‏ Ezekiel 38

ГӀогӀана тӀехь толам баккхар

1Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 a«Адаман кӀант, Машах а, Тубал а цӀераш йолчу меттигийн МагӀогӀ-махкарчу коьрта эла
Машахан а, Тубалан а коьрта эла – я иштта: Рошан а, Машахан а, Тубалан а эла.
волчу ГӀогӀехьа дӀа а верзий, цунна дуьхьал вистхила. Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цуьнга:
3„Везачу Эло иштта боху: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла
Машахан а, Тубалан а коьрта эла – я иштта: Рошан а, Машахан а, Тубалан а эла.
волчу хьуна дуьхьал ву Со!
4Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мӀерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тӀамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТӀемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш. 5Парсихойн а, хушахойн а, пӀатӀахойн а тӀемалой а хир бу цаьрца, шайн турсашца а, гӀемашца а. 6Иштта шен эскарийн тобанашца волу Гомар а, кхин а генарчу къилбаседехьара схьавеана волу а, шен эскарийн тобанашца волу а Байт-ТогӀарма а хир ву цаьрца. Дуккха а къаьмнаш хир ду хьоьца. 7Кечам а бай, кийча хила хьо а, хьуна тӀегулделла массо а эскар а, ткъа хьо церан баьчча а хила. 8Дуккха а денош дӀадевллачул тӀаьхьа хьо тӀом бан тӀекхойкхур ву. Хинйолчу заман чохь хьо тӀом бинчуьра юхаметтахӀоьттинчу махкана тӀегӀуртур ву. Дуккха а къаьмнашна юкъара оцу мехкан нах гулбинера еххачу хенахь даьсса лаьттина долчу Исраил-мехкан лаьмнашка. Оцу мехкан халкъ кхечу къаьмнашкара арадаьккхинера, ткъа хӀинца уьш массо а кхерам а боцуш цу лаьтта тӀехь дехаш ду. 9Амма хьо царна тӀелетар ву, йочана я дерриге а латта къайладоккхуш йолу Ӏаьржа марха санна, тӀе а хьаьдда. Хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхин а дуккха а кхидолу къаьмнаш а кху лаьттана тӀелетар ду’.

10Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цу дийнахь хьан даг чохь цхьа ойла кхоллалур ю, тӀаккха хьуна вон хӀума дан дагадогӀур ду. 11Ахьа эр ду: ‹Со ваха а вахана, чӀагӀйина йоцучу гӀаланашна тӀелетар ву. Уьш маьрша бехаш бу, шайна цхьа а кхерам бац бохуш, церан я пенаш а дац, я гӀорашца къовлуш долу кевнаш а дац. 12Ас, царна тӀехь толам а баьккхина, церан массо а хӀума хӀонс санна дӀахьур ду. Аса тӀом бийр бу йохийначуьра юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна дуьхьал, кхечу къаьмнашкара гулдинчу халкъана дуьхьал а. Оцу халкъан даьхни а, бахам а бу, иза дуьненна юккъехь Ӏаш ду›. 13Шеба а, Даддан а гӀаларчу наха а, Таршаш-гӀаларчу совдегарша а, цуьнан мел йолчу ярташа а хьоьга хоттур ду: ‹Хьо талор дан веана те, ахьа хӀара эскар исраилхошкара массо а хӀума: деши, дети, даьхни, кхидолу хӀума дӀадахьа гулдина те?›’“.

14Цундела, адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Хьалдолчу Эло иштта боху хьоьга: ‘Сан Исраилан халкъ, шена кхерам боцуш дехаш хетачу хенахь, ахь тидам бийр бу цуьнан. 15Къилбаседехьа болчу генарчу хьайн махкара схьавогӀур ву хьо, хьайца дуккха а къаьмнийн эскархой а балош, уьш берриш а дошлой хир бу. 16Хьо Сан Исраилан халкъана тӀелата вогӀур ву, хьо лаьтта тӀехула дӀаяьржина йолу Ӏаьржа марха санна хир ву. И хан тӀекхаьчча, Ас хьо Сайн халкъана дуьхьал тӀом бан валор ву, къаьмнашна Со вовзийтархьама, хьоьгахула Аса царна хьалха Сайн возалла гайтича’. 17Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьо вуй те Ас хьалхарчу заманахь Сайн ялхой болчу Исраил-мехкан пайхамаршкахула вийцинарг? Цу хенахь Ас элира, царна дуьхьал ваккха хьо валор ву Ас аьлла.

18Оцу дийнахь, ГӀогӀа
ГӀогӀ – иза, схьахетарехь, къоман цӀе ю.
Исраил-махкана дуьхьал тӀом болийча, – боху Хьалдолчу Эло – Сан оьгӀазалла карзахъер ю.
19Сайн эмгараллица, Сайн дераллин цӀерца Ас чӀагӀо йо, оцу дийнахь Исраил-махкахь чӀогӀа мохк бегор бу аьлла. 20Дуьнен чохь дийна мел долу хӀума Суна хьалха кхерарна дегош хир ду: хӀорда чохь долу чӀерий, стигалахь долу олхазарш, аренгахь лелаш йолу акхарой, лаьттахула текхаш мел йолу хӀума, иштта лаьтта тӀера хӀора стаг а. Лаьмнаш охьакхиссина хир ду, баххьийн йистош охьаэгар ю, дерриг а пенаш лаьтта охьаэгар ду. 21Дерриг а Сан лаьмнашкахула Сайн тур схьакхойкхур ду Аса ГӀогӀана дуьхьал тӀом бан, – боху Хьалдолчу Эло. – ХӀора тӀемалочо шен вешина тӀе тур хьалаойур ду. 22Ас цунна таӀзар дийр ду уьнца а, цӀийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тӀе массо а хӀума къайладоккхуш долу догӀа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цӀе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тӀе. 23ТӀаккха Ас дӀагойтур ду, Со сийлахь а, веза а хилар, иштта дуккха а къаьмнашна довзуьйтур ду Аса Со мила ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла’“».
Copyright information for CheCAC2012