Ezekiel 6
ЦӀушна Ӏибадат дарна дуьхьал хилар
1Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 2«Адаман кӀант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга. 3Цаьрга ала: „Исраил-махкара лаьмнаш! ЛадогӀа Хьалдолчу Элера долчу даше. Лаьмнашка а, гунашка а, боьранашка а, тогӀешка а Хьалдолчу Эло боху: Шуна тӀе тур хьажор ду, шун сагӀа доккху гунаш дохорхьама. 4Шун сагӀа доккху меттигаш яссийна хир ю, ткъа хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш хӀаллакйина хир ю. Байъиначеран декъий Ас шун цӀушна хьалха охьакхуьссур ду. 5Исраилхойн декъий Ас церан цӀушна хьалха охьадохкур ду, ткъа шун даьӀахкаш шун сагӀа доккхучу меттигашна гонах охьакхуьссур ю. 6Шу дехаш йолу массо а гӀала яссийна хир ю, шун сагӀа доккху гунаш дохор ду, иштта шун сагӀа доккху меттигаш яссийна а, йохийна а хир ю, шун цӀуш кегбина а, хӀаллакбина а хир бу, хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш кегйина хир ю, аша шайн куьйга мел йинарг дӀаяьккхина хир ю. 7Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. 8Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тӀамах кӀелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дӀасабаржийна хир бу. 9Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Ӏаш болчу хенахь, Со дагавогӀур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дӀадовларна а, церан бӀаьргашца цӀушна тӀаьхьахӀиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хӀуманаш а, шаьш мел дина дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш. 10Царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла а, Айса царна бохам боккхур бу Аса эрна аьлла доцийла а“». 11Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло соьга элира: «Куьйгаш вовшах а детташ, когаш а бетташ, дӀаала: „Жолам-яӀ!“, исраилхоша лелийна долчу дерриг а вочу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Уьш тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш хӀаллакьхир ма бу. 12Генахь верг Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву, уллохь верг туьро вуьйр ву, ткъа дийна бисинарш мацаллех лийр бу. Иштта охьайоссор ю Аса царна тӀе Сайн оьгӀазалла. 13ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хӀаллакбина болу уьш шайн цӀушна юкъахь а, шайн сагӀа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тӀехь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а, хӀора тӀехь гӀа долчу дитта кӀел а, иштта шен гаьннаш дӀаса дахийтинчу ножан диттана кӀел а – шаьш хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цӀушна лерина ягийначу массо а меттехь – шаьш Ӏохкучу хенахь. 14Сайн ницкъ царна тӀе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тӀера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гӀалина тӀекхаччалц Ас дассийна дӀахӀоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
Copyright information for
CheCAC2012