Ezekiel 23
Къинош летош болу йижарий
1Везачу Элан дош кхечира соьга: 2«Адаман кӀант! Цкъа ши зуда хилла – цхьана ненан ши йоӀ. 3Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏийдина. 4Йоккхаха йолчун цӀе УхӀулат ▼▼УхӀулат – Ӏебархойн маттахь «цуьнан деза четар» бохург ду.
яра, жимаха йолчун – УхӀулибат ▼▼УхӀулибат – Ӏебархойн маттахь «цунна чохь долу сан деза четар» бохург ду.
. И йижарий Сан бара, цара Суна кӀентий а, зудабераш а дора. УхӀулат – иза Шамран-гӀала ю, ткъа УхӀулибат – иза Ярушалайм-гӀала ю. 5– 6УхӀулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тӀемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу. 7ТӀаккха иза берриг а оцу къоначу кӀенташца лела йолаелира, ткъа уьш Ашур-махкара уггар тоьлла кегий нах бара. Боьхачу лаамех а юьзна, ша мел лелла цӀуш бахьана долуш, ша Далла хьалха бехйира цо. 8Мисар-махкахь йолуш ша долийна долу нахаца лелар ца дитира цо. Иза къона йолчу хенахь божарий буьйшура цуьнца, цуьнан куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдура цара, шайн хьайна хилар цунна тӀе а дассадора. 9ТӀаккха Аса иза шен безаргийн кара дӀаелира. Иза ашурхошца лела марзъеллера, церан кара Аса иза дӀа а елира. 10Цара иза ерзина яьккхира, цуьнан кӀентий а, зудабераш а схьадехира цара, ткъа иза ша туьраца йийра. Цунна и таӀзар динчу хенахь зударша иза, сийсазйохуш, юьйцура. 11Цуьнан жимаха йолу йиша УхӀулибат и дерриг а гуш яра, амма цунна нахаца лела лаар кхин а чӀогӀа гена даьллера, иза шен йишел а чӀогӀа нахаца лелаш яра. 12Иза ашурхошца – мехкадайшца а, меттиган куьйгалхошца а, хаза духарш дуьйхина болчу тӀемалошца а, говза дошлошца а – лела марзъелира. Уьш берриш а тоьлла къонахой бара. 13Суна гира, цо а ша Суна хьалха бехйина хилар. ШолгӀа йиша а хьалхарчун некъа яьллера. 14УхӀулибатан Суна тешаме цахилар кхин а генадаьллера. Шена пенаш тӀехь басаршца дехкина цӀен духар дуьйхина хашадхойн божарийн суьрташ гича, цо шен нахаца лелар кхин а алсамдаьккхира. 15Хашадхоша гӀодаюккъехь доьхкарш леладора, церан кортош тӀе техкина хаза чалбанаш яра. Уьш берриш а, тӀехьаьжча, лакхарчу даржехь болчу тӀеман хьаькамех тера бара, Хашад-махкахь бина болчу бавелхойн элех тера а болуш. 16УхӀулибат цаьрца, цкъа дӀахьожжушехь, массаьрца а лела марзъелла. Цо бавелхой болчу шен геланчаш бахийтира. 17Ткъа уьш, схьа а баьхкина, УхӀулибатан меттахь цуьнца дӀабийшира. Шайн боьха леларца цара иза Далла хьалха бехйира. Иштта ша бехйича, иза шен безаргех, дог а даьлла, дӀайирзира. 18УхӀулибата цхьаннах а хьул ца дора шен нахаца лелар, цо шен дегӀ божаршна дӀаделира. ТӀаккха Со цунах дӀавирзира, цуьнан йишех ма-верззара. 19Амма иза нахаца лелачуьра ца сецира. Цо ша къона хилла зама дагаоьхуьйтура, ша Мисар-махкахь нахаца лелар шена дагахь а латтош. 20Виран санна, дегӀ долчу а, бокъий санна хьайна болчу а шен безаргашца леларан лаамех юьзна яра иза. 21УхӀулибат, хьуна дагаеана хьо къона хилла йолу зама, Мисар-махкахь хьан везарго хьайн накхойх куьйгаш а Ӏуьттуш, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдуш хилла йолу зама». Жимаха йолчу йишина Дала кхел яр
22Цундела, УхӀулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кӀордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьӀӀера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тӀаккха цара хьуна го бийр бу. 23Ас уьш берриш а схьабалор бу: берриг а хашадхойх болу бавелхойн элий, Пакхудера а, ШуӀагара а, КхуӀагара а божарий, цаьрца цхьаьна Ашур-махкара элий а. Уьш берриш а хаза къонахой бу, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а, лакхарчу даржера болу тӀеман хьаькамаш а. Ткъа уьш берриш а говза дошлой бу. 24Уьш хьуна тӀелетар бу герзашца а, гӀудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гӀемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дӀалур ю, цаьрга хьуна тӀехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Ӏадаташка хьаьжжина, хьуна таӀзар дийр ду. 25Сайн эмгаралла Ас хьуна дуьхьал йоккхур ю, уьш, оьгӀаз а бахана, хьуна дуьхьал бевр бу, цара хьан мара а, лергаш а дохур ду, ткъа хьох тӀаьхьадиснарг туьро хӀаллакдийр ду. Цул тӀаьхьа цара хьоьгара кӀентий а, зудабераш а схьадохур ду, ткъа диснарг цӀарца дагор ду. 26Цара хьан хаза духар а, жовхӀарш а дӀадохур ду. 27Ас сацор ду хьан боьха лелар а, хьан нахаца лелар а, ахь Мисар-махкахь долийна долу. Хьо оцу леларе кхин цкъа а лаамца хьоьжур яц, ткъа Мисар-мохк дагабогӀур а бац хьуна». 28Хьалдолчу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хьо хьуна ца безаш болчеран кара дӀалуш ю, хьан дог шайх дӀадирзинчеран кара. 29Цара гойтур бу хьуна шайн цабезам, цара, ахьа къахьегна даьккхинарг дӀа а даьккхина, хьо ерзина юьтур ю. Хьан нахаца лелар а, боьха лелар а, кхахьпалла а массарна а гуш хир ду, хьо юьхьӀаьржачу а хӀоттош. 30И дерриг а хьуна дийр ду, хӀунда аьлча хьо кхечу къаьмнашца лела марзъелира, церан цӀушна Ӏамалъярехула хьо бех а еш. 31Хьо хьайн йишас дӀакхехьначу некъа тӀе елира. Цундела Ас хьоьга дӀалур бу цуьнан таӀзаран кад». 32Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьайн йишин кад ахьа дӀамер бу.Иза кӀорга а, шуьйра а бу.
