‏ Ezekiel 13

Харцпайхамаршна-божаршна дуьхьал Делера болу хаам

1Соьга Везачу Элера дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Соьгара хаам бе Исраилан халкъан хӀинца пайхамаралла деш болчу харцпайхамаршка. Шайн дегнашкара харцпайхамаралла деш болчаьрга иштта ала: „ЛадогӀа Везачу Элера болчу хааме!“

3Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тӀаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хӀума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн. 4Хьан пайхамарш, Исраилан халкъ, къапалгашна юкъахь уьдуш лела чангӀалкхаш санна бу. 5Шу дӀа ца хӀиттина гӀалин пенан йохийначу меттигашна улло, Исраилан халкъан дуьхьа уьш тоярхьама, Везачу Элан дийнахь тӀом бечу хенахь гӀалин пен латтийтархьама. 6Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тӀе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш! 7Даьсса суьрташ-м ца гина те шуна, иштта харцахьа пал-м ца тийсина те аша, ‘Везачу Эло иштта боху’ а олуш, Аса хӀумма а аьлла доццушехь?“

8Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла. 9Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таӀзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цӀераш Исраилан халкъана юкъахь дӀаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла.

10 aИза иштта билггал хир ду, хӀунда аьлча цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тӀе кир тоьхча санна хуьлу. 11Цу пенна тӀе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дӀахаийта. ЧӀогӀа догӀа а догӀур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тӀе а хьокхур бу. 12И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХӀун хилла аша цу пенна тӀе тоьхначу кирах?’“

13Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгӀазаллица чӀогӀа догӀа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хӀума а хӀаллакдархьама. 14Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тӀекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кӀелахь шу хӀаллакьхир ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.

15Ас Сайн оьгӀазалла цу пенна а, цунна тӀе кир тоьхначарна а тӀеерзор ю. ТӀаккха Ас эр ду шуьга: ‘Пен кхин бац, иштта цунна тӀе кир тоьхнарш а бац – 16машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

Харцпайхамаршна-зударшна дуьхьал Делера болу хаам

17Везачу Эло боху: «Адаман кӀант, Соьгара хаамаш беш боцучу, ткъа шайна дага доггӀург дуьйцуш болчу Исраилан халкъан зударшна дуьхьал вистхила. Царна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 18Ахьа ала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:

‘Декъаза бу Сан халкъан синош лоьцуш болу зударий! Церан куьйгашна аша холмачалла лелон бехчалгаш а тоьгу, церан шерашка хьаьжжина, аша холмачаллин йовлакхаш а до, церан синош лецархьама! Сан халкъан синош а лоьцуш, шайн синош кӀелхьардахалур ду моьтту те шуна?
19Аша Со Сан халкъана хьалха сийсазвоху мекхан канин а, баьпкан юьхкан а дуьхьа. Аша Сан халкъе харцдерг дуьйцу, царна и харцдерг деза а делла. Ца лийр берш байа лаьа шуна, ткъа бехар боцурш дийна бита лаьа’“.

20Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса шуьга боху: „Аша, олхазарш санна, нах лоьцу холмачаллин бехчалгаш чӀогӀа ца еза Суна. Шун куьйгашкара уьш дӀайохур ю Аса, ткъа адамаш паргӀатдевр ду, речӀанна чуьра арадовлу олхазарш санна. 21Аса этӀор ду шун холмачаллин йовлакхаш, Сан халкъ шун карара схьа а доккхуш. Уьш кхин хир бац шун карахь ижу санна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.

22Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гӀайгӀанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тӀера дӀа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кӀелхьардаха тарлуш хилахь а. 23Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кӀелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
Copyright information for CheCAC2012