Ezekiel 37
Якъаеллачу даьӀахкийн тогӀи
1Везачу Элан ницкъ боьссира суна тӀе, Цуьнан Сино, цигара дӀа а ваьккхина, тогӀи чу охьавоссийра со. Цу тогӀи чохь дукха даьӀахкаш яра. 2Цо цу даьӀахкашна го баккхийтира соьга, ткъа Суна гира тогӀин бухахь йолу уьш чӀогӀа дукха хилар. Со инзарвелира и даьӀахкаш вуно якъаелла хилар бахьана долуш. 3ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Денлур юй те и даьӀахкаш?» Ас жоп делира: «Хьалдолу Эла! Иза Хьуна цхьанна хаьа». 4Везачу Эло соьга элира: «Соьгара хаам а беш, дӀаала оцу даьӀахкашка: „Екъа даьӀахкаш! ЛадогӀа Везачу Элан даше!“ 5Иштта боху Хьалдолчу Эло хӀокху даьӀахкашка: „Ас шуна чу са доуьйтур ду, тӀаккха шу денлур ю. 6Ас шуна кӀозйохург а, дилха а юхадерзор ду, шуна тӀе чкъор а далор ду, цул тӀаьхьа шуна чу са а дуьллур ду, тӀаккха шу денлур ю. Иштта хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла“». 7Ас Везачу Элера болу хаам бора, сайна тӀе-ма-диллара. Аса хаам бечу хенахь тата санна йолу цхьа гӀовгӀа елира. Юха и даьӀахкаш вовшашна тӀеттӀа йоьлхура. 8Суна гира царна тӀе кӀозйохург а, дилха а дуьллуш, цул тӀаьхьа царна тӀе чкъор озийра, амма царна чохь са дацара. 9ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьӀӀера хьайн Ӏаь тохий, хӀокху хӀаллакбиначарна чу са даийта, тӀаккха уьш денлур бу’“». 10 aЦо Суна тӀе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТӀаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагӀевттира. Уьш доккха эскар хиллал чӀогӀа дукха бара. 11ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара даьӀахкаш Исраилан дерриг а халкъ ду. Цара боху: „Тхан даьӀахкаш якъаелла, тхан сатийсам а дӀабаьлла, хиндерг тхох дӀа а хаьдда“. 12Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тӀаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду. 13Аса, шун къуббанаш схьа а йиллина, цу чуьра шаьш арадаьхча, хуур ду Сан халкъ долчу шуна Со Веза Эла вуйла. 14Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, шу ден а лур ду. Цул тӀаьхьа Ас шу шайн лаьтта тӀе даха охьаховшор ду. ТӀаккха хуур ду шуна Веза Эла волчу Аса иштта аьллийла а, ткъа Айса аьлларг Аса кхочушдинийла а’“».ЯхӀудан халкъ а, Исраилан халкъ а вовшахтохар
15Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 16«Адаман кӀант, хьайна цхьа гӀаж схьа а эций, цу тӀе дӀаязде: „ЯхӀудан тайпа а, цуьнца бертахь болу исраилхой а“. Цул тӀаьхьа шолгӀа гӀаж схьа а эций (иза Эпрайман гӀаж ю), цу тӀехь а дӀаязде: „Юсупан тайпа а, цуьнца бертахь долу дерриг Исраилан халкъ а“. 17Цул тӀаьхьа и ши гӀаж, цхьа гӀаж йолуш санна, цхьаьна дӀалаца хьайн куьйгахь. 18Хьан халкъо хьайга, и хӀун ду бохуш, хаттар дича, 19цуьнга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Эпрайман карахь йолу Юсупан гӀаж а, цуьнца бертахь долу Исраилан тайпанаш а Ас ЯхӀудан гӀожаца цхьаьна дӀалоцур ду, цхьа гӀаж санна. Уьш Сан карахь цхьаъ санна хир бу’“. 20Айхьа тӀехь яздина йолу ши гӀаж царна хьалха хьайн куьйгахь латтае. 21ДӀаала халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шаьш дӀабаханчу меттера къаьмнашна юкъара схьабохур бу Ас исраилхой. Массо а маьӀӀера уьш схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу Аса. 22ХӀокху лаьтта тӀехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дӀахӀиттор бу. Царна массарна а тӀехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а. 23Цара шаьш кхин бехдийр дац шайн цӀушца а, я шайн дегазчу гӀуллакхашца а, я шаьш мел летийначу зуламашца а. Ас массо а къинойх кӀелхьара а даьккхина, цӀандийр ду и къам. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. 24 bСан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тӀехь цхьа Ӏу а хир ву. Уьш Сан тӀедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду. 25Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тӀехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тӀехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь. 26Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дӀа а хӀоттор ю. 27 cЦарна юкъахь хир ю Сан хӀусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. 28Сан Деза цӀа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“».
Copyright information for
CheCAC2012