Ezekiel 41
1Цул тӀаьхьа цо, со Делан цӀийнан езачу чоьнна чу а валийна, пенан гӀортораш юьстира. Церан хӀора а агӀонан шоралла ялх-ялх даларан барам хилира – иштта яра хӀора пенийн гӀорторийн шоралла ▼▼Иштта яра хӀора гӀорторан пенан шоралла – иштта дӀаяздина ду ширачу грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь иштта дӀаяздина ду: четаран шоралла.
. 2Чуволу меттиг итт дол шуьйра яра, цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш пхиппа дол яра. Еза чоь йохалла шовзткъа дол яра, ткъа шоралла – ткъа дол яра. 3ТӀаккха, чухуларчу чоьнна чу а ваьлла, чуволучун пенийн гӀортораш юьстира цо. Церан хӀораннан а шоралла ши дол яра. Чуволучун шоралла ялх дол яра, ткъа цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш ворхӀ-ворхӀ дол яра ▼▼Ширачу грекийн гочдар тӀехь: цуьнан шина агӀонгахь долу гӀорторан пенаш ворхӀ-ворхӀ дол дара. Ӏебархойн тептар тӀехь: чуволучун шоралла ворхӀ дол яра.
. 4Цул тӀаьхьа цо ерриг а чоь юьстира. Иза йохалла ткъа дол яра, оццул шуьйра а яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара меттиг уггар еза чоь ю». Делан цӀийнан агӀонгахь йолу чоьнаш
5Цо Делан цӀийнан пен буьстича, иза ялх дол хилира, ткъа цу цӀийнан агӀонашкахь йолу чоьнаш юьстича, церан шоралла диъ дол хилира. 6Делан цӀенна тӀехоьттина кхаа гӀота тӀехь агӀонгара чоьнаш ткъе итт-итт яра. Делан цӀенна гонах долчу оганна тӀехь терхеш яра, агӀонийн чоьнийн тӀеш царна тӀедахкархьама, и тӀеш Делан цӀийнан оганашна чу а ца диссош. 7ХӀора лакхарчу гӀотан агӀор чоьнаш шорлуш яра, хӀунда аьлча Делан цӀенна гонах долу ога лаха мел дели шорлуш дара. Иштта, Делан цӀийнан шоралла цхьана гӀота тӀера вукху гӀота тӀе кхаччалц хийцалора. Лахарчу гӀота тӀера лакхарчу гӀота тӀе юккъерачу гӀота тӀе а волий, хьалавалалора. 8Суна гира, дерриг а Делан цӀенна гонах хьалабоьттина бух бара. Иза агӀонашкахь йолчу чоьнашна лерина бара. Цуьнан локхалла цхьана гӀожан барамехь яра, ялх дол а йолуш. 9ЦӀийнан агӀонашкара йолчу чоьнийн пенаш пхи дол шуьйра дара. Цу чоьнашна а, 10Делан цӀенна гонах йолчу чоьнашна а юкъахь ткъа дол хиллал меттиг яра. 11АгӀонгарчу чоьнашна чуволу меттигаш яьссачу меттигна тӀейоьдура. Чуволу цхьа меттиг къилбаседехьа яра, важа – къилбехьа яра. Пхеа даларна агӀорчу чоьнийн бух яьссачу меттигна чубогӀура, дерриг а Делан цӀенна гонах. 12Малхбузехьа йолчу Делан цӀийнан майданна хьалха лаьтташ йолу гӀишло кхузткъе итт дол шуьйра яра. Цу гӀишлон пенан шоралла пхи дол яра, ткъа цуьнан йохалла дезткъе итт дол яра.Делан цӀийнан барамаш
13Цул тӀаьхьа цо Делан цӀа дуьстича, иза дохалла бӀе дол дара, ткъа шена тӀехь и гӀишло лаьтташ йолу малхбузера майда юьстича, цуьнан йохалла а бӀе дол яра. 14Делан цӀенна хьалха малхбалера майда юьстича, иза а шоралла бӀе дол яра. 15Делан цӀенна тӀехьа йолчу майданна дуьхьал лаьтташ йолчу гӀишлойн йохалла, цуьнан шина а агӀонгахь йолчу чоьнашца цхьаьна, юьстира цо. Иза а бӀе дол хилира. Делан цӀийнан йоккха чоь а, чухулара чоь а, уче а, 16неӀсагӀанаш а, дӀакъевлина кораш а, кхаа гӀота тӀехь агӀонашкара чоьнаш а – неӀсагӀина дуьхьал мел йолу хӀума дечиган турсашца кхелина яра. И турсаш дара лаьтта тӀера корашна тӀе кхаччалц. Кораш а дӀакъевлина дара дечигаца. 17Иштта, чухуларчу чоьнна чуволу меттигна тӀехула а дечиган турсаш дара. Гобаьккхина массо а пенаш тӀехь, чохь а, арахь а, билгалъяьхначу меттигашкахь, 18каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара дехкина. ХӀора хурма-дитт шина каруб-маликана юккъехь дара, хӀора каруб-маликан шишша юьхь яра. 19Цхьана агӀонгара хурма-диттана тӀе йирзина адаман юьхь яра, ткъа вукху агӀонгара – лоьман юьхь яра. И тайпа суьрташ Делан цӀийнахь массанхьа а дехкина дара. 20Лаьттара дуьйна чуволучунна тӀехула йолчу меттигна тӀе кхаччалц каруб-маликаш а, хурма-дитташ а дара. Уьш иштта Делан цӀийнан пенашна тӀехула дехкина а дара. 21Делан цӀийнан йоккхачу чоьнна чуволучохь болу гур беакӀов бара. Уггар езачу чоьнна хьалха цхьа хӀума яра лаьтташ. ДӀахьаьжча, 22иза дечигах бинчу сагӀа доккхучу кхерчах тера яра. И кхерч кхо дол лекха а, ши дол шуьйра а бара. Цуьнан маьӀигаш а, бух а, агӀонаш а дечигах йина яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара Везачу Элана хьалха лаьтташ йолу стол ю». 23Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан а, уггар езачу чоьнан а шишша неӀ яра. 24И неӀарш шишша дакъа долуш яра, хӀора дакъа меттахдаккха йиш йолуш дара. Шиъ цхьана агӀор, ткъа важа шиъ – вукху агӀор. 25Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан неӀарш тӀехь дехкина, пенаш тӀехь дерш санна долу, каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара. Ткъа ученна хьалха дечигах йина лаба яра. 26ДӀакъевлина кораш а, дехкина хурма-диттийн суьрташ а дара шинна а агӀор – ученан а, агӀонашкарчу чоьнийн а, лабанийн а агӀонашкахь.
Copyright information for
CheCAC2012