‏ Ezekiel 33

Везачу Эло Яхьазкхиалх гӀаролхо вар

(Яхьазкхиал 3:16-21)

1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Хьайн къомах болчаьрга дӀаала: „Нагахь санна Аса цхьана махкана тӀе тӀом хьажабахь, наха шайна юкъара цхьа гӀаролхо харжа мега. 3Цу гӀаролхочо, шена мостагӀий гича, коьман маӀа а лекхна, шен нахе орца доккхур ду. 4Коьман маӀан аз хезначул тӀаьхьа а, цхьаммо а иза тергал ца дахь, цул тӀаьхьа и стаг туьро хӀаллак а вахь, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. 5Коьман маӀан аз хезча, оцу стага цуьнан тидам ца барна, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. Шен хеннахь цо тидам бинехьара, шен дахар кӀелхьардоккхур дара цо. 6Нагахь санна цу гӀаролхочо, тӀебогӀу мостагӀий шена гича, адамашка дӀахьедархьама коьман маӀа а ца лакхахь, тӀебаьхкинчу мостагӀаша царах цхьаъ хӀаллак а вахь, иза шен къинош бахьана долуш вийна хир ву, амма Аса оцу гӀаролхочуьнга жоп доьхур ду, и валар бахьана долуш“.

7Ткъа хьох, адаман кӀант, Исраилан халкъан гӀаролхо вина Аса. Соьгара болу хаам хьуна мосазза хеза, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедан деза ахьа. 8Ас зуламечу стаге: „ХӀей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьга жоп доьхур ду. 9Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, иза кхин дӀа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду».

ХӀора стага ша лелийначунна жоп дала дезар

10«Ткъа ахьа, адаман кӀант, дӀаала исраилхошка: „Аша иштта боху: ‘Тхан вон лелар а, тхан къинош а тхуна тӀехь ду. Тхо телхаш ду уьш бахьана долуш. Тхо муха даха деза те?’“ 11Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – зуламечу нахана Ӏожалла тӀеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дӀа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тӀера! ХӀунда хуьлу хьо хӀаллак, Исраилан халкъ?“

12Ахьа, адаман кӀант, дӀаала хьайн къомах болчаьрга: „Бакъахьа леларг Далла дуьхьалволучу дийнахь ша динчу бакъахьарчу гӀуллакхаша иза кӀелхьарвоккхур вац, ткъа зуламхо ша лелийначу зуламечу гӀуллакхех дӀавирзинчу дийнахь цо лелийначо иза галволуьйтур вац. Нагахь санна бакъахьара лелачо къинош летадахь, цунна, хьалха ша дина бакъахьара гӀуллакхаш бахьана долуш, кхидӀа ваха пурба лур дац“. 13Нагахь Аса бакъахьа лелачу стаге иза вехар ву алахь, амма цо, ша хьалха дина дикачу гӀуллакхашка а хьоьжуш, зулам дахь, Суна дагадогӀур дац цо хьалха мел дина дика гӀуллакхаш. Иза лийр ву, ша тӀаьхьа дина долу зулам бахьана долуш. 14Аса зуламечу стаге дӀахьедан тарло: „Хьо лийр ву“, – аьлла. ТӀаккха иза, шен къиношна тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лело волавала тарло. 15Цо ша юхалург ахча лучу хенахь закъалтана эцнарг а дӀалахь, ша хьалха лачкъийнарг а юхалахь, дахар луш долчу парзашца а лелахь, зулам а ца деш, и стаг вехар ву, лийр а вац. 16Цо хьалха лелийна долу вонаш Ас дагадоуьйтур дац. Цо бакъдерг а, нийсо а лелийна, цундела иза билггал вехар ву.

17Ткъа хьан къомах болчара боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“, церан шайн лелар нийса доццушехь. 18Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, зулам дан волалахь, и хӀума бахьана долуш иза лийр ву. 19Ткъа зуламениг, ша динчу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, и бахьана долуш иза вехар ву. 20Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хӀоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас».

Ярушалайм йожарх лаьцна болу хаам

21 aТхо Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь со волчу Ярушалаймера кӀелхьарваьлла волу цхьа стаг кхечира. Цо элира: «ГӀала йоьжна!» 22Амма и стаг со волчу кхачале, суьйранна, суна тӀе Везачу Элан куьг хӀоьттира. Ӏуьйранна, и стаг со волчу схьакхачале, Цо сан бага дӀайиллира
Дагадаийта – Яхьазкхиалан бат хьалха Везачу Эло дӀакъевлина яра (24:27).
. Иштта, сан бага дӀайиллича, со вистхила йиш йолуш хилира.

23Соьга Везачу Элан дош кхечира: 24«Адаман кӀант! Исраил-мехкан дакъазадаьккхинчу лаьтта тӀехь Ӏаш болчара боху: „ИбрахӀим ша цхьаъ вара Дала цунна хӀара латта дӀалучу хенахь. Ткъа хӀинца тхо дуккха а ду, цундела хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.

25Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цӀийца цхьаьна доу, шу шайн цӀушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хӀаллакдо. ХӀара латта шун долахь муха хир ду? 26Шу шайн туьрах тешна ду, аша дегаза вонаш до, вовшийн зударшца эвхьазадуьйлу. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?’“

27Ахьа дӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, цу йохийначу гӀалин саьлнаш юкъахь Ӏаш болу нах туьро хӀаллакбина хир ма бу. Аренгахь нисбелларш Ас акхарошна дӀалур бу, цаьрга байъийта, ткъа чӀагӀонаш чохь а, хьехаш чохь а дӀалевчкъинарш Ӏожаллин уьно хӀаллакбийр бу. 28Ас латта дассор ду, цу махко дозалла деш мел хилла долу хӀума хӀаллакьхир ду. Исраил-махкара лаьмнаш а дассалур ду, кхузахула тӀехволуш гуш стаг а хир вац. 29Цу наха дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Ас хӀара латта дассийна дӀахӀоттийча, тӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла’“.

30Ткъа хӀинца, адаман кӀант, хьох лаьцна эр ду Ас. Хьан къомах долу адамаш, гӀалин пенашна уллохь а, цӀийнан неӀаршна уллохь а гул а делла, хьох лаьцна къамелаш деш ду. Цара вовшашка боху: „Дуьйло, хьовса, Везачу Элера хӀун дош деана“. 31Уьш хьо волчу схьабогӀу, халкъан гуламе богӀуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугӀу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна са̄ лоху. 32Церан бӀаьргашкахь хьо лаамийн эшарш локхуш волу а, хаза аз долу а илланча ву, цу тӀе говза дечиг-пондар локхург а ву. Цара хьан дешнашка ладугӀу, амма уьш кхочуш ца до. 33Амма ахьа бохуш дерг кхочушхилча, – ткъа иза-м билггал кхочушхир ду – тӀаккха цу нахана хуур ду, шайна юкъахь лелларг пайхамар хиллийла».
Copyright information for CheCAC2012