‏ Ezekiel 47

Делан цӀенна бухара арадолу хи

1 aЦул тӀаьхьа цо со Делан цӀенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неӀсагӀина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дӀадоьдуш дара, хӀунда аьлча Делан цӀа малхбалехьа дӀадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агӀор йолчу агӀонна кӀелара арадолуш дара, сагӀа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агӀонгара. 2Къилбаседехьа долчу кевнехула цо со ара а ваьккхина, арахьарчу новкъахула малхбалехьа дӀадирзина долчу кевне валийра. Ткъа цигахь Суна гира, къилбера меллаша охьадогӀу жима татол. 3И стаг малхбалехьа дӀавоьдучу хенахь, цуьнан карахь юстаран тӀийраг яра. Цо цхьа эзар дол меттиг дӀаюьстира, тӀаккха со цу хи чухула дӀавигира. И хи сан хьакхолгана тӀе кхочура. 4Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гоьллец дара. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гӀодаюккъе кхочура. 5Кхин а цхьа эзар дол дӀаюьстира цо, амма хӀинца хин бухехула со хих чекх ца ваккхалора, хӀунда аьлча хи чӀогӀа лакхадаьллера. Нека деш бен хи чухула дехьа ца валаваллал кӀорга дара и хи. 6Цул тӀаьхьа цу стага соьга элира: «Къаьрзинчу бӀаьргашца хьоьжуш ма вара хьо, адаман кӀант!» Иза а аьлла, цо со цу хин йисте юхавалийра. 7Со юхавеача, цу хин йистошкахь шинна а агӀор дуккха а дитташ гира суна.

8Цо соьга элира: «ХӀара хи малхбалехьарчу метте дӀадоьдуш ду, Ӏариба-тогӀи чу а доьду, ткъа цул тӀаьхьа иза Дуьрачу хӀордах дӀакхетар ду. ТӀаккха оцу хӀордан хи цӀанлур ду. 9И хи дӀа мел кхеттачу меттехь сийсаш йолу хӀора са долу хӀума дика ехар ю. Цу хӀорда чохь дуккха а чӀерий а хир ду, хӀунда аьлча и хи, массанхьа а хӀуманаш цӀан а еш, царна дахар а луш, цу хӀордах дӀакхетта. 10Ӏейн-ГӀадера дуьйна Ӏейн-Ӏеглайме кхаччалц хин бердашкахь чӀерийлецархой лаьтташ хир бу. Цигахь а бойнаш якъор ю. Вуно дукха тайп-тайпана чӀерий хир ду цигахь, Дуьненаюккъерчу хӀордана чохь санна. 11Амма уьшалш а, чохь даьржина хи долу Ӏаьмнаш а цкъа а цӀанлур дац, уьш туьха даккхарна дуьтур ду. 12 bЦу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тӀе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тӀера гӀаш цкъа а маргӀал а доьр дац. Царна тӀера стом кхачалур бац, хӀора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хӀунда аьлча царна тӀекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тӀера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гӀаш дарбанна лелор ду».

Лаьттан дозанах лаьцна

13Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ХӀорш ду аша Исраилан халкъан шийтта тайпанна шерет санна лун долчу лаьттан дозанаш (ткъа Юсупна ши дакъа кхочур ду). 14Хьалаайинчу куьйгаца Аса шун дайшна чӀагӀо ярца лур ду аьлла и латта шайна юкъахь цхьатеррачу дакъошкахь декъа деза аша. ХӀара латта хӀинца шуна шерет санна кхочур ду.

15ХӀара ду лаьттан доза: къилбаседехьа йолчу йистехь иза Дуьненаюккъерчу хӀордана тӀера дӀадолало, тӀаккха Хьетлонехула, Хьаматан Ӏин
Ширачу грекийн гочдар тӀехь: ...Хьаматан Ӏин тӀе дӀакхочу. Цигара дӀа Цедад-гӀала... Ӏебархойн тептар тӀехь: ...Цедадан Ӏин тӀе дӀакхочу. Цигара дӀа Хьамат-гӀала...
тӀе дӀакхочу.
16Цигара дӀа Хьамат-гӀала а, Берата-гӀала а Дамасакханий, Хьаматаний юккъехь йолчу Сибраймана тӀекхочу. Цигара дӀа Хьавранаца доза долчу Хьацар-Тихунана тӀе кхочу. 17Иштта, лаьттан къилбаседера доза хӀордана тӀера дуьйна Дамасакхан кӀоштан къилбаседерчу дозанахь йолчу Хьацар-Ӏейнана тӀехь хир ду, цигара дӀа къилбаседехьа йолчу Хьамат-гӀала лаьттачу меттигца а хир ду.

18Малхбалехьа долу доза Хьавранний, Дамасакхний юккъехула долу, иштта ГалӀадний, Исраил-махканий юккъехула долу, Йордан-хи йистехула дӀадоьду малхбалехьа болчу хӀордана тӀе кхаччалц. Иза малхбалехьара доза хир ду.

19Къилбехьа долу доза Тамарина тӀера Мериба-Кхадеш цӀе йолчу шовданна тӀе кхаччалц дӀагӀур ду, цул тӀаьхьа Мисар-мехкан дозанехь долчу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀагӀур ду. Иза къилбехьара долу доза хир ду.

20Малхбузехьарчу агӀор дозанна метта Дуьненаюккъера хӀорд хир бу, Хьаматан Ӏинна дуьхьал йолчу меттигна тӀе кхаччалц. Иза малхбузехьара долу доза хир ду.

21И латта, Исраилан халкъан тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀасадекъа. 22И латта шайна а, шайна юкъахь доьзалш а кхоьллина, бехаш болчу кхечу къаьмнех болчу нахана а, кхаж а тасий, дӀасадекъа. Кхечу къаьмнех болу нах исраилхошца нийсса лара беза. Царна а, Исраилан халкъан тайпанашна санна, лаьттан дакъа кхочу. 23И тӀевеана стаг юкъахь вехаш долчу тайпано лаьтта тӀера цунна доьзалан дакъа дала деза». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for CheCAC2012