‏ Ezekiel 25:15-17

ПӀелаштамхойн къомана дуьхьал болу Делера хаам

15 aИштта боху Хьалдолчу Эло: «ПӀелаштамхоша къиза бекхам бора, ЯхӀудан халкъах уьш даггара кхаьрдара, бӀешерашкара дуьйна йолчу шайн инкарлонца халкъ хӀаллакдар лоьхура. 16И хӀума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дӀакховдор ду пӀелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дӀабохур бу, хӀордан йистехь бисина берш а хӀаллакбийр бу. 17Ас чӀогӀа бекхам бийр бу, Сайн дераллица царна таӀзар а деш. Ас шайна тӀехь бекхам бича, хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
Copyright information for CheCAC2012