Ezekiel 3
1 aЦо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайна хьалхара гуш дерг дӀадаа, дӀадаа и хьарчийна тептар. Цул тӀаьхьа, ваха а гӀой, Исраилан халкъе вистхила». 2ТӀаккха Аса сайн бага гӀаттийра, Цо соьга и тептар дӀадаийтира. 3ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн кийра Ас хьайга дӀалучу хӀокху тептарх буза, иза дӀа а кхаллий». И тептар аса дӀакхаьллира, тӀаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дӀахӀоьттира. 4Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Исраилан халкъ долчу а гӀой, цаьрца Сан дешнашца къамел де. 5Аса хьо хьуна хууш боцу а, хийра а мотт буьйцучарна тӀе ца вохуьйту, амма Исраилан халкъ долчу вохуьйту. 6Аса хьо ца вохуьйту, хьуна ца бевза хала мотт буьйцучу дуккха а долчу къаьмнашна тӀе. Уьш болчу а вахана, цаьрга хьо вистхилча, цара хьоьга ладугӀур дара. 7Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугӀур дац, хӀунда аьлча цунна Соьга ладогӀа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чӀогӀа дегнаш долуш а ду. 8Амма Аса хьо, уьш санна къар ца луш а, чӀогӀа дог долуш а вина, дӀахӀоттор ву. 9Алмаз тӀулгал а чӀогӀа ду, иштта чӀогӀа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а». 10Цо соьга кхидӀа а элира: «Адаман кӀант! Ас хьайга мел олу дош хьайн дагца тӀеэца, хьайн лергашца дӀа а лаца. 11Бавел-махка йийсаре дӀабигначу хьайн къомах берш болчу а гӀой, цара хьоьга ладогӀахь а, ла ца догӀахь а, цаьрга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“» 12ТӀаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тӀехьа суна чӀогӀачу гӀовгӀанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Ӏаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!» 13Суна иштта дийнатийн тӀемаш вовшахъхьекхалуш а хезира, царна уллорачу чкъургаша еш йолу гӀовгӀа а хезира. Иза стигал къекъарх тера яра. 14Делан Сино со, хьала а айина, дӀаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тӀехь чӀоггӀа лаьтташ. 15Тал-Авивехь Кабар-хина уллохь Ӏаш болу йийсарехь берш болчу вахара со. ВорхӀ дийнахь Ӏийра со цигахь, царна юкъахь, чӀогӀа догдоьхна а волуш.Везачу Эло Яхьазкхиалх гӀаролхо вар
(Яхьазкхиал 33:1-9)
16ВорхӀ де дӀадаьлча, соьга Везачу Элан дош кхечира: 17«Адаман кӀант! Ас Исраилан халкъан гӀаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедар дан деза ахьа. 18Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“алахь, ахьа цуьнга иза дӀаала деза, цу стаге, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедан а деза, цуьнга шен са кӀелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду. 19Амма ахьа цуьнга дӀахьедар динчул тӀаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду. 20Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду. 21Нагахь ахьа бакъахьа лелачуьнга, къинош ма летаде аьлла, дӀахьедахь, ткъа цо къинош а ца летадахь, иза билггал дийна вуьсур ву, хӀунда аьлча цо тидам бира шега динчу дӀахьедарх. Ткъа хьо хьайн са кӀелхьардаьккхина хир ву».Яхьазкхиал вистхилалур вац
22Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, Цо соьга элира: «Хьала а гӀаттий, аренга дӀагӀо, цигахь Со вист хир ву хьоьга». 23Хьала а гӀаьттина, со аренга дӀавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТӀаккха со сайн юьхь лаьтта тӀе кхачош охьавуьйжира. 24ТӀаккха, суна чу Делан Са а доьссина, Цо со когаш тӀе ирахӀоттийра. ТӀаккха Иза соьга вистхилира: «Хьайн цӀа а гӀой, цу чохь дӀакъовлало. 25Хьо, адаман кӀант, машшашца дӀа а воьхкур ву, хьо нахана юкъахь ца лелавалийтархьама. 26Ас хьан мотт хьан къамкъаргах дӀалатор бу, хьо вист ца хилавалийтархьама а, хьоьга и нах дӀа ца хьебайтархьама а, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду. 27Цул тӀаьхьа, Ас хьоьца кхидӀа а къамел дича, хьан бага хьалагӀатталур ю, хьан цаьрга ала йиш хир ю: „Хьалдолчу Дала иштта боху!“ЛадогӀа луучо ладогӀа, ладогӀа ца луучо ла ма догӀа, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду».
Copyright information for
CheCAC2012