Ezekiel 34
Исраилхойн Ӏуй
1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант, исраилхойн Ӏушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Ӏуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо! 3Аша уьстагӀийн шура ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: шура молу. Ӏебархойн тептар тӀехь: мохь йоу.
молу, церан тӀергӀах йина хӀуманаш шайна тӀе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагӀашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до. 4Аш гӀийланаш чӀагӀ ца бора, цомгуш болчу уьстагӀна дарба а ца дора, церан чевнаш дӀа а ца йоьхкура. Жена юкъара дӀакъаьстина уьстагӀий аша юха ца дерзадора, тиладелларш аша схьа ца лохура. Царна тӀехь куьйгалла аша ницкъаца а, къизаллица а дора. 5 bШайна тӀехь Ӏу воцу дела, и уьстагӀий дӀасадаьржира, цул тӀаьхьа уьш хӀора экханан ижу хилла дӀахӀоьттира. 6Сан уьстагӀий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тӀехула уьш дӀасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гӀерта“. 7Цундела, Ӏуй, ладогӀа Везачу Элан даше: 8„Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, и Сан уьстагӀий акхаройн ижу хилийта Ӏуналла ца деш аша дитарна а, уьш, тӀехь Ӏу а воцуш, хӀора аренгарчу экханан даар хилла дӀахӀиттарна а, ткъа Сан Ӏуша уьш схьа ца лахарна а, цара уьш, дажоран метта, шаьш дежаш леларна а, 9и дерриг а хӀума бахьана долуш, Ӏуй, Везачу Элан даше ладогӀа! 10Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Со цу Ӏушна дуьхьалваьлла, Ас уьш Сайн жа бахьана долуш жоьпе озор бу. Ас уьш Сайн жа дажочуьра совцор бу. Цара шаьш кхидӀа иза дажор дац. Ас Сайн жа церан мочхалех кӀелхьардоккхур ду. Сан уьстагӀий церан даар хилла кхин дӀахӀуьттур дац’“». Дикачу Ӏуьнах лаьцна
11Хьалдолчу Эло боху: «Ас-Айса Сайн уьстагӀий схьа а лохур ду, Со цаьрга хьожур а ву. 12Шен дӀасадаржийна долчу уьстагӀашка Ӏу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргӀатдохур ду Ӏаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дӀасадаржийна хиллачу меттигашкара. 13Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тӀе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Ӏоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Ӏалашбийр бу Ас уьш. 14Аса дикачу бай тӀехь Сайн уьстагӀий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоӀуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тӀехь, уьш дежаш а лелар ду. 15Со-Со хир ву Сайн уьстагӀий дажош а, цаьрга садоӀуьйтуш а». Иштта боху Хьалдолчу Эло. 16«Ас байна уьстагӀ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дӀайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагӀ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа». 17«Аса хьуна, Сан жа, – боху Хьалдолчу Эло, – цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний, иштта, коьмана а, божана а юкъахь еш, кхел йийр ю. 18Шуна ца тоьу ткъа шаьш дикачу дежийлашкахь дежаш хилар? Аша-м дежийлаш тӀехь йисина йолу буц шайн когашца хьоьшу. ЦӀена хи молу аша, ткъа дисина долу хи шайн когашца даржадо. 19Сан жено яа еза те аша шайн когашца хьешна йолу буц а, мала деза те аша шайн когашца бехдина долу хи а?» 20Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху цаьрга: «Ас-Айса йийр ю берстинчу уьстагӀний, гӀийлачу уьстагӀний юкъахь кхел. 21Аша массо а гӀийлачу уьстагӀна шайн агӀонаш а, маӀаш а етта, уьш шайна юкъара дӀалахкархьама. 22Амма Ас кӀелхьардоккхур ду Сайн жа, уьш хӀинца дуьйна цхьаммо а лечкъор а дац. Ас цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний юкъахь кхел а йийр ю. 23 cАс царна тӀе цхьа Ӏу хӀоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Ӏу хир ву. 24 dВеза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. 25Ас цаьрца машаран барт бийр бу, цу лаьтта тӀера къиза акхарой а дӀайохур ю. Сан жа цхьа а кхерам боцуш аренгахь дехар ду, цо хьаннашкахь буьйсанаш а йохур ю. 26Ас декъалдийр ду уьш а, Сайн гуна гонах йолу аре а. Ас шен-шен хенахь догӀа а доуьйтур ду – иза декъалдаран догӀа хир ду. 27Аренгарчу дитто стоьмаш а лур бу, лаьтто ялта а лур ду, Сан уьстагӀий шайн лаьтта тӀехь кхерамехь хир дац. Ас дохор ду церан кочара дукъ, царах леш бинчу нехан карара уьш схьабохур бу Аса. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла. 28Кхечу къаьмнашна уьш ижунна кхин хир дац, аренгарчу акхароша а уьш кхин дуур дац. Уьш маьрша дехар ду, ткъа цхьаммо а уьш кхин кхерор дац. 29Ас царна токхе долу ялта дӀаден латта лур ду. Кхин мацалла ловр яц цара, кхечу къаьмнашкара кхардар а хир дац царна. 30ТӀаккха царна дӀахуур ду, церан Веза Дела волу Со шайца вуйла, Исраилан халкъ долу уьш Сан къам дуйла». Иштта боху Хьалдолчу Эло. 31«Шу – Сан уьстагӀий долу адамаш ду, Сан дежийлашкара уьстагӀий. Ткъа Со шун Дела ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012