Ezekiel 4
Ярушалайм-гӀалина го беш гайтар
1«Адаман кӀант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дӀахӀоттае, ткъа цунна тӀехь Ярушалайм-гӀалин сурт дилла. 2ТӀаккха гӀалина го лаца: иза схьаяккхархьама тӀеман гӀирс а дӀахӀоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бӀогӀамаш а хӀиттаде. 3Цул тӀаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гӀалиний юккъе дӀахӀоттаде. Цу гӀалина тӀе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю. 4Юха ахьа, аьрру агӀор охьа а вижий, Исраилан халкъан къинош хьайна тӀеэца. Хьо цу аьрру агӀонна тӀехь мел Ӏуьллу, оццул ханна и къинош хьуна тӀехь хир ду. 5Аса хьуна тӀехь и къинош хила деза денош, цхьа де цхьана шарца а нисдеш, терахь хӀоттийна. Кхо бӀе дезткъе итт дийнахь хир ду хьуна тӀехь Исраилан халкъан къинош. 6Иза хьо дина ваьллачул тӀаьхьа, аьтту агӀор а верзий, шовзткъа дийнахь Ӏилла. Цу деношкахь ахьа ЯхӀудан халкъан къинош хьайна тӀеоьцу, цхьа де цхьана шарца а нисдеш: оццул хан ю Ас хьуна билгалъяьккхинарг. 7Хьайн бӀаьргаш го лаьцначу Ярушалаймана тӀе а хьажабай, берзинчу пхьаьрсаца цунна дуьхьал Делера болу хаамаш бе. 8Ткъа хӀинца хьажал, Ас хьо машшашца дӀавоьхкур ву, хьо цхьана агӀора вукху агӀор верза йиш йолуш вац, ахьа гӀалина го бина долу денош чекхдовллалц. 9Хьайна кӀа а, мукх а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, Ӏов а схьа а эций, уьш цхьана пхьегӀи чу а йохкий, царах дама даккха. Цу демах хьайна баьпкаш де, хӀора хьайн цигахь аьрру агӀор Ӏилла везачу дийнан цӀарах цхьацца бепиг а деш. Ахьа уьш кхаа бӀе дезткъе итт дийнахь даа деза. 10Ахьа хӀора дийнахь юуш йолчу хӀуманан барам ткъа шекхал ▼▼Шекхал – цхьа шекхал итт грамм барамал яра.
хила еза. Иза дийнан дохаллехь шен-шен барамехь яа еза. 11Дийнахь сарралц кхо кад хи мала йиш ю хьан, билгалъяьхначу хенашкахь а молуш. 12Адамах дӀакъаьстинчу якъаеллачу боьхаллашна тӀехь датта а доттуш, хьайн кхача, мекхан демах бина хьокхам санна, баа беза ахьа, адамашна дӀа а гойтуш». 13Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Оцу хӀумано гойтур ду, Исраилан халкъо хьарам кхача муха боу, Ас, шаьш цӀера ара а даьхна, кхин къаьмнаш долчу дӀалаьхкича». 14ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Дела! Ас цкъа а ца йиъна Хьуна боьха хеташ йолу хӀума, ас иштта цкъа а ца диъна урс хьакхаза долчу я акхароша дийначу бежанан жижиг. Сан багахула, со жима волчу хенахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, хьарам кхача чекх ца баьлла». 15ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Дика ду, Ас пурба лур ду хьуна адамийн боьхаллийн метта бежанийн кхо даго, хьайна кхача бечу хенахь». 16Цул тӀаьхьа Цо элира: «Адаман кӀант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду, 17хӀунда аьлча цигахь адамашна даъал бепиг а, маллал хи а хир дац. Уьш инзарбевлла вовшашка хьоьжур а бу, уьш телхар а бу. Иза хир ду церан къинош бахьана долуш».
Copyright information for
CheCAC2012