‏ Ezekiel 39:17-20

17 aАдаман кӀант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дӀаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагӀа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагӀа ду, цигара дилха а даа, цӀий а мала. 18Аша майрачу тӀемалойн дилха дуур ду, Лаьттан элийн цӀий а мер ду, ткъа уьш Башанехь дустийна уьстагӀий а, Ӏахарий а, гезарий а, стерчий а санна хир бу. 19Аша шаьш дуззалц мохь а юур ю, шаьш даххалц цӀий а мер ду, Ас шайна даьккхинчу сагӀанах. 20Сан шуьна тӀехь шу дуззалц яа говраш а, дошлой а, майра тӀемалой а, иштта массо а тайпана эскархой а хир бу’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Copyright information for CheCAC2012