхерарна Ӏадийна хир бу. И де билггал тӀекхочуш ду!’ 10Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас Бавелан паччахье Набухди-Нецаре
Мисар-мехкан тобанаш хӀаллакйойтур ю.
11Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а
Ас Мисар-махкана тӀе хьажор ду, и латта хӀаллакдайтархьама.
Цара шайн тарраш хьала а даьхна,
дерриг а латта декъех хьаладузур ду.
12Ас Нил-хин гаьннаш а дакъор ду,
ткъа латта къизачу нахана дӀа а духкур ду,
кхечу махкарчу нехан карахула
Ас дассор ду и латта.
Иза Ас боху, Везачу Эло’. 13Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цӀуш а бохор бу,
Нуп-гӀалара харцделанаш а хӀаллакбийр бу.
Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо.
Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.
14Ас ПатӀрус-кӀошт яссор ю,
ЦоӀан-гӀалина тӀе цӀе хьажор ю,
ткъа Ну-гӀалина кхел йийр ю.
15Ас Сайн оьгӀазалла Мисар-мехкан Син цӀе йолчу чӀагӀонна тӀе йоссор ю,
Ну-гӀалахь дерриг адам а хӀаллакдийр ду.
16Ас Мисар-махкана тӀе цӀе хьажор ю,
ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю,
Ну-гӀала а хӀаллакьхир ю,
дийнан юккъехь Нуп-гӀалина тӀелетар бу мостагӀий.
17Ана-гӀалара а, ПӀи-Басатара а кегий нах
туьро хӀаллакбийр бу,
ткъа тӀаьхьабиснарш йийсаре дӀабуьгур бу.
18Тахьпанхьас-гӀалахь де кхулур ду,
Ас цигахь Мисар-мехкан дукъ кагдинчул тӀаьхьа,
цигахь дӀабер бу цуьнан кура ницкъ а.
Мархаш йогӀур ю Мисар-махкана тӀе,
ткъа цуьнан гӀаланийн бахархой йийсаре гӀур бу.
19Иштта кхел йийр ю Ас Мисар-махкана,
тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла’“».
Мисар-мехкан паччахьан ницкъ кагбар
20Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 21«Адаман кӀант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дӀа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама». 22Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур. 23Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. 24Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чӀагӀдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирӀунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чӀогӀа лазийнарг санна, узарш деш хир ву. 25Ас Бавелан паччахьан куьйгаш чӀагӀдийр ду, ткъа пирӀунан куьйгаш гӀорасиза охьагӀур ду. Ас Сайн тур Бавелан паччахьан кара дӀаделча, ткъа цо иза Мисар-махкана тӀе хьалаайича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. 26Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла».
Copyright information for
CheCAC2012