‏ Ezekiel 40

Яхьазкхиал Ярушалаймана тӀевалор

1Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе пхоьалгӀачу шеран хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь, бавелхоша Ярушалайм йохийна дейтта шо кхочуш – оццу дийнахь Суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, ткъа Цо со оцу гӀала дӀаваьхьира. 2 aДала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тӀе дӀахӀоттийра. Ткъа цу лам тӀехь къилбехьа йолчу агӀонгахь гӀала йолуш санна цхьа гӀишлош хеталора. 3 bВезачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цӀаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дӀа а хӀоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хӀума юстуш йолу ве̄танан тӀийраг а, иштта хӀума юстуш йолу гӀаж а яра.

4Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хӀуманна тӀе а дерзаде, хӀунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дӀадийца».

Малхбалера ков

5 cСуна Делан цӀийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хӀума юстуш йолу гӀаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хӀора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гӀожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра. 6Цул тӀаьхьа, малхбалехьа дӀадерзийна динчу кевнна улло а вахана, цуьнан ламеш тӀехула хьала а ваьлла, неӀсагӀа дуьстира цо. Оцу неӀсагӀин шоралла цхьана гӀожан барамехь яра
Ӏебархойн тептар тӀехь тӀетоьхна ду: Цуьнан шоралла цхьана гӀожан барамехь яра.
.
7ХӀора агӀонгара йолу чоь цхьа гӀаж шуьйра яра. Чоьнашна юккъехь долу пенаш пхи дол дара. Ткъа кевнал тӀехваьллачул тӀаьхьа йолчу ученна уллохь долу неӀсагӀа цхьана гӀожан барамехь шуьйра дара. 8ТӀаккха цо Делан цӀийнан агӀор йолчу ученан ков дуьстира, иза цхьана гӀожан барамехь дара. 9Цул тӀаьхьа цо ученан ков дуьстира – иза бархӀ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гӀорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цӀийнан ков долчу агӀор яра. 10Малхбалехьа дӀадерзийна долчу кевнан хӀора агӀонгахь кхоккха жима цӀа дара, уьш хӀора а цхьана барамехь дара, шина а агӀор йолу пенийн гӀортораш санна.

11Кевнийн шоралла цо юьстича, иза итт дол яра, ткъа церан дохалла кхойтта дол яра. 12ХӀора чоьнна хьалха схьаеана меттиг яра, цхьа дол лекха а йолуш, ткъа вукху агӀор и санна схьаеана меттиг яра. Цу чоьнийн хӀора агӀо ялх дол яра. 13Цул тӀаьхьа цо цхьана чоьнан тхевнна тӀера дуьхьаларчу чоьнан тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг юьстира, иза ткъе пхиъ дол хилира. Цу чоьнийн неӀарш дуьхь-дуьхьал яра. 14Пенийн гӀорторийн лакхалла юьстича, иза кхузткъа дол яра. Ткъа ков кертан пенан гӀорторана тӀекхаччалц гонах догӀура. 15Кевнан чуволучу меттигера ученна тӀехьа йолчу меттиге кхаччалц болу барам шовзткъе итт дол бара. 16Кевнна чухула а, церан пенийн гӀорторашкахь а массанхьа а дӀакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гӀорторана тӀехь диллина хурма-диттан суьрташ дара.

Арахьара керт

17Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тӀулган цӀенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш. 18И цӀенкъа кевнийн агӀонашкахь йина яра, цу кевнийн барамехь еха а яра. Иза лахара цӀенкъа яра.

19ТӀаккха цу стага лахарчу кевнан чоьхьарчу меттигера чоьхьарчу кертан арахьарчу агӀор тӀе кхаччалц болу барам буьстира. Иза малхбалехьа а, къилбаседехьа а дӀаюьстича, цхьа бӀе дол хилира.

Къилбаседера ков

20Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан. 21Цигахь а хӀора агӀонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гӀортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. 22Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. 23Чоьхьарчу кертан а ков дара. Иза къилбаседехьарчу кевнна дуьххьал лаьтташ дара, малхбалехьарчу кевнах тера а дара. Цу стага цхьана кевнна тӀера дуьххьал лаьтташ йолчу вукху кевнна тӀекхаччалц йолу меттиг юьстича, иза бӀе дол хилира.