Массо а хьох кхордуьйту цо.
И кад буьззина ма бу!
33Хьо ехна а хир ю, цо гӀайгӀанех юзур а ю хьо.
ХӀаллакьхиларан, Ӏожаллин кад
хьан йиша йолчу Шамран-гӀалин ма бу.
34И кад ахьа дӀамер бу берриг а,
ткъа иза кагбелча, цуьнан аьхкашна тӀе мотт хьоькхур бу ахьа,
хьайн накхош а схьадохур ду ахьа.
И иштта хир ду, иза Ас, Хьалдолчу Эло, аьлла дела». 35Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Со виц а вина, Суна букъ берзорна, ахь бала лан беза хьайн боьха леларна а, хьайн нахаца леларна а».
Йижаршна йина йолу Делан кхел
36Везачу Эло соьга элира: «Хьо кийча вуй УхӀулатна а, УхӀулибатна а кхел ян? Цара лелийна мел долу дегазчу хӀуманех лаций дӀаала цаьрга. 37Уьш нахаца лелла, церан куьйгаш тӀехь нехан цӀий ду. Шайн цӀушца а лелла уьш. Шаьш Суна бина болу кӀентий а цара, цӀерах чекх а бохуьйтуш, цӀушна кхачанна дӀалора. 38Суна дуьхьал а бовлуш, кхин а иштта хӀуманаш дора цара: оццу хенахь цара Сан еза меттиг бех а йора, Суна лерина шоьтан денош сийсаз а дохура. 39Шайн бераш шайн цӀушна сагӀина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цӀа чохь. 40Иза дина а ца Ӏаш, цара кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана тӀаьхьа шайн геланчаш бохуьйтура. Уьш схьабаьхкича, хьо, хьайн юьхь а юьлий, бӀаьргашна басар а хьокхий, хьайна тӀе жовхӀарш а духий, дӀахӀуттура. 41ТӀаккха шу хаза кечбинчу метта довлура. Цу метта хьалхахь лаьтташ хаза кечйина стол а хуьлура, цунна тӀехь лаьтташ Сан хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, Сан даьтта а долуш. 42Хьан цӀенна чуьра хезаш хуьлура тойне гулъеллачу тобанан гӀовгӀа. Оцу тойне схьабалабора яьссачу аренгара мелла болу нах. Цара зударшна хаза хӀазарш а, исбаьхьа таьжнаш а лора. 43ТӀаккха Аса элира: „Нахаца а лелаш, ямартло еш йолу и зуда гӀелъеллехь а, цуьнца божарша кхахьпалла леладо“. 44Божарий юх-юха а иза йолчу оьхура, кхахьпа долчу санна. Иштта боьха лелаш йолчу УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀеоьхура уьш. 45Амма бакъахьа лелаш болчу божарша царна бехк буьллур бу. Цара кхел йийр ю царна, нахаца лелаш а, цӀий Ӏенош а болчу зударшна санна, хӀунда аьлча уьш нахаца лелаш а бу, церан куьйгаш цӀийх дуьзна а ду». 46Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Схьагулъе адамийн тоба, цаьрга УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀехь ницкъ байта а, къола дайта а. 47Цул тӀаьхьа гулбеллачеран тобано царна тӀе тӀулгаш кхуьссур ду, таррашца уьш цоьстур а бу, цу зударийн кӀентий а, зудабераш а дойур а ду цара, иштта церан цӀенош а дохор ду. 48Ас иштта сацор ду кху махкахь боьха лелар, кхиболчу массо а зударшна хӀара хӀума дӀахьедар а деш, уьш нахаца ца лелийтархьама. 49Шуна таӀзар дийр ду шун боьха лелар бахьана долуш, иштта цӀушна Ӏамал а еш, аша летийначу къиношна жоп дала дезаш а ду шу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла».
Copyright information for
CheCAC2012