‏ Ezekiel 42

Динан дайшна лерина йолу чоьнаш

1Къилбаседехьарчу некъа тӀехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гӀишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тӀе вигира цо со. 2И чоьнаш йохалла бӀе дол яра, ткъа шоралла шовзткъе итт дол яра, къилбаседехьа чуволу меттиг а йолуш. 3Чоьхьарчу кертан ткъа дол шораллехь долчу меттигна хьалха а, арахьарчу кертан цӀенкъанна хьалха а лаьтташ яра и чоьнаш. Чоьнийн цхьа могӀа вукху могӀанна дуьхьал бара, кхоккха гӀотахь а болуш. 4Цу чоьнашна хьалха цхьа чекхволийла яра итт дол шуьйра а йолуш, бӀе
Ширачу грекийн гочдар тӀехь: бӀе дол. Ӏебархойн тептар тӀехь: цхьа дол.
дол еха а йолуш. Цу чоьнан неӀарш къилбаседехьа йирзина яра.
5Лакха тӀера чоьнаш готта яра, хӀунда аьлча ученаша дӀалаьцна йолу меттиг йоккхаха яра, юккъерачу а, лахарчу а чоьнех цара дӀалаьцначул а. 6Чоьнаш кхаа гӀотехь лаьтташ яра. Керташкахь санна, царна хӀиттийна бӀогӀамаш дацара. Цундела лакхара чоьнаш готто яра юккъерачу а, лахарчу а могӀанашкахь йолчу чоьнел. 7Арахьара цхьа пен цу чоьнашца нийсса бина а, арахьарчу керта тӀе кхочуш а бара. И пен шовзткъе итт дол беха бара. 8Арахьарчу кертара чоьнийн могӀаран йохалла шовзткъе итт дол яра, ткъа Делан цӀенна дуьхьал болу чоьнийн могӀа бӀе дол бара. 9Лаха чохь цу чоьнашна чувоьду неӀ яра. Арахьарчу кертахула чувогӀуш хилча малхбалехьара чувогӀийла дара. 10Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа
Грекийн гочдар тӀехь: къилбехьа. Ӏебархойн тептар тӀехь: малхбалехьа.
, майданна дуьхьал а, йоккхачу гӀишлонна дуьхьал а яра чоьнаш.
11Царна хьалха а чекхволийла яра. Уьш къилбаседехьа йирзина йолу важа чоьнаш санна яра, церан санна йохалла а, иштта шоралла а йолуш. Къилбаседехьа йолчу чоьнийн чувогӀийла а, куц а, неӀарш а 12къилбехьа йолчу чоьнийн санна яра. Чекхволийла дӀайолалучу меттехь чувоьдийла яра. Малхбалерчу лардаран пенехула чуван йиш яра.

13Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагӀанаш дохучу динан дайша уггар деза сагӀанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагӀанаш – кӀен сагӀа а, къинан сагӀа а, гӀуда такхаран сагӀа а – хӀиттор ду, иза еза меттиг йолу дела. 14Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тӀера Далла гӀуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хӀунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тӀе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тӀаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан».

Делан цӀийнан кертан барам

15Ша Делан цӀийнан керташкара чоьхьара юьстина ваьлча, цо со малхбалехьа лаьттачу кевнехула аравалийра, цул тӀаьхьа иза Делан цӀийнан кертал арахьара меттиг юста волавелира. 16Малхбалехьа йолу агӀо цо шен гӀожаца юьстира. И агӀо пхи бӀе дол хилира. 17Цо иштта къилбаседехьа йолу меттиг а юьстира, иза а пхи бӀе дол хилира. 18Къилбехьара агӀо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира. 19Малхбузерчу агӀонга а вахана, иза а цо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира. 20Иштта Делан цӀийнан керташна гонах болу пен цо еа а агӀонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бӀе дол бара, иштта пхи бӀе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дӀакъастайора.
Copyright information for CheCAC2012