‏ Ezekiel 44

Малхбалерчу кевнехь дан тӀедиллинарг

1Цо со юха а езачу меттиган малхбалехьа дӀадерзийна динчу арахьарчу кевне схьавалийра. И ков дӀакъевлина дара. 2Везачу Эло соьга элира: «ХӀара ков дӀакъевлина хир ду, иза дӀадоьллур дац, кху чухула цхьа а стаг чекх а вер вац, хӀунда аьлча хӀокху кевнехула Исраилан халкъан Дела волу Веза Эла кху чу веана. 3Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогӀур ву, цигахула ара а вер ву».

Делан цӀийнан керташкахь гӀуллакх дарна тӀедиллинарг

4Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цӀенна хьалха схьавалийра. Со дӀахьаьжча, Делан цӀа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТӀаккха со бертал вуьйжира. 5Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн дог тӀе а дерзадай, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа Ас Делан цӀийнан керташна лерина мел долчу парзех а, товрат-хьехамех а лаьцна хьайга бохучуьнга. Дикка хьажа Делан цӀенна чуволийле а, иштта езачу меттиган араволийлашка а.

6ДӀаала аьрхачу Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тоьар ду хьуна, Исраилан халкъ, айхьа схьалаьцна болу дегаза некъ лело. 7Аша Сан цӀийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цӀенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тӀе сагӀанийн мохь а, цӀий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гӀуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша. 8Аша Сан деза парзаш лар ца дора, шайн метта Сан цӀа лардан уьш дӀа а хӀиттабеш’.

9Хьалдолчу Эло боху: ‘Цхьа а сунтваза волу а, дог хедоза аьрха волу а хийра стаг Сан цӀа чу ван ца веза, иза Исраилан халкъана юкъахь вехаш велахь а.

10Ткъа левихойх лаьцна аьлча, Исраилан халкъ туьлучу хенахь уьш а, Суна уллора дӀа а бевлла, шайн цӀушна тӀаьхьа а хӀуьттуш, тилабелира. Шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таӀзар дийр ду. 11Левихой Сан цӀийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гӀуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кхидолчу сагӀанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гӀо а дийр ду, царна гӀуллакх а дийр ду. 12Амма шайн цӀушна хьалха адамашна гӀуллакх дарехула левихоша Исраилан халкъ гал а далийтира, цуьнга къинош а летадайтира. Цундела Аса хьалаайинчу куьйгаца чӀагӀо йира, – боху Хьалдолчу Эло, – шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таӀзар дийр ду аьлла. 13Динан дай санна Суна гӀуллакх дан уьш Суна улло богӀур бац, иштта тӀекхевдар бац еза мел йолчу хӀуманашна – уггар дезачу сагӀанашна. Шаьш мел лелийна долу боьха хӀума бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар бу уьш. 14Ас уьш хӀиттор бу Делан цӀа лардан а, цӀийнан керташкахь дан дезаш мел долу хӀума дан а.

15Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦӀадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дӀадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гӀуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагӀанийн мохь а, цӀий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. 16‘Уьш бен чубогӀур бац Сан езачу меттиге, Сан шуьнна улло а богӀур бу, Суна гӀуллакх дархьама а, ха дархьама а. 17 aЧоьхьарчу кертан кевнна чу баьхкича, цара шайна тӀе дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш юхур ю, ткъа чоьхьарчу кертан кевнна уллохь а, иштта Делан цӀа чохь а гӀуллакх дечу хенахь царна тӀехь тӀергӀан хӀума хила йиш яц. 18Церан коьртахь дуткъачу кӀадих йина чалбанаш хила еза, иштта церан чухулара хӀуманаш а дуткъачу кӀадих йина хила еза. Шайна тӀе хьацар долуьйту хӀума юха ца еза цара. 19 bАдамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гӀуллакх дечу хенахь шайна тӀехь хуьлуш йолу бедарш дӀа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тӀаьхьа цара шайна тӀе кхин хӀума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тӀе йозалла ца йоссийта
Адам езачу хӀуманех хьакхалахь, цунна зе дийр дара.
.

20 dЦара шайн кортош дӀадаша ца деза, иштта шайн коьртахь месаш яхъялийта а ца еза, амма шайн месаш дӀаларга еза цара. 21 eШаьш чоьхьарчу керта доьлхучу хенахь, цхьанна а динан дас чагӀар мала ца деза. 22 fЦара я йисина йолу зуда а, я марера цӀа еана йолу зуда а шайна маре яло ца еза. Амма Исраилан халкъах йолу йоӀстаг я динан дех йисинарг яло магош ду царна.

23 gЦара Ӏамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цӀенаниг боьхачух схьакъасто а. 24Дов даьллачу хенахь динан дай цигахь кхелахой санна хила беза, ткъа Сан нийсоне хьаьжжина кхел ян а еза цара. Билгалдаьхначу динан массо а дезачу деношкахь Сан товрат-хьехамаш а, парзаш а лардан деза цара, иштта Суна леринчу шоьтан денойн дозалла а лардан деза цара.

25 hУьш беллачарах дӀахьакхабала ца беза, шаьш Суна хьалха боьха ца хилийтархьама. Царна юкъахь да я нана, кӀант я йоӀ, иштта ваша я маре яхаза йолу йиша елахь, царах дӀахьакхавала мегаш ду. 26Динан да Далла хьалха цӀанвинчул тӀаьхьа, цо кхин а ворхӀ дийнахь собар дан деза. 27Делан цӀийнан чоьхьарчу кертахь гӀуллакх дан ша кхин а цига ваханчу дийнахь шена тӀера цо къинан сагӀа даккха деза’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.

28 i‘Левихошна шерет дийр ду: Со церан шерет хир ду. Исраил-махкахь церан лаьттан дакъа хир дац, церан долахь Со хир волу дела. 29 jЦарна даа кӀен сагӀанаш а, иштта къинан сагӀанаш а, гӀуда такхаран сагӀанаш а лур ду. Исраил-махкахь Суна лерина мел йолу хӀума церан долахь хир ю. 30Дуьххьара схьа мел гулдинчу ялтех тоьлла дакъа а, массо а тайпана Суна лерина долу совгӀаташ а кхочу динан дайшна. Шайн ялтех даьккхинчу дуьххьарлерчу бедах а тоьлла дакъа де динан дайшна, шайн хӀусамаш декъалйина хилийтархьама. 31 kЦхьа а тайпа къеелла хӀума а, акхароша йийначу хӀуманах я олхазарийн а, я дийнатийн а жижиг даа йиш яц динан дайн’“».
Copyright information for CheCAC2012