Ezekiel 5
Яхьазкхиала шен корта башар
1«Ткъа ахьа, адаман кӀант, ира шаьлта схьа а эций, цуьнца, маж йошучун уьрсаца санна, хьайн маж а, коьртара месаш а дӀаяша. Терза схьа а эций, и месаш кхаа декъе екъа. 2Цу месех кхозлагӀа долу дакъа, гӀалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гӀалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гӀалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тӀаьххьара дакъа мохехь дӀасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тӀаьхьавер ву. 3Ткъа ахьа, ваха а гӀой, цу месех долу жима дакъа схьа а эций, хьайн бедаран дуьхах дӀадехка. 4Хьайн бедарх дӀайихкинчу месех жимма месаш схьа а эций, уьш цӀерга кхийса, цигахь ягийтархьама. Оцу декъара яьлла цӀе дӀасаяржор ю Исраилан массо а халкъана тӀекхаччалц». 5Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара ю Ярушалайм-гӀала. Мехкаш гонах а долуш, иза кхечу къаьмнашна юккъе дӀахӀоттийра Аса. 6Ур-атталла кхечу къаьмнел а, гонах мел долчу халкъел а Ярушалайман бахархой Сан тӀедехкинаршна, Сан парзашна а дуьхьалбевллера. Сан тӀедехкинарш цара дӀатеттира, ткъа Сан парзаш лар ца дора цара». 7Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Кхечу къаьмнел а чӀогӀа аьрха хиларна а, Сан парзаш лар ца дарна а, Сан тӀедехкинарш кхочуш ца дарна а, ур-атталла шуна гонах долчу халкъаша тӀелаьцна бакъонаш лар ца ярна а, 8Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „ХӀинца Со шуна дуьхьалваьлла. Кхечу къаьмнашна хьалха Ас шуна тӀехь кхел йийр ю. 9Аса шуна тӀехь Айса цхьанна а тӀехь ца динарг а, я цхьанна а тӀехь кхин цкъа а дийр доцург а дийр ду, аша мел дина дегаза гӀуллакхаш бахьана долуш. 10 aИштта, мацалла хӀоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тӀехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьӀӀехула дӀасалохкур бу“. 11Иштта дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цӀушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дӀахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. 12Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гӀала, Ӏожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгӀа долу дакъа мостагӀийн туьро хӀаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгӀа долу дакъа Аса массо а маьӀӀе дӀасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагӀий а бохуьйтур бу. 13ТӀаккха, Сан оьгӀазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тӀехь йисча а, Со Ӏебар ву. Царна тӀехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со – Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар. 14Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, ткъа хӀора хьуна тӀехволург хьох кхаьрдар ву. 15Сайн оьгӀазаллехь а, дераллехь а хьуна тӀехь, кхел а йина, таӀзар дича, хьох эхье хӀума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дӀахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса. 16Ас шуна тӀе мацаллин къиза пхерчий лохкур ду, шу хӀаллакдархьама. Аса шуна тӀехь йолу мацалла совйоккхур ю, ткъа шун кхачанан бух Ас хӀаллакбийр бу. 17 bШуна тӀе мацалла а, къиза акхарой а хьажор ю Аса. Цара шун бераш хӀаллакдийр ду. ГӀалахь Ӏожаллин ун а, баларш а хир ду, иштта Аса шуна тӀе тӀом хьажор бу. Иштта боху Веза Эла волчу Аса».
Copyright information for
CheCAC2012