Ezekiel 35
Дала Эдоман халкъана тӀехь ден долу таӀзар
1 aВезачу Элан дош кхечира соьга: 2«Адаман кӀант, СеӀир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш, 3дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘СеӀир-лам, Со хьуна дуьхьал ву.Ас Сайн ницкъ хьуна тӀе а берзор бу,
хьох бассийна а, бохийна а мохк бийр бу.
4Хьан гӀаланаш йоха а йина,
царах саьлнаш йина дӀахӀиттор ю Ас,
хьо бассор бу Ас,
тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
5Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагӀалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тӀехӀоьттинчу хенахь, царна тӀехь долу таӀзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дӀаделира, туьре хӀаллакдайтархьама. 6Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – хьо Айса Ӏожалле дӀакховдор бу аьлла, и Ӏожалла хьуна тӀаьхьаяьлла лелар ма ю. Хьо цӀий ца Ӏенош ца сацалора, и цӀий хьуна тӀаьхьадаьлла лелаш ду. 7Ас СеӀир-лам, шена тӀехь цхьа а адам ца дуьтуш, бассор бу, Ас цу лам тӀе воьдург а, цигара юхавирзинарг а хӀаллаквийр ву. 8Ас лаьмнаш декъех хьаладузур ду, уьш массо а гунаш тӀехь а, тогӀеш чохь а, массо а Ӏаннаш чохь а Ӏохкуш хир ду, туьро хӀаллакдина. 9Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гӀаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла. 10Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а ▼
▼И ший а къам а, ший а мохк а – кхузахь дуьйцурш Исраилан а, ЯхӀудан а къаьмнаш а, мехкаш а ду.
сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а. 11Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – уьш цабезарна ахь царна гайтинчу цабезаме а, эмгаралле а хьаьжжина, Со хьоьца а хир ву. Аса хьуна кхел ярехула царна хуур ду, Со муха ву. 12ТӀаккха хуур ду шуна, аша Исраил-мехкан лаьмнашна, кхиссарш а еш, мел дийцинарг Веза Эла волчу Суна хезна хиллийла. Аша бохура: ‹Исраилан мохк бассийна! Иза тхоьга баийта схьабелла бу!› 13Иштта Суна дуьхьал аша дозалла а дора, кура къамелаш а дора’“. 14Хьалдолчу Эло боху: „Дерриг а дуьне доккхадечу хенахь, Ас хьо бассор бу. 15Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хӀинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеӀир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
Copyright information for
CheCAC2012