‏ Ezekiel 46

1Хьалдолчу Эло иштта боху: «Чоьхьарчу кертан малхбалехьа долу ков болх бечу ялх дийнахь дӀакъевлина хила деза, амма шоьтан дийнахь иза, бутт цӀинлучу дийнахь санна, дӀадиллина хила деза. 2Эла, арахьарчу кертахула чухуларчу кевнан ученна чу а веана, оцу кевнан неӀарна улло дӀахӀуттур ву, ткъа динан дайша элан дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дохур ду. Эла, кевнан неӀ йолчохь Везачу Элана охьа а таьӀна, аравер ву, ткъа ков сарралц схьадиллина хила деза. 3Шоьтан деношкахь а, иштта бутт цӀинлучу хенахь а кху мехкан халкъ хӀокху кевнна уллохь Везачу Элана суждане гӀур ду. 4Шоьтан дийнахь ша Везачу Элана лерина доккхуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина эло бан беза шайна тӀехь сакхт доцу ялх Ӏахар а, цхьа уьстагӀ а. 5Иштта хӀора уьстагӀца кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа а дан деза, ткъа хӀора Ӏахарца кхин а шен дан йиш йолччул кӀа а дан деза, цу тӀе хӀора мазал кӀеца цхьа хӀин зайтдаьтта а дан деза. 6Бутт цӀинлучу хьалхарчу дийнахь цо тӀехь цхьа а сакхт доцу старгӀа а, иштта тӀехь сакхт доцу ялх Ӏахар а бан беза. 7Цо старгӀица а, уьстагӀца а цхьаьна цхьа мазал кӀа дала деза кӀен сагӀина лерина. Ӏахаршца шен дала таро йолччул кӀа а дала деза цо, кхин а хӀора кӀен мазалца цхьа хӀин зайтдаьтта а дала деза. 8Ша кхуза вогӀучу хенахь, иза кевнан ученна чухула чувала а веза, цигахула аравала а веза.

9Динан дезачу деношкахь, адам Везачу Элана хьалха дӀахӀуттучу хенахь, къилбаседехьа долчу арахьарчу кевнехула чуваьлларг, къилбехьа долчу арахьарчу кевнехула аравала веза. Ткъа къилбехьа долчу кевнехула чувеанарг, къилбаседехьа долчу кевнехула аравала а веза; хӀорра а стаг ша чувеанчу меттехула аравала ца веза, амма цунна дуьххьал долчу кевнехула аравала веза. 10Эла а царна юкъахь хила веза – уьш чубогӀучу хенахь чуван веза, уьш арабовлучу хенахь аравала а веза. 11Билгалдаьхначу дезачу деношкахь а, динан дезачу деношкахь а цуьнгара хӀора стараца а, хӀора уьстагӀца а цхьацца мазал кӀа дан деза, ткъа Ӏахаршна тӀера шен дог реза доллучул кӀа дала деза цо. ХӀора мазал кӀа дахьаш, цуьнца цхьа хӀин зайтдаьтта дан а деза.

12Элана шен лаамца Везачу Элана сагӀа даккхийта лиъча, – дийнаташ дагоран я бертан сагӀа иза делахь а, – цунна малхбалехьа долу ков схьаделла деза. ТӀаккха цо, шена даккхийта лиъна долу сагӀа, шоьтан дийнахь санна доккхуьйтур ду. Иза араваьллачул тӀаьхьа цунна тӀаьхьа ков дӀакъовлур ду.

13ХӀора дийнахь Везачу Элана лерина долчу дийнаташ дагоран сагӀина хӀора Ӏуьйранна шо кхаьчна болу тӀехь сакхт доцу цхьацца Ӏахар бан беза ахьа. 14Цуьнца цхьаьна хӀора Ӏуьйранна цхьацца сахь кӀа а, иштта хӀинан кхоалгӀа дакъа зайтдаьтта а дан деза, цуьнца дама хьакхорхьама. Иштта ду кӀен сагӀанах лаьцна массо а ханна тӀедиллинарг. 15Цара иштта массо а ханна хӀора Ӏуьйранна дийнаташ дагоран сагӀа санна цхьацца Ӏахар а, кӀен сагӀа а, зайтдаьтта а дахьар ду».

16Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Нагахь санна эло шен кӀентех цхьанна шен долахь долчу лаьттах цхьа дакъа совгӀатна дахь, иза цу кӀентан тӀаьхьенна кхочур ду. Иза церан долахь, доьзалан дакъа санна, хир ду. 17 aНагахь эло шен долахь долчу лаьттах шен ялхойх цхьанна совгӀат дахь, и латта ялхочун долахь хир ду ПаргӀатдаккхаран шо тӀекхаччалц, цул тӀаьхьа лаьттан и дакъа элан дола дер ду. Цуьнан кӀенташна бен ца кхочу шен лаьттах цо дина долу совгӀат. 18Элан бакъо яц нахера латта схьадаккха а, уьш цу лаьтта тӀера дӀалахка а. Шен долахь долу латта бен дала йиш яц цуьнан шен кӀенташна совгӀатна, хӀунда аьлча Сан халкъах волу цхьа а стаг шен долахь долчу лаьтта тӀера дӀалалла бакъо яц цхьаннан а».

Делан цӀа чуьра яа хӀума кечъеш йолу чоьнаш

19ТӀаккха цу стага со кевнна агӀонгахь чуволийла йолчу меттехула динан дайн къилбаседехьа дӀаерзийна лаьттачу езачу чоьнаш чу вигира. Цигахь малхбузехьарчу агӀор йистехь йолу цхьа меттиг гира суна. 20Цо соьга элира: «Кхузахь динан дайша гӀуда такхаран а, къинан а сагӀанашна деанарг кхехкор ду, иштта кӀен сагӀина деанарг а доттур ду, цаьрга арахьарчу керта иза ца даккхийтархьама а, иштта халкъ даздина ца хилийтархьама
Халкъ даздина ца хилийтархьама – нагахь санна, динан да а воцуш, адам оцу даздинчу сагӀанашца цхьаьна нисделча, цунна зе хир дара.
а».

21Цо со, арахьарчу керта а ваьккхина, цуьнан еа а маьӀӀе вигира. ХӀора маьӀӀехь кхин а жима керт яра. 22ХӀора маьӀӀерчу кертахь шовзткъа дол йохалла а, ткъе итт дол шоралла а долуш рагӀуш дара. Уьш дерриш а цхьана барамехь дара. 23Оцу деа а рагӀуна гонах дина пенаш дара, ткъа пенашна уллохь гобаьккхина дина кхерчаш дара. 24Цо соьга элира: «Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчара чохь халкъо деана сагӀанаш кхехко деза чоьнаш ю хӀорш».
Copyright information for CheCAC2012