‏ Ezekiel 7

Исраилан халкъана чаккхе тӀекхачар

1ТӀаккха со волчу Везачу Элан дош кхечира: 2«ХӀинца, адаман кӀант, хӀара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тӀекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьӀӀе кхаччалц тӀекхаьчна чаккхе.

3Исраилхой, шуна чаккхе тӀекхаьчна. Сайн оьгӀазалла охьаӀанор ю ас шуна тӀе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина. 4Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла».

5Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Бохамна тӀаьхьахӀоьттина богӀуш бохам бу! 6ТӀекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хӀинцале а тӀекхаьчна. 7Исраил-махкахь Ӏаш берш, бохаман рагӀ шуна тӀекхаьчна. Дог доьхначеран зама тӀекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гӀовгӀа ца хеза де.

8Кестта Аса шуна тӀе охьаӀанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгӀазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина. 9Шух къинхетам а бийр бац, шу кхоор а дац Аса. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, таӀзар Дийриг Веза Эла волу Со вуйла.

10ТӀекхаьчна и де! ТӀекхаьчна карзахдаларан зама! Бохаман рагӀ тӀекхаьчна. Харцоно заза даьккхина, куралла хьалакхиъна. 11ГӀелоно харцо кхиайо. Царах цхьа а вуьсур вац. Цхьа а хӀума дуьсур дац оцу тобанах а, церан бахамах а, церан сийлаллех а.

12ТӀекхаьчна зама, тӀедеана къематде. ХӀума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хӀума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду. 13ХӀума йоьхкинарг ша доьхкинчу лаьтта тӀе юхавоьрзур вац, иза а, хӀума эцнарг а дийна волчу хенахь, хӀунда аьлча хӀокху суьртехь хӀоьттинарг массарна а ду, ткъа иза юха ца доьрзуш ду. Шайн къинош бахьана долуш царах цхьаьнгге а шайн дахар кӀелхьара а даккхалур дац. 14Цара коьман маӀа локхур ю, уьш тӀамана а кечлур бу, амма царах цхьа а тӀамтӀе а гӀур вац, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду».

Исраилан халкъан къиношна таӀзар дар

15«Карахь тарраш долу мостагӀий гӀалина арахь бу, ткъа Ӏожаллин ун а, мацалла а гӀалина чохь ю. Аренашкахь берш туьро бойур бу, гӀалина чоьхьа берш мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакбийр бу. 16Ткъа биснарш, лаьмнашка дӀа а бахана, цигахь хир бу, тогӀешкара къаьхкина кхокхий санна. Шаьш летийна къинош бахьана долуш, цара узарш дийр ду. 17Массеран а куьйгаш охьадахана хир ду, ткъа церан когийн голаш, хи санна, егош хир ю. 18Цара шайна тӀе сингаттаман духар духур ду, церан массеран а дагахь кхерам хир бу, хӀораннан а юьхь тӀехь юьхьӀаьржачу хӀоттар а хир ду, цара массара а шайн кортош дошур ду. 19Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хӀума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кӀезиг гӀо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хӀуманашка церан мацалла а дӀаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна. 20Шайн дашочу а, даточу а хӀуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хӀуманех шайн дегаза а, ирча а цӀуш бора, цундела Аса оцу хӀуманех царна дегаза хеташ долу хӀума дийр ду.

21Ас и хӀуманаш хӀонс санна хийрачу нехан кара дӀалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду. 22Ас царна букъ берзор бу, ткъа хийрачу наха, Сан цӀа чу а бахана, иза сийсаздоккхур ду. Цу чу талорхой а бахана, цара иза бехдийр ду.

23Дейша буржалш, хӀунда аьлча цӀий Ӏанош болчарах буьзна бу хӀара мохк, гӀело ечарах юьзна ю хӀара гӀала. 24Аса кхечу къаьмнех уггар къиза халкъаш схьадалор ду кхуза, цара Исраил-махкара цӀенош дӀалоцур ду. Ас йохор ю ницкъболчеран куралла, иштта церан еза меттигаш а сийсазйохур ю оцу халкъаша. 25Къемат хӀуттур ду Сан халкъана тӀе. Цара машар лохур бу, амма иза царна карор бац. 26Цхьа сингаттам дӀабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хӀуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Ӏамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац. 27Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тӀе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дӀалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла».
Copyright information for CheCAC2012