‏ Ezekiel 2

1Иштта дара суна хӀоьттина долу Везачу Элан сийлаллин сурт.

Дала Яхьазкхиале пайхамар хила схьакхайкхар

Сайна иза гича, голаш тӀе лаьтта охьа а воьжна, сайн юьхь лаьтта улло кхаччалц охьатаӀийра аса. Суна Вистхуьлучун аз хезира. Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХьалахӀотта хьайн когаш тӀе, Со хьоьга вистхила воллу».
2Соьга Иза вистхуьлучу хенахь, суна чу Делан Са а деана, Цо со сайн когаш тӀе ирахӀоттийра. Къамел Деш Верг хезира суна. 3Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Ас хьо Исраилан халкъ долчу вохуьйту. Цу аьрхачу халкъо Суна букъ берзийна. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш а, церан дай а, Суна дуьхьал а буьйлуш, лелаш бу. 4Уьш чӀогӀа аьрха а, къиза а дегнаш долуш бу. Ас уьш болчу вохуьйту хьо. Ахьа цаьрга дӀаала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“ 5Иза чӀогӀа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогӀахь а, я ла ца догӀахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна.

6Амма хьо, адаман кӀант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кӀохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Ӏаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а. 7Ас бохург цаьрга дӀаала, цара ладогӀахь а, ла ца догӀахь а. Уьш аьрха нах ма бу.

8Ткъа ахьа, адаман кӀант, Ас хьайга бохучуьнга ладогӀа, уьш санна, аьрха а ма хила. Хьайн бага а гӀаттаяй, Ас хьайна лун долу дешнаш дӀадаа». 9 aТӀаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара. Цо и тептар суна хьалха схьадаьстира: оцу тептаран шинна а агӀонна тӀехь тийжарийн а, белхарийн а, узарийн а дешнаш дара яздина.10

Copyright information for CheCAC2012