‏ Ezekiel 48:30-35

Ярушалайман кевнаш

30 a«ХӀорш ю гӀалина чуьра араволийлаш. ГӀалин къилбаседехьа йолу агӀо йохаллехь йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю. 31ГӀалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цӀераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхӀудан а, Левин а цӀераш йолуш хир ду. 32Малхбалехьа йолу агӀо а йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю йохаллехь, цигахь а кхо ков хир ду: Юсупан а, Бен-Яманан а, Данан а цӀарах. 33Къилбехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол. Цигахь а хир ду кхо ков: ШимӀин а, Иссарханан а, Забулан а цӀарах. 34Малхбузехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол йохаллехь. Цу агӀонгахь долу кхо ков Гадин а, Ашаран а, Напталан а цӀарах хир ду. 35ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“аьлла, хир ю».
Copyright information for CheCAC2012