Ezekiel 36
Исраил-мохк Дала декъалбар
1«Адаман кӀант! Соьгара болу хаам Исраил-мехкан лаьмнашка бе: „Исраил-мехкан лаьмнаш! ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга. 2Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагӀаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яӀ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“. 3Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘МостагӀаша, шуна массо а агӀор го а бина, шу дассийна, ткъа хӀинца шу кхечу къаьмнийн карахь а ду, наха шух лаьцна луьйш, мотт бетташ а бу. 4Цундела ладогӀа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Ӏаннашка, тогӀешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дӀахӀиттийначу а яьсса лаьттачу гӀаланашка’. 5Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хӀунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дӀаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“. 6Цундела, Исраил-мехкан лаьттах Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цуьнан лаьмнашка а, гунашка а, Ӏаннашка а, тогӀешка а: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас Сайн карзахваларца а, оьгӀазвахарца а дӀабохуш ду хӀара, хӀунда аьлча кхин къаьмнаш шух кхаьрдаш хилла’“. 7Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Хьалаайинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йо: шуна гонах долчу къаьмнашна а тӀебогӀур бу кхардам“. 8„Ткъа аша, Исраил-мехкан лаьмнаш, керла дитташ кхиор ду, царна тӀехь Сан Исраилан халкъана стоьмаш кхиор бу, хӀунда аьлча и къам кестта цӀа доьрзур ду. 9Со шуьца ву, Ас гӀо дийр ду шуна. Шу охур а ду, шуна тӀехь ялта дӀа а дуьйр ду. 10Шуна тӀехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тӀехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хӀоттийна, гӀаланаш а адамех хьалаюзур ю. 11Ас шуна тӀехь дебор ду адамаш а, хьайбанаш а. Церан дуккха а кӀорнеш а, бераш а хир ду. Ас, хьалха ма-хиллара, шуна тӀехь нах а охьаховшор бу, хьалха хиллачул а сов шуна беркат а лур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 12Ас Сайн Исраилан халкъ шуна тӀехула лоьлуьйтур ду. Шу церан долахь хир ду, аша кхин цкъа а церан дог а дохор дац, уьш тӀаьхье йоцуш а дитина“. 13Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Исраил-мехкан латта, хьох лаьцна вон мел дерг дуьйцу, ахьа хьайн халкъ а дӀакхоллу боху, иштта хьайн тӀаьхье а хӀаллакйо боху. 14Ахьа хьайн халкъ кхин дӀакхоллур дац, иза тӀаьхье йоцуш а дуьтур дац ахьа“. Иштта боху Хьалдолчу Эло: 15„Ас кхечу къаьмнийн кхардам хьуна кхин хозуьйтур а бац, кхечу халкъаша хьо кхин юьхьӀаьржачу хӀоттор а дац, ахьа хьайн къам кхин галдолуьйтур а дац“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».Исраилхойн керла дахар
16ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 17«Адаман кӀант! Исраилан халкъо, шен лаьтта тӀехь ша дехачу хенахь, и латта шен вон леларца бехдора. Церан лелар зудчун ламаз доьхначу хенахь боьха хиларх тера дара. 18Цара Ӏанийна цӀий бахьана долуш а, иштта шайн цӀушца хӀара латта цара бехдина дела а, Ас Сайн оьгӀазалла царна тӀе яссийна. 19Аса уьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийна, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхиссина. Ас, цара лелийна долчу гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йина царна. 20ТӀаккха уьш кхечу мехкашка дӀабахара, амма цигахь а цара Сан еза цӀе сийсазъяьккхира, хӀунда аьлча цигарчу халкъаша бохура: „Иза – Везачу Элан къам ду, амма Цуьнан лаьтта тӀера арадала дезаш хили иза“. 21ТӀаккха Ас сагатдайтира Сайн еза цӀе бахьана долуш, Исраилан халкъо сийсазъяьккхина йолчу. 22Цундела дӀаала Исраилан халкъе Хьалдолчу Эло бохуш дерг: „Хьан дуьхьа дийр дац Аса иза, Исраилан халкъ, амма шаьш арадевллачу къаьмнашна юкъахь ахьа сийсазъяьккхина йолу Сайн еза цӀе бахьана долуш дийр ду. 23Ас язйийр ю Сайн сийлахь цӀе, кхечу къаьмнашна юкъахь бехйина йолу – аша и цӀе царна юкъахь бехйинера. Оцу къаьмнашна хуур ду, Со Веза Эла хилар, – боху Хьалдолчу Эло, – шуьгахула Аса Сайн возалла царна хьалха гайтича. 24Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара схьадохур ду.Ас шу массо а мехкашкара схьагулдийр а ду,
шайн лаьтта шу юха а далор ду.
