‏ Ezekiel 31

ПирӀун баганан диттах тарвалар

1Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран кхоалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Мисархойн паччахь волчу пирӀуне а, дерриг а цуьнан халкъе а дӀаала: „Хьайн сийлахь хиларца
хьо хьаьнца нисво ахьа?
3Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке,
шена тӀехь хаза гаьннаш а долуш,
ӀиндагӀ луш гӀа а долуш болчу.
Цуьнан бохь мархашна юкъахь
Цхьана ширачу гочдар тӀехь: мархашна юкъахь. Ӏебархойн тептар тӀехь: стоммачу гаьннашна юкъахь.
бара.
4Хино и дитт кхиадора,
бухарчу хиша иза лакхадаьккхира.
Уллохула дӀаоьхуш долу хин татолаш
гонах долчу дитташна тӀе дӀаоьхура.
5Вукху диттел а лекха дара иза,
шена тӀехь деха гаьннаш а долуш,
хӀунда аьлча цунна тӀедогӀуш
кхоччуш дукха хи дара.
6Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора,
лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кӀел шайн кӀорнеш йора.
Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ӀиндагӀехь дехаш дара.
7Лекха а долуш, хаза дара и дитт,
шена тӀехь деха гаьннаш а долуш,
цуьнан орамаш а хих Ӏаьбна дара.
8 bДелан бешахь долу баганан дитт цуьнца дуста ца лора.
Зоьзан дитташ цуьнан зуьгалгех тар ца лора,
пхонан дитташ цуьнан гаьннашца нис ца лора.
Делан бешахь долу цхьа а дитт цуьнан хазаллица дуста ца лора.
9Дуккха а гаьннаш а делла,
Аса иза хаздинера,
цундела Ӏеданера массо а дитташ,
Делан бешахь долу массо а дитташ
цунах хьоьгуш дара“».

10Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тӀехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а, 11Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дӀаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дӀадаьккхина иза. 12Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дӀатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тӀе а, тогӀеш тӀе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ӀиндагӀера дӀадаханера. 13Дамардарц хилла Ӏуьллучу цу дитта тӀехь стигалара тайп-тайпана олхазарш дара, иштта цуьнан гаьннаш юкъахь лелаш хьуьнхара акхарой а яра. 14Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тӀекхача ца гӀертийта а. ХӀунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Ӏожалле дӀахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дӀабохуьйтучу метте дӀабохуьйтур бу».

15Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Иза эхарте кхаьчначу дийнахь, Ас цунна тезет хӀоттадайтира. Иза бахьана долуш Аса бухара хи а дӀалакъийра, цунна тӀедогӀу хиш а совцийра, ткъа даккхий хиш кхин дӀа а ца дахийтира. Ливанун-мохк а, гӀайгӀане бина, дӀахӀоттийра Ас, ткъа дерриг а дитташ дара маргӀалдулуш. 16И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дӀабаханчу вукхарна тӀаьхьа, бух боцучу Ӏин чу дӀахьажийча. ТӀаккха хӀинцале а лаьттан буха даханчу Ӏеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Ӏебира оцунах. 17Уьш цуьнца цхьаьна эхарте дӀакхаьчна. ХӀинца уьш туьро хӀаллакбиначарах дӀакхетта. И дитташ, цу лекхачу диттан ӀиндагӀехь, вукху къаьмнашца цхьаьна дехаш хиллера.

18Иштта, Ӏеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хӀинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дӀахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тӀемашкахь хӀаллакбина болчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур ду. Иза хир ду пирӀунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for CheCAC2012