‏ Ezekiel 39

ГӀогӀах лаьцна хиндерг алар

1«Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла
Машахан а, Тубалан а коьрта эла – я иштта: Рошан а, Машахан а, Тубалан а эла.
волчу хьуна дуьхьал ву Со!
2Хьо юха а верзийна, Аса дӀакхоьхьур ву хьо. Генарчу къилбаседехьара хьо схьа а валийна, Исраилан лаьмнашна дуьхьал дӀавуьгур ву Ас. 3ТӀаккха Ас хьан аьрру куьйгара секхаӀад дӀадоккхур ду, хьан аьтту куьйгара пхерчий дӀакхуьссур ду. 4Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо – хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дӀалур ву. 5Хьо аренгахь вуьйр ву, Аса иштта аьлла дела – боху Хьалдолчу Эло. – 6Везачу Эло боху: ‹Ас МагӀогӀ-махкана тӀе а, хӀордан йистехь кхерам боцуш дехаш долчу адамашна тӀе а цӀе хьажор ю. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. 7ТӀаккха Аса Сайн еза цӀе Сайн Исраилан халкъана дӀайовзуьйтур ю. Ас кхин сийсазйохуьйтур яц Сайн цӀе, ткъа массо а къаьмнашна дӀахуур ду, Веза Эла волу Со Исраилан халкъан Везаниг вуйла.

8Гой хьуна, и хӀума тӀекхочуш ду, иза кхочуш а хир ду, – боху Хьалдолчу Эло. – Ас дийцина долу де ма ду иза!

9ТӀаккха Исраил-махкарчу гӀаланашкахь бехаш болчу бахархоша, ара а бевлла, цӀе а латийна, цу цӀергахь герз дагор ду – кегий а, даккхий а турсаш а, секхаӀедаш а, пхерчий а, хьокхий а, гоьмукъаш а. ВорхӀ шарахь шайн цӀерашкахь дагор ду цара уьш. 10Цара аренгахь дечиг а гулдийр дац, хьаннашкахь дитташ а хедор дац – мостагӀийн герз чӀеш хилла дӀахӀуттур ду царна. Шайгара хӀонс а яьккхина, талор диначарна цара талор дийр ду, цаьргара хӀонс а йоккхур ю›’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

ГӀогӀ дӀаволлар

11«Ас Исраил-махкахь меттиг билгалйоккхур ю, ГӀогӀ дӀаволлийта. Иза хир ю хӀорд болчу агӀонгара малхбалехьа, Беллачийн ТогӀи
Беллачийн ТогӀи – я иштта: Чекхбевллачийн ТогӀи.
чохь. Цу меттиго некъахойн некъ сацор бу. Наха цунна, ГӀогӀан эскаран тогӀи аьлла, цӀе туьллур ю.
12ВорхӀ баттахь дӀабухкур бу уьш Исраилан халкъо, шайн латта царах дӀацӀандеш. 13Дерриг а халкъ хир ду уьш дӀабухкуш, ткъа халкъана иза сийнна хир ду Ас Сайн сийлалла дӀагойтуш долу и де». Иштта боху Хьалдолчу Эло. 14«Цара леррина нах билгалбохур бу, махкахула чекх а буьйлуш, лаьтта тӀехула дисина долу беллачийн декъий цаьрга дӀадохкийта, шайн латта цӀандархьама. ВорхӀ бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа уьш и декъий лаха арабовла беза. 15Декъий схьалохуш волчунна адаман цхьа даьӀахк гича, цо цунна улло билгало хӀотто еза, и декъий дӀадухкуш лелаш болчарна и билгало гинчул тӀаьхьа, уьш ГӀогӀан эскаран тогӀи чохь дӀадохкийта. 16Цу беллачеран гӀалина, ХӀамуна (эскарийн тоба) аьлла, цӀе туьллур ю. Иштта цӀандина хир ду и латта.

17 cАдаман кӀант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дӀаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагӀа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагӀа ду, цигара дилха а даа, цӀий а мала. 18Аша майрачу тӀемалойн дилха дуур ду, Лаьттан элийн цӀий а мер ду, ткъа уьш Башанехь дустийна уьстагӀий а, Ӏахарий а, гезарий а, стерчий а санна хир бу. 19Аша шаьш дуззалц мохь а юур ю, шаьш даххалц цӀий а мер ду, Ас шайна даьккхинчу сагӀанах. 20Сан шуьна тӀехь шу дуззалц яа говраш а, дошлой а, майра тӀемалой а, иштта массо а тайпана эскархой а хир бу’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

Исраил-мохк юхаметтахӀоттор

21«Ас халкъашна Сайн сийлалла гучуйоккхур ю, тӀаккха массо а къаьмнашна Ас йина кхел дӀагур ю, царна Сан ницкъ а дӀагур бу. 22Оцу дийнахь дуьйна Исраилан халкъана хуур ду, Со шайн Веза Дела вуйла. 23Массо а халкъашна дӀахуур ду Исраилан халкъ шен къа бахьана долуш йийсаре дигна хилар, хӀунда аьлча иза Суна тешаме ца хилла. Иштта Аса, цунах Сайн юьхь къайла а яьккхина, иза цуьнан мостагӀийн кара дӀаделира, цаьрга иза эшадайтархьама а, тӀамехь далийтархьама а. 24Со цаьрца лелла, церан боьха хиларе а, цара летийначу зуламашка а хьаьжжина. Иштта Аса Сайн юьхь царах къайлаяьккхина».

25Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХӀинца Ас Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цӀе Ас ларйийр ю. 26Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош. 27Ас Сайн халкъ кхечу къаьмнашкара юхадерзор ду, Ас иза цуьнан мостагӀийн мехкашкара схьагулдийр ду, ткъа иштта Аса дуккха а къаьмнашна хьалха дӀагойтур ду, Со веза хилар. 28Иштта хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла, хӀунда аьлча уьш кхечу къаьмнашна юкъа Ас йийсаре бахийтинехь а, хӀинца уьш, схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу, царах цхьа а цигахь вуьтур а вац. 29Ас кхин цкъа а царах Сайн юьхь къайлайоккхур яц, хӀунда аьлча Ас Сайн Синан Ӏаь тухур ю Исраилан халкъана тӀе». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for CheCAC2012