c Арадаккхар 27:1, 2; 2 Шерашкахь 4:1.
d Арадаккхар 29:35-37.
Ezekiel 43
Делан цӀа чу Везачу Элан сийлалла схьаяр
1Цу стага со малхбалехьа дӀадерзийна лаьтташ долчу кевнна тӀе вигира. 2 aТӀаккха малхбалехьара схьайогӀуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хӀордан гӀовгӀа санна, чӀогӀа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера. 3Суна хӀоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хӀаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хӀоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хӀоьттинчу суьртех тера а дара. ТӀаккха со бертал вуьйжира. 4Везачу Элан сийлалла малхбалехьа дӀадерзийна лаьттачу кевнехула Делан цӀа чу делира. 5ТӀаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цӀа хьаладуьзна хилар. 6Стаг суна уллохь лаьтташ волчу хенахь, Делан цӀа чуьра суна цхьаъ сайга вистхуьлуш хезира. 7Оцу озо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара меттиг Сан Ӏаршан меттиг а, иштта Сан когийн кӀело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хӀара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цӀе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Ӏамал ярца а, шайн сагӀа доккхучу гунашна тӀехь шайн паччахьийн декъий дӀадохкарца а ▼▼Шайн паччахьийн декъий дӀадохкарца а – я иштта: шайн беллачу паччахьашна зиярташ дарца а.
. 8Цара шайн неӀсагӀа Сан неӀсагӀина улло хӀиттадора, иштта шайн неӀарш Сан неӀаршна улло хӀиттайора. Тхуна юкъахь цхьа пен бен боццушехь, цара Сан еза цӀе сийсазйохура шаьш лелочу вочу хӀуманашца. Цундела Сайн оьгӀазвахарца дӀакхаьллира Аса уьш. 9ХӀинца цара Суна уллора дӀадаккха деза, Суна тешаме а боцуш, шаьш кхечу деланашна Ӏамал яр а, шайн паччахьийн декъий а, тӀаккха Со царна юкъахь массо а хенахь вехар ву. 10Ткъа хӀинца ахьа, адаман кӀант, Исраилан халкъе дӀадийца хӀокху Делан цӀийнах лаьцна, шаьш лелийначу харцонашна уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, цаьрга кхунна тӀера бустамаш дахийтархьама. 11Царна шаьш лелийнарг бахьана долуш эхь хетахь, дӀагайта царна Делан цӀа, хӀара муха дина ду а, кхуьнан чуволу а, араволу а меттигаш а дӀагайта царна. ХӀара муха дина ду а, кхуьнан массо а парзаш а, кхуьнан куц а, кхунна лелаш болу товрат-хьехамаш а дӀабийца царна. Церан дуьхьа дерриг а дӀаязде, цаьрга цуьнан массо а куц лардайтархьама а, цуьнан массо а парзаш кхочушдайтархьама а. 12ХӀара бу Делан цӀийнан товрат-хьехам: ломан боххьера цунна гонах мел дерг а – уггаре дезаниг ду. Иштта бу Делан цӀийнан товрат-хьехам!» СагӀа доккху кхерч
13 cХӀорш бу сагӀа доккхучу кхерчан барамаш, цхьа шира доллий, цхьа шей цхьана даларан барам лерича. Кхерчана гонах саьнгар цхьа дол кӀорга яра, шоралла а цхьа дол яра. Саьнгарна арахула хӀоз бара, лакхалла цхьа ше а йолуш. Иштта бара сагӀа доккхучу кхерчан бух. 14Лаьтта тӀехь болчу саьнгаран буха тӀера дуьйна лахарчу кхерчан хӀазарна тӀе кхаччалц йолу юкъ ши дол яра. Оцу хӀазаран шоралла цхьа дол яра. Лахарчу хӀазарна тӀера кхерчан лакхарчу хӀазарна тӀе кхаччалц йолу юкъ йиъ дол яра, ткъа оцу хӀазаран шоралла а цхьа дол яра. 15СагӀа доккхучу кхерчан юкъ ша диъ дол лекха яра, цу чуьра хьалайолуш йиъ маӀа яра. 16СагӀа доккхучу кхерчан юкъ шийтта дол еха а, шийтта дол шуьйра а яра – иза ша еакӀов яра. 17Кхерч тӀехь лаьттачу меттиган йохалла дейтта дол яра, иштта цуьнан шоралла а дейтта дол яра. Ткъа цунна гонах хӀоз бара, ахдол лекха а болуш, ткъа хӀазарна гонах йолу саьнгар цхьа дол шуьйра яра. Цу кхерчана тӀе боьду лами малхбалехьарчу агӀор бара. 18 dЦу стага соьга элира: «Адаман кӀант! Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Иштта ду дийнаташ дагоран сагӀа даккхарна а, цунна тӀе цӀийн цинцаш тохарна а лерина долу сагӀа доккхучу кхерчана а лерина долу парзаш, иза бина баьлча. 19Ткъа ахьа, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гӀуллакх а деш, Суна тӀегӀерташ болчу, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу, иштта левихойн тайпанах болчу динан дайшна къиношна тӀера сагӀа даккха цхьа сту дӀало. 20Цунах схьадаьллачу цӀийх цхьажимма сагӀа доккхучу кхерчан еа маӀана тӀе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хӀазарна тӀе а хьакха. Иштта, цӀан а бай, базбе иза. 21Къинойх долчу сагӀина лерина старгӀа схьа а эций, ягае иза ха долчу меттигехь, Делан цӀенна арахь. 22ШолгӀачу дийнахь, тӀехь цхьа а сакхт доцу бож гезаршна юкъара схьа а эций, къинойх долу сагӀа даккха цунах хьалха санна, сагӀа доккху кхерч цӀанбе, стараца ма-цӀанбарра. 23Хьо и хӀума дина ваьлча, бежана юкъара цхьа а тӀехь сакхт доцу старгӀа а, иштта жена юкъара тӀехь сакхт доцу уьстагӀ а схьабалабе. 24И дийнаташ Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаде. Динан дайша, царна тӀе туьха а тесна, царах Везачу Элана дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду. 25ВорхӀ дийнахь къинойх долу сагӀа даккха цхьацца бож ялае. Иштта бежана юкъара тӀехь сакхт доцу цхьацца старгӀа а, иштта жена юкъара цхьа а сакхт тӀехь доцу уьстагӀ а балабе. 26ВорхӀ дийнахь цара сагӀа доккху кхерч оцу тайпана цӀанбан беза, иза баз а беш. 27И денош чекхдевллачул тӀаьхьа, борхӀалгӀачу дийнахь, иштта кхин а тӀаьхьарчу деношкахь а динан дайша цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дохур ду шуна тӀера. Ткъа Со шуна реза хир ву“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012