25Ас шуна тӀе цӀена хин цинцаш деттар ду,
тӀаккха шайн мел йолчу боьхаллех цӀан а лур ду шу.
Шун массо а цӀуйх Аса цӀандийр ду шу.
26 aАс шуна керла дог а лур ду,
иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна.
Шуна чуьра шун тӀулган дог дӀа а даьккхина,
шуна дилханан дог кхуллур ду Аса.
27Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду,
Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду,
Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду.
28ТӀаккха Ас шайн дайшна деллачу лаьтта тӀехь дехар ду шу,
шух Сан халкъ хир ду,
ткъа Со шун Дела хир ву
29Ас шайн боьха хиларх мукъадохур ду шу,
Аса кӀа схьакхойкхур ду,
ткъа иза дебор а ду,
шуьга мацалла а хьоьгуьйтур яц
30Ас шун дитташ тӀера стоьмаш а,
кхаш тӀера ялта а дебор ду,
кхидолу къаьмнаш, мацалла хӀоттар бахьана долуш,
шух кхин ца кхардийта.
31ТӀаккха дагадогӀур ду шуна шаьш дӀакхехьна долу вон некъаш а, шаьш дина долу вонаш а. Цул тӀаьхьа шаьш шайх дог дер ду шун шаьш летийна къинош а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш. 32Шуна дӀахоийла, Ас иза шун дуьхьа дийр доцийла, – боху Хьалдолчу Эло. – ЦӀий а луш, юьхьӀаьржачу хӀуттийла хьо, хьайн некъаш бахьана долуш, Исраилан халкъ“. 33Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шайн мел долчу къинойх Ас шу цӀандийр долчу дийнахь, шайн гӀаланашкахь нах юха охьаховшор а бу, йохийна йолу шун меттигаш юхаметтахӀиттийна а хир ю. 34Дассийна хилла долу шун латта юха а ялта луш дӀахӀуттур ду, тӀехбуьйлуш мел лелачарна хьалха кхин яьсса аре хилла а ца лаьтташ. 35Цара эр ду: ‘ДӀаяханчу заманахь хӀара латта даьсса лаьтташ дара, ткъа хӀинца хӀара Ӏеданан беш санна ду. Кхузара гӀаланаш йохийна, яссийна, хӀаллакйина лаьтташ яра, ткъа хӀинца уьш чӀагӀйина ю, цу чохь адамаш а ду дехаш’. 36ТӀаккха шуна гонах дисинчу къаьмнашна хуур ду, Веза Эла волчу Ас йохийна йолу гӀаланаш юхаметтахӀиттийна хилар а, яьссачу меттигашна тӀехь юха ялта дӀадийна хилар а. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса“. 37Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Ас Исраилан халкъе кхин а цкъа Со лоьхуьйтур ву, церан дуьхьа Со лелийтархьама. Ас уьш, жа ма-деббара, доьбуьйтур бу. 38Ярушалаймехь динан дезачу деношкахь сагӀина лерина долу уьстагӀий ма-хиллара дукха адам хир ду йохийначу гӀаланашкахь. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла“».
Copyright information for
CheCAC2012