g Арадаккхар 12:1-20; Лелар 28:16-25.
Ezekiel 45
Везачу Элан деза дакъа
1«Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кӀошт Везачу Элана совгӀатна дӀакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: ткъа эзар дол. Ӏебархойн тептар тӀехь: итт эзар дол.
хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду. 2Оцу лаьттах пхи бӀе дол дохаллехь а, иштта пхи бӀе дол шораллехь а долу еакӀов латта шена тӀехь Делан цӀа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тӀехь хӀумма а йоцуш йолу аре а хила еза. 3Ткъа лаьттан езачу кӀошта тӀера ткъе пхиъ эзар дол йохаллехьа а, итт эзар дол шораллехьа а латта схьакъастаде. ТӀехь Делан цӀа долу уггар езачу меттигна лерина хир ду иза. 4И даздина латта хир ду, Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчу а, Далла гӀуллакх дан Цунна тӀе богӀуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тӀехь цара шайна цӀенош дийр ду, иштта Делан цӀенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь. 5Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цӀийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Ӏаш йолу гӀаланаш хир ю ▼▼Иштта ду грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь иштта дӀаяздина ду: Церан долахь ткъа чоь хир ю.
. 6ГӀалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кӀоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза. 7Элана дӀало лаьттан езачу кӀоштана а, иштта гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу латта. И латта гӀалин малхбузерчу дозанна тӀера малхбузехьа а, гӀалин малхбалерчу дозанна тӀера малхбалехьа а дӀасадаьржар ду. Элан лаьттан дохалла малхбузерчу дозанна тӀера малхбалерчу дозанна тӀекхаччалц Исраилан тайпанийн дакъойн дохалле хьаьжжина хир ду. 8И латта Исраил-махкахь элан долахь дерг хир ду». Элах лаьцна дерг
«Сан халкъана кхин гӀело йийр яц Сан элаша, амма цара Исраилан халкъана пурба лур ду, шен тайпанашка хьаьжжина, латта шайн дола даккха». 9Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гӀело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тӀера арадаккха ма гӀерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло. 10 c«Нийса хуьлийла шун терза а, шун мазал а, шун черма а. 11Екъа хӀума узуш лелош болу мазал а, коча хӀума узуш лелош долу черма а цхьана барамехь хила деза. Цхьа мазал хьумаран ▼▼Хьумар – цхьа хьумар ши бӀе ткъа литр озаран барам бу.
уьтталгӀа дакъа хила деза, ткъа цхьа черма а хьумаран уьтталгӀа дакъа. Церан барам хьумарца буста беза. 12ХӀора шекхал чохь ткъа гер ▼▼Гер – цхьа гер 0.6 грамм озаран барам бу.
хуьлу, ткъа цхьана мин ▼▼Мин – цхьа мин 500 грамм озаран барам бу.
чохь ткъа, ткъе пхиъ, пхийтта шекхал хуьлу. 13ХӀара ял ю аша шайн элана яла езаш: хӀора кӀен я мекхан хьумар тӀера мазалан йолхалгӀа дакъа. 14Зайтдаьттанна тӀера дӀаяла езаш йолу ял, черманца узуш йолу: хӀора зайтдаьттан хьумар тӀера черманан уьтталгӀа дакъа (итт черма цхьа хьумар ду). 15Исраил-мехкан дикачу дежийлашна тӀехь долчу даьхнина тӀера дӀаяла езаш йолу ял иштта ю: хӀора ши бӀе уьстагӀна юкъара цхьацца уьстагӀ. И массо а ял кӀен сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, бертан сагӀанашна а лерина ю, адамашна тӀера къинош дӀадахархьама». Иштта боху Везачу Эло. 16«Махкахь Ӏаш волу хӀора стаг декхарийлахь ву Исраил-мехкан элана луш йолчу оцу йолана дакъалаца. 17Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цӀинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна хӀуманаш а, даьхни а дӀадала. Цо даьхни а, хӀуманаш а лур ю къинойх долчу а, кӀен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанашна, Исраилан халкъана тӀера къинош дӀадахийтархьама». Деза денош
(Арадаккхар 12:1-20; Ӏамалъяр 23:33-43)
18Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тӀехь сакхт доцу старгӀа схьаэца, Делан цӀийнан керт цӀанъярхьама. 19Динан дас оцу къиношна тӀерачу сагӀанах схьадаьлла цӀий схьа а эцна, иза Делан цӀийнан неӀсагӀанашна а, иштта сагӀа доккхучу кхерчан лакхарчу хӀазаран еа маьӀигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неӀсагӀина а тӀетоха деза. 20Изза де беттан ворхӀалгӀачу дийнахь хӀора ларамаза я кхетам ца хиларца къа латийначу стеган дуьхьа. Иштта цӀандан деза аша Делан цӀа. 21 gХьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь аша „Пасахь“олу дезде даздан деза. И дезде ворхӀ дийнахь даздеш ду, совсазчу бедах дина бепиг а дууш. 22Хьалхарчу дийнахь эло сту бахьар бу, шен цӀарах а, иштта дерриг а Исраилан халкъан цӀарах а къинан сагӀина лерина. 23Цу ворхӀ дийнахь Везачу Элана доккхуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цо хӀора дийнахь тӀехь цхьа а сакхт доцу ворхӀ-ворхӀ старгӀа а, ворхӀ-ворхӀ уьстагӀ а дӀабала беза, иштта къинойх доккхуш долчу сагӀина хӀора дийнахь гезаршна юкъара цхьацца бож а дӀаяла еза. 24Эло хӀора стараца а, иштта хӀора уьстагӀца а кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа дан деза. Цо иштта хӀора ша деанчу кӀен мазалца цхьацца хӀин ▼▼ХӀин – цхьа хӀин йиъ литр барамехь бара.
зайтдаьтта а дан деза. iВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, дезде даздечу хенахь, тӀекӀел ворхӀ дийнахь цо изза хӀуманаш дӀаяла еза къинойх сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кӀен сагӀанашна а лерина. Цо иштта оццу барамехь зайтдаьтта а схьадан деза».25
Copyright information for
CheCAC2012