‏ Ezekiel 48

Тайпанашна юкъахь латта декъар

1«ХӀорш ю тайпанийн цӀераш. Къилбаседехьа йолчу агӀор Хьетлонан некъана уллохула Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан метте, цигара дӀа Хьацар-Ӏейнана тӀе кхаччалц (иза Дамасакхан кӀоштан доза ду. Цунна къилбаседехьа чохь Хьамат-гӀала йолу меттиг ю): малхбалехьарчу дозанна тӀера хӀордана тӀе кхаччалц Данан тайпанан лаьттан дакъа хир ду. 2Данан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Ашаран тайпанна кхочур ду. 3Ашаран декъа тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан важа дакъа Напталан тайпанан долахь хила деза. 4Напталан декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан дакъа Маннашан тайпанан хила деза. 5Маннашан долахь долчу декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Эпрайман долахь хила деза. 6Эпрайман дозанна тӀера схьа, малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Раабанан долахь хила деза. 7Раабанан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ЯхӀудан тайпанна кхочур ду».

Лаьттан езачу кӀоштах лаьцна

8«ЯхӀудан декъана уллохь малхбалехьара малхбузе кхаччалц ткъе пхиъ эзар дол шуьйра меттиг леринчу Ӏалашонна дӀакъастор ду. Цуьнан йохалла, вукху дакъойн ма-хиллара, хир ю. Цу лаьттан декъана юккъехь Делан цӀа хир ду.

9Аша Везачу Элана совгӀатна дала дезаш долу лаьттан дакъа йохаллехь ткъе пхиъ эзар, ткъа шораллехь – ткъа эзар дол
Ширачу грекийн гочдар тӀехь: ткъа эзар дол. Ӏебархойн тептар тӀехь: итт эзар дол.
хир ду.
10Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агӀор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агӀор – шоралла итт эзар дол, малхбалехь – шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза. 11И латта Суна къобалбинчу а, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу а, Сан дуьхьа ха дина болчу а динан дайшна дӀало. Исраилан халкъ тиладеллачу хенахь, уьш Суна уллора дӀа ца бевлира, левихой ма-бовллара. 12И латта, левихойн лаьттан декъана уллохь а долуш, церан долахь хир ду, ткъа лаьттан езачу кӀоштахь иза чӀогӀа деза дакъа хир ду. 13Левихошна а кхочур ду лаьттан езачу кӀоштах цхьа дакъа. И дакъа, динан дайн декъана уллохь а долуш, хир ду ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а. Езачу кӀоштах долу левихойн дакъа йохалла ткъе пхиъ эзар дол хир ду, ткъа шоралла – итт эзар дол хир ду. 14Цу лаьттах цхьа а дакъа я дохка а, я хийца а йиш яц церан. Иштта цхьана стеган карара вукхун кара дӀадала а йиш яц и тоьлла латта, хӀунда аьлча иза Везачу Элан долахь долу деза латта ду.

15Важа долу лаьттан дакъа, ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, пхи эзар дол шораллехь а долу, гӀалин дола а даьккхина, дӀалур ду, иза деза хир дац. Цу лаьтта тӀехь адамаша гӀишлош а йийр ю, цигахь дежийлаш а хир ю, ткъа гӀала цу лаьттана юккъехь хир ю. 16ГӀалин барам иштта хила беза: къилбаседехьара агӀо диъ эзар пхи бӀе дол, къилбехьа йолу агӀо – диъ эзар пхи бӀе дол, малхбалехьара а, малхбузехьара а йолу агӀонаш – диъ эзар пхи бӀе дол хила еза. 17ГӀалин шен дежийлаш хир ю. Уьш къилбаседехьа а, къилбехьа а ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю, иштта малхбалехьа а, малхбузехьа а йолчу агӀор ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю. 18Лаьттан езачу кӀоштан йистошкахь йисина меттиг – итт эзар дол малхбалехьа а, оццул малхбузехьа а – гӀаларчу белхалошна даа хӀума кхио лерина хир ю. 19Исраилан халкъан массо а тайпанех болчу гӀалин белхалоша болх бийр бу цу йисинчу меттехь.

20Дерриг и схьакъастийна долу латта деакӀов хила деза – ткъе пхиъ эзар дол йохаллехь а, оццул шораллехь а долуш. Иштта схьакъастийначу лаьтта чу йогӀуш хир ю лаьттан еза кӀошт а, гӀала тӀехь йолу латта а.

21Лаьттан езачу кӀоштана а, гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу дисина латта элан долахь хир ду. Ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь йолчу езачу кӀоштан малхбалехь и латта Исраил-мехкан малхбалерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду, ткъа езачу кӀоштан малхбузехь и латта Исраил-мехкан малхбузерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду. Цу лаьттан ший а дакъа элан долахь хир ду, ткъа царна юккъехь еза кӀошт хир ю, чохь Делан цӀийнан еза меттиг йолу. 22Иштта, левихойн латта а, гӀалина дӀаделла латта а – элан долахь долчу лаьттана юккъехь нисло. Элан латта Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тайпанийн лаьттана юккъехь нисло.

23Ткъа кхечу тайпанашна латта иштта дӀадекъа деза: малхбалехьара малхбузе кхаччалц цхьа дакъа Бен-Яманна кхочу. 24Бен-Яманан дозанна тӀера малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ШимӀин тайпанна кхочур ду. 25ШимӀин дозанна тӀера малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Иссарханна кхочу. 26Иссарханан декъана тӀера малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Забулана кхочу. 27Забулан декъа тӀера малхбалехьа йолчу йистана тӀера малхбузехьа йолчу йистана тӀе кхаччалц долу цхьа дакъа Гадина кхочу.

28Гадин къилбехьа долу доза, къилбехьа йолчу Тамарина тӀера дуьйна Мериба-Кхадеш олучу шовданна тӀе а кхаьчна, цигара Мисар-мехкан дозанехь долу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхочу.

29Иза ду аша исраилхойн тайпанашна юкъахь, кхаж а тосуш, дӀадекъа дезаш долу латта, церан лаьттан дакъош а хӀорш ду», – боху Хьалдолчу Эло.

Ярушалайман кевнаш

30 b«ХӀорш ю гӀалина чуьра араволийлаш. ГӀалин къилбаседехьа йолу агӀо йохаллехь йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю. 31ГӀалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цӀераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхӀудан а, Левин а цӀераш йолуш хир ду. 32Малхбалехьа йолу агӀо а йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю йохаллехь, цигахь а кхо ков хир ду: Юсупан а, Бен-Яманан а, Данан а цӀарах. 33Къилбехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол. Цигахь а хир ду кхо ков: ШимӀин а, Иссарханан а, Забулан а цӀарах. 34Малхбузехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол йохаллехь. Цу агӀонгахь долу кхо ков Гадин а, Ашаран а, Напталан а цӀарах хир ду. 35ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“аьлла, хир ю».
Copyright information for CheCAC2012