Къилбера ков

24ТӀаккха цо со къилбехьа дӀавигира. Цигахь суна къилбехьара ков гира. Цуьнан гӀорторан пенаш а, уче а цо юьстича, церан барам хьалхалерчийн санна бара. 25Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара, хьалхалерчийн санна. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ. 26Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Шинна а агӀор лаьтташ гӀорторан пенаш дара, шайна тӀехь палма олучу диттийн суьрташ а долуш. 27Чоьхьарчу кертан къилбехьа йолчу меттехь а дара ков. Цхьана кевнна тӀера дуьйна вукху кевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг бӀе дол яра.

Чоьхьарчу кертан кевнаш

28Къилбехьарчу кевнехула чоьхьарчу керта тӀе валийра со цу стага. Цо къилбехьара ков а дуьстира. Цуьнан барам вукхеран санна хилира. 29АгӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, ученаш а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе пхиъ дол дара. 30(Чоьхьарчу кертана чуйоьдуш йолчу ученийн барам, уьш юьстича, ткъе пхиъ дол яра, ткъа шоралла – пхи дол.) 31Къилбехьарчу кевнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, пенийн гӀорторашна тӀехь хурма-диттан суьрташ дара, ткъа кевнан ламин бархӀ тӀегӀа а дара.

32Цо со чоьхьарчу керта тӀе воьдучу малхбалехьарчу кевне вигира. Цигара ков дуьстича, цуьнан хьалхалерчийн санна барам хилира. 33Оцу кевнан агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Малхбалехьара ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. 34Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.

35Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьарачу кевне валийра, иза дуста а дуьстира. Цуьнан барам хьалхалерчийн санна бара. 36Оцу кевнан а агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ дол. 37Цуьнан уче
Уче – иштта ду грекийн гочдар тӀехь. Делахь а, Ӏебархойн тептар тӀехь иштта ду: гӀорторан пен.
арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.

Чоьхьарчу кертан кевнашна уллохь йолу чоьнаш

38Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гӀорторашна уллохула чувогӀийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагӀина лерина долу хӀума дуьлуш йолу меттиг яра. 39Кевнан ученна чохь шинна а агӀор лаьтташ шишша стол яра. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀина лерина долчу а, къиношна тӀера леринчу а, иштта гӀуда такхаран сагӀина лерина долчу а дийнаташна урс хьокхура. 40Ученан арахьахула, къилбаседехьара долчу кевнна чуволучу меттехь лаьтташ шинна а агӀор шишша стол яра. 41Йиъ стол кевнан арахьарчу агӀор яра, ткъа важа йиъ чоьхьарчу агӀор яра. Уьш ерриг а бархӀ стол яра, дийнаташ дайа лерина йолу. 42Дийнаташ дагоран сагӀанашна лерина йолу йиъ стол хьаькхначу тӀулгах йина яра. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьа дол ахдол яра, ткъа лакхалла цхьа дол яра. Цу тӀехь динан дайша дийнаташ дагоран сагӀа а, кхидолу сагӀанаш а дохучу хенахь шайна оьшуш болу гӀирс охьабуьллура. 43Гобаьккхина пенех дӀатоьхна куьйггал долу мӀерий дара, ткъа стоьлаш тӀе сагӀа доккхучу хенахь даьккхина долу жижиг дуьллура.

44Чоьхьарчу кевнан арахьахула йина илланчашна лерина ши чоь яра. Цхьаъ къилбехьа йирзина яра, ткъа важа, къилбехьарчу кевнна агӀонгахь ерг, къилбаседехьа йирзина яра. 45Цу стага соьга элира: «Къилбехьа йолу чоь Делан цӀенна ха деш болчу динан дайшна лерина ю. 46Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагӀа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦӀадукъин тӀаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гӀуллакх дархьама».

Чоьхьара керт а, Делан цӀа а

47Цо чоьхьара керт юьстира. Иза бӀе дол йохалла а, бӀе дол шоралла а яра, еакӀов а йолуш. Делан цӀенна хьалха лаьтташ сагӀа доккху кхерч а бара. 48Цо со Делан цӀийнан уче йолчу схьавалийра. ТӀаккха цо массо а пенан гӀортор юьстира, уьш хӀорра а пхиппа дол яра. Ков дейтта дол шуьйра дара
Ков дейтта дол шуьйра дара – иштта ду ширачу грекийн гочдар тӀехь, амма Ӏебархойн тептар тӀехь и дешнаш дац.
, ткъа пенан шоралла кхо дол яра.
Делан цӀийнан ученан шоралла ткъа дол яра, ткъа йохалла шийтта дол яра. Цунна тӀебоьдучу ламин итт тӀегӀа дара, хӀора шина пенан гӀорторна уллохь цхьацца бӀогӀам а бара лаьтташ.49

Copyright information for CheCAC